button-2888 button-2888 button-2888 button-2888

Нах буьйцуш ма лела

Iумар ибн ал-ХаттIаба (АллахI реза хуьлда цунна) аьлла: «Нах буьйцуш ма лелалаш, уьш бийцар бала бу шуна. АллахI хьехаве аша, И хьехор къинхетам бу шуна». МавсуIа ибн Аби ад-Дуня, 7/137.

Тамашбича олуш дерг

Цхьаболчу салафша аьлла: «Нагахь цхьамма шен хьолах я шен даьхнех я шен доьзалх тамашбахь, цо олийла: “Ма́ша́ АллахI, ла́ къуввата илла́ биЛла́хI”». АллахIана лиънарг ду! Хьал хийца ницкъберг АллахI бен вац! Тафсир ибн Касийр

Бекхам боцуш дуьйсаш хIумма а дац

Сийлахь-Везачу АллахIа аьлла: وَلَا تَحْسَبَنَّ اللَّهَ غَافِلًا عَمَّا يَعْمَلُ الظَّالِمُونَ إِنَّمَا يُؤَخِّرُهُمْ لِيَوْمٍ تَشْخَصُ فِيهِ الْأَبْصَارُ «Хьуна ма моттийла АллахI хууш вац зуламхоша лелориг. Бакъдолуш, бIаьргаш къаьрзан долу [къемат] де тIекхаччалц буьтуш бу Цо уьш». Сурат: ИбрахIим, 42 аят. Маймун Ибн МихIрана аьлла: «ХIара аят зулам хиллачунна синтембеш а, зуламхочунна кхерам тосуш а ду». […]

Ламаз цадийриг…

«Ламаз цадийриг къул а, зина дечул а, къаьркъа муьйлучул а, вахош йолу буц уьйзучул а вон ву». Ибн Таймия — МажмуIул-фатава, 22/50.

Хьайна дика Iамал ян дагадагIахь цунна тIеверзалахь

Суфъян ас-Саврийс (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла: «Хьайна эхартар балхах цхьа болх коьрте багIахь цунна тIеверзалахь, и барехь сихо а елахь хьайний, цунний юккъе шайтIа далале». Хьилятул-авлияъ, 7/83.

Зудчунна дика дерг

Суфъян ас-Саврийс (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:«Зудчунна шен хIусамал дика хIума ма дац, иза къанъелла йоккха стаг елахь а». ат-ТамхIийд лима́ фил-муваттIаъи минал-маIа́ни вал-аса́нид, 23/402.

АллахIан динна гIодар

АллахIан динна гIодеш воцург, АллахIера гIо кхачаре ма хьоьжийла. «Нагахь аш АллахIана (Цуьнан динна) гIо дахь, Цо шуна а дийр ду гIо». Къуръан 47/7. Шайх Iабдул-Iазийз ат-ТIарийфий

Нах хIаллакьхиларан бахьана

ХIила́л ибн Хаббáба аьлла, ас СаIийд ибн Жубайре хаьттира: «Нах хIаллакьхиларан билгало хIун ю» — аьлла. ТIаккха цо элира: «Царна юкъара Iелимнах дIабовлар ю» — аьлла. Сияру аIлáми ан-Нубалáъ, 4/326.

Къуранаца вехаш волчулла а, вехаш стаг хир вац

Ал-Къасим ибн Салама (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:«Къуръан дагахь хууш (цуьнца Iамал еш) волчунна мегар дац хIокху лаьтта тIехь шелла а вехаш стаг ву аьлла хета, дерриг дуьне долахь долуш и велахь а». ГIарибул-хьадис, 2/171.

ХАЛОНАШ А, САТИЙСАМАШ А

Хьайн лаккхара сатийсамашка хьо кхочур ма вац, дуккха а халонаш ахь Iовшалца. Юьхьанца халонийн къаьхьалла ца Iевшинчунна, чаккхенгахь сатийсаман марзо хаалур яц. Халонийн къаьхьалло хьо юха ма воккхийла, сатийсаман марзоне кхачарха Иза АллахIан суннат ду, Шен халкьана юккъехь Цо лелош, Цунна лиъначунна бен хуьлуш дац и (Сийлахь-Лекха ву И). […]