button-2888 button-2888 button-2888 button-2888

Тоба дIа ма тетта

Лукъманул-Хьакима шен кIанте аьлла: «Сан кIант! Тоба тIаьхьа ма тетталахь, валар цIаьххьана догIу хьуна». يَا بُنَيَّ لَا تُؤَخِّرِ التَّوْبَةَ، فَإِنَّ الْمَوْتَ يَأْتِي بَغْتَةً Ибнул-Жавзий — ат-Табсира, 34.

3. Элчанан ﷺ дийцар — Ахьмад Абу Яхья

3-гIа дакъа: Телхина Iалам 1-ра дакъа — скачать http://islamanserlo.net/audiosh/ahmad_abu_yahya/siyrat/3.siyrat.mp3

АЛХЬАМДУЛИЛЛАХl

«Хьайна кериста стаг гича, хьо бусалба хиларна АллахIана хастам бе ахь. Хьайна Iеса стаг гича, хьо АллахIах кхоьруш хиларна Цунна хастам бе ахь. Хьайна ЖехIил стаг гича, хьайгахь Iилма хиларна АллахIана хастам бе ахь. Хьайна баланашца цхьаъ зуьйш гича, хьо маьрша-могуш хиларна АллахIана хастам бе ахь». Шайх Iáид ал-Къарний — Ла тахьзан, 412. […]

АллахIан къамелах самукъа ца долушверг

Мáлик Ибн Дийнáра (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла: «АллахIан къамелах самукъа а ца долуш нехан къамелех самукъадуьйлуш волчуьнан Iилма кIезиг ду, дог бIаьрзе ду, шен дахар (эрна) дойъуш а ву иза». Ровдатул Iукъалáъ, 85.

Доьзалхочо йина йолу Iамалах мел дена-нанна кхочуш бу

«Делах кхоьруш волу дикачу доьзалхочо еш йолу дика Iамалийн ме́л, цунна санна цуьнан дена-нанна а хуьлуш бу, цуьнан ме́лах хIумма а эша а ца деш. ХIунда аьлча, и доьзалхо царшимма къахьоьгуш кхиийна волун дела». Шайх Мухаммад Насуруддин ал-Албаний

Цкъа а ойла йиний ахь?

Ялсаманин охIлунах лаьцна АллахIа хIоттийна долчу суьртан цкъа а ойла йиний ахь? «МагIаршкахь дIахIиттийначу маьнгеш тIехь дIатевжина хир бу уьш…». Сурат ат-ТIу́р, 20 аят. «Чухула ездари тесна долчу гоьнашна тIе дIатевжина хир бу уьш…». Сурат ар-Рохьма́н, 54 аят. «Баьццарачу гIайбанашна тIе кортош а дехкина, тIеххазачу гоьнашна тIе дIатевжина хир бу уьш». Сурат ар-Рохьма́н, 76 […]

АллахIаца йолу дог-ойла

«Массо хIуманехь а, Делаца йолу хьайн дог-ойла дика хилийталахь. АллахIаца вон дог-ойла хилар мунепикъийн куьцашха куц ду хьуна». «وَظَنَنْتُمْ ظَنَّ السَّوْءِ وَكُنْتُمْ قَوْمًا بُورًا» «…Вон ойланаш йир аша, хIаллакьхилла нах дара шу». Сурат ал-Фатхь, 12 аят.

Меттиго хьайна дуьхьала тешалла дарх ларлолахь!

Цхьаболчу Iелимнаха аьлла: «Цхьана меттигехь АллахIана Iеса хуьлуш ахь къа латийнехь, цу меттигехь АллахIана муьтIахь хуьлуш а дика Iамал е ахь; (астагIфируллахI бохуш) Деле гечдар доьхийла ахь я АллахI хьехавойла ахь я муьлхха а дика Iамал йойла ахь. Цу меттиго хьуна дуьхьала тешалла ма-дарра, хьоьгахьа а тешалла дийр ду хьуна цо». […]

Ахь нехан сакхташ дарждахь, хьайниш даржошверг карор ву хьуна

«Хьуна хаийла, хьайн бусалба вешин сакхташ ахь даржийча, хьан сакхташ даржошверг АллахIа хьуна а тIетосур вуйла, хьуна хьакъболу бекхам беш». Шайх ал-lусаймийн — Тафсир сурат ал-Хьужурат, 52.

Бала тIебоьссинчу хенахь къинош летор

ан-НуIман ибн Башийрас (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла: «Гуттар доьхнарг ду, бала тIебоьссинчу хенахь а къинош летор» ал-Бидая ван-нихIая, 11/680.