Мáлик Ибн Дийнáра (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла:
1. «Шеца охьахиъча диканиг схьадолуш мел воцу накъостах генавала хьо». Аз-ЗухIд Ли-бни Аби Iáсим, 86.
2. «Нагахь хьайн дог (тIулг санна) чIагIделла, дегI гIелделла, рицкъ дIахаьдда хьайна хаалахь, хьуна хаалахь хьайга ца догIург айхьа дийциний». Файдул-къадийр, 1/286.
3. «Адамана хьарам долу цхьа дирхIам (сом) Iаддитар гIоли ма ду, бIе эзар дирхIам сагIина лучул». ЖавáхIирул-Iилмми, 5/1125.
4. «АллахIан къамелах самукъа а ца долуш нехан къамелех самукъадуьйлуш волчуьнан Iилма кIезиг ду, дог бIаьрзе ду, шен дахар (эрна) дойъуш а ву иза». Ровдатул Iукъалáъ, 85.