button-2888 button-2888 button-2888 button-2888

Ибн Хьиббáн

Ибн Хьиббáна (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:

1. «Вежарий хало тIехIоьттича бевза. ХIунда аьлча, паргIатонехь массо а хуьлун дела доттагI. Ткъа вежарех уггаре а вониг — шен вежарашна цхьа хIума хьашт хилча, я царна тIе хало еача, царна гIо а ца деш уьш дIатеснарг ву». Ровдатул-Iукъалáъ, 221.

2. «Шелла а лахарчунна куралла йийриг, шелла а лакхарчунга АллахIа сийсазвайтиний бен гина ма вац суна». Ровдатул-Iукъалáъ, 93.

3. «Наха шайн вежаршна совгIаташ дар дика хета суна. ХIунда аьлча, совгIато безам а кхуллу, хьагI-гамо дIа а йоккху». Ровдатул-Iукъалáъ, 242.