button-2888 button-2888 button-2888 button-2888

Лайлатул-къадр буьйсанна йича дика йолу Iамалш

«Лайлатул-къадр буьйсанна а, (мархийн беттан) тIаьххьарлерачу итт буьйсанна а йича уггаре еза, дика йолу Iамалш — ламазаш дар, Къуръан дешар, доIанаш дар ю. Ткъа уггаре гIолехь, деза дерг — и кхо Iамал цхьаьна яр ду, Къуръан а доьшуш дехха ламазаш деш, иштта, сужудехь дехха доIанаш а деш». Шайх Iабдул Iазийз ат-ТIарийфий […]

Мотт санна чу йолла езаш хIумма а яц

ХIокху деношкахь догIмаш чу доьхкина совцийна ду. Амма, мотт хецна бу: гIийбаташ деш, эладиташ дуьйцуш, даьсса, пайда боцу къамелаш деш, кхердаш, бакъдоцу къамелаш даржош. Ибн ал-Къаййима аьлла: «Лаьтта букъ тIехь мотт санна чу йолла хьакъ долуш цхьа а хIума яц». Я АллахI! Тхан меттанаш Хьо хьехорца тIуьна латтаде Ахь. Амин! […]

Хьо бакъонна тIехь вара аьлла зен ца зуьш вуьтур вац

«Хьо бакъонна тIехь вара аьлла зен ца зуьйш а я бала ца хьоьгуш а вуьсур вац. Пайхамарех Яхья а, Закария́ а вийна, Муса махках ваьккхина, Юсуф набахти чу воьллина. Ткъа пайхамарийн эла волу Мухьаммад лаьцна а латтийна, етта а йиттина цунна, махках а ваьккхина иза. Цул тIаьхьа бакъо тоьлла». Шайх Iабдул-Iазийз ат-ТIарифий […]

Муъманах массо хьолехь а синтеме хуьлу

Муъманехан куьцашха ду, берриге нах хьере хилла, кхерамехь болчу хенахь, АллахIа церан дегнаш чу синтем боссош хилар. Сийлахь — Везачу АллахIа аьлла: «АллахI ву, муъманехан дегнашка синтем боссийнарг, шайгахь долчу ийманна тIе кхин а ийманехь уьш совбахархьама…» Сурат «ал-Фатхь», 4 аят. ХIай везан Дела! Тхуна тIе синтем боссабехьа! Тхо ийманехь а, Хьо везарехь а […]

Салаваташ дукха дахкаро — баланаш юхатуху

«Iаьржа ун а, кхин долу даккхий баланаш а юхатухучу бахьанех уггаре доккха бахьана, Пайхамарна дуккха а салаваташ дахкар ду (саллалло́хIу IалайхIи ва саллам)». Базлул-ма́Iу́н фи́ фадли ат-тIа́Iу́н, 333. — Ибн Хьажар

Дена-нанна дика волчуьнан вон чеккхе хир яц

«Шен дена-нанна дика хилла волу доьзалхо, лечу хенахь вон чеккхе а йолуш лийр вац». СаIийд ибн ал-Мусаййиб (АллахIа къинхетам бойла цунах). Тарих ибн МаIийн, 2/228.

Шен дог АллахIах хоьттинарг, синтеме хир ву

«Шен дог нахах хоьттинарг, церан неIарш шена чIаьгIна карийча я шен хьашт кхочуш дан церан ницкъ ца кхаьчча, сингаттаме хир ву. Амма, шен дог АллахIах хоьттинарг, синтеме хир ву, хIунда аьлча, Цуьнан неI цкъа а къовлуш яц я хьашташ кхочуш ца далуш И кIелвуьсуш а вац».

Ваьшца мукъане а бакълей вай?!

Дийнахь 100 хаам бешало вайга вешан тилпонаш тIера. Амма, Къуръан тIера 10 аят ца дешало вайга, и деша хан яц бохуш! Ваьшца мукъане а бакълей вай?!

Юхь-дуьхьала хастийча олуш дерг

Цхьаболчу салафша аьлла: «Юьхь-дуьхьала ша хастийначо олийла: «Я АллахI! Царна къайлах долу сан къиношна гечде Ахь, цара со хесторна со бехке ма ве Ахь, царна моьттучулла а со дика а ве Ахь»». Фатхьул-Бáрий, 10/478.

Iуьйренан хIаваъ

Цхьаьна хьекъалче цхьамма хаьттина: «Iуьйра ламазан хенахь хIаваъ цIена хIунда хуьлу?» — аьлла. Хьекъалчо аьлла: «Дера хуьлу, цу хенахь мунепикъаш бийшина хуьлун дела».