Имам Iабдуррахьман ибн Iамр ал-АвзаIийс (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла:
1. «Бусалба стага кIезиг къамел до, шортта Iамал йо. Мунепакъ стага шортта къамел до, кIезиг Iамал йо». Хьаятус-салаф, агIо 600.
2. Имам АвзаIийс (хIижрийн рузманца 157 ш. кхелхина волу, АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла: «Тхо а, дуккха а табиIунаш а олуш дара: «Веза-Сийлахь АллахI Шен Iаршан тIехула ву, суннатехь Цунах лаьцна дийциначу сифаташка ийман диллина (тешаш) а ду тхо».
3. «Стага цхьаьнца «ин шаа АллахI (Даламукъалахь)» аьлла чIагIо яхь, ша и олучу хенахь дагчохь иза кхочуш дан ойла а йоцуш, иза мунепикъаллин билгало ю».
4. «БидIаташ гучудевлча Iеламнаха царна инкарло ца яхь, суннат а хуьлий дIахIуьтту уьш». Шарафу асхьабил хьадис 1/22.
5. АвзаIийс (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла, цхьана стаге элира ша аьлла: «ГIийбат а ца деш, хьагI а ца лелош, ца безам лелош а боцуш болу наханна лулахь цIа дезара суна», аьлла. ТIаккха, цу стага кешнашка а вигина элира соьга: «ХIоккхахь бу хьуна».
6. Имам АвзáIега хаьттина: «Ийман хьаладолий» — аьлла? ТIаккха цо аьлла: «ХIаъ, долу, лаьмнаш санна (доккха хиллал) хьаладолу, иштта охьа а долу, шех цхьа а хIума ца юьсуш». Ас-Сунна лил-Лалакáий, 5/1030.
7. «Буьйсанаш дуккха а (ламазашкахь) ден йиначунна, АллахIа къематдийнахь латтар а атта дийра ду». Сияру аIлáми ан-Нубалáъ, 7/119.
8. «Нахалахь цхьаверг хуьлу ша наха хестор дезаш, амма АллахIана гергахь чуьркан тIоман мехха а ца хуьлу иза». Хьилятул-авлияъ, 8/255.
9. «Вота а, эшарийн гIирсаш а болчу тойне ма гIолахь». Áдáбуз-зифáф, 165.