button-2888 button-2888 button-2888 button-2888

Бусалба вешина къитIера валар

Имам Ахьмад Ибн Хьанбала (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла: «Хьайн бусалба вешина къинтIера вала. Хьуна хIун пайда хуьлу, АллахIа хьо бахьанехь цунна Iазап дича?!». سامح أخاك وما ينفعك أن يعذب الله أخاك المسلم بسببك Сияру аIлами ан-Нубалаъ, 11/262. […]

Рузбан дийнахь доIина жоп ло хан ларъяр

«СаIийд ибн Жубайра, Рузбан дийнахь, малхбуз-ламаз динчул тIаьхьа малх чу буззалц, цхьаьнге къамел ца дора, доIина жоп ло хан ларъеш». ФикъхIун-нафс, 115.

Шен бала боцург лелор

Имам ал-Хьасан ал-Басрийс (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла: «Стага шен бала боцург лелош хилар, АллахIа и лай дIатесна хиларан билгало ю». ФикъхIун-нафс, 221.

Iилманга вай хьашт хилар

Имам Ахьмад Ибн Хьанбала (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла: «Нахана Iилма бепигал а, хинал а алсам хьашт ду. ХIунда аьлча, Iилма массо а хенахь оьшу, ткъа бепиг а, хи а дийнахь цкъа я шозза бен ца оьшу». ФикъхIун-нафс, 302.

ЖамаIат ламаз лардар

Сулайма́н ибн Хьамза ал-Макъдисийс (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла: «Шозза бен парз ламаз айса цхьалха дина дац ас. И ши ламаз айса дина аьлла хеташ а вац со (жамаIатца и шиъ цадар бахьана долуш)». Цо и олучу хенахь, дезткъе итт шо хилла цуьнан. ФикъхIун-нафс, 109.

Бакъдолуш, ойла ян догIуш хIума ду иза!

Цхьаьна доттагIчо шен кхечу доттагIчуьнга хаьттина: «1000 сом алапа а оьцуш, шен цIахь болх бар гIоли ду, я шен цIенна 300 метр бен генахь йоцчу меттигехь 27 000 сом алапа а оьцуш болх бар гIоли ду?» — аьлла. ДоттагIчо вела а велла жоп делла: «Шеко йоцуш, шен цIенна 300 метр бен генахь йоцчу меттигехь […]

ХIай дегI!

Имам Ибнул-Жавзийс (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла: «ХIай дегI! Цхьа кIеззиг кIадло хьо, Фирдавс ялсаманехь дуккха а садоIур ду ахь». يا نفس اتعبي قليلاً، تستريحي في الفردوسِ كثيراً ЛатIáифул-маIáриф, 304.

Къинан тешаш

«Къемат дийнахь ахь латийнчу къинна тешалла дийр ду АллахIа а, маликаша а, матто а, куьйгаша а, когаша а, хазаро а, бIаьрсино а, чкъуро а, жижиго а, даьIахкаша а, ахь и къа латочу хенахь хьешна долчу лаьтто а».

Хьайн мотт ларбе

Шайх Мухьаммад ибн Салихь ал-lусаймийнас (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла: «Хьайн мотт ларбе. Бакъдолуш, ахь мел олург, тептар тIе дIаяздеш ду хьуна. Юха, къемат-дийнахь, хьуна хьалха дуьллур долуш а ду хьуна и». احفظ لسانك فإن الصحف سوف يُكتب فيها ‏كل ما تقول وسوف تنشر لك يوم القيامة Тафсир жуз Iамма, 73. […]

Бакъболу бала

Имам Ибнул-Къаййим ал-Жавзийс (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла:«Бусалба динах хьакхалуш боцу муьлха а бала атта бала бу. Ма-дарра аьлча, и (дуьненан бала) ниIмат ду. Бакъболу бала, бусалба динехь зуьйш тIебеана болу бала бу». كُلَّ مُصِيبَةٍ دُونَ مُصِيبَةِ الدِّينِ فَهَيِّنَةٌ، وَأَنَّهَا فِي الْحَقِيقَةِ نِعْمَةٌ، وَالْمُصِيبَةُ الْحَقِيقِيَّةُ مُصِيبَةُ الدِّينِ Мада́рижус-са́ликийн, 1/306 […]