button-2888 button-2888 button-2888 button-2888

Бекхам боцуш цхьá а хIума дац

«Шелла лахарниг сийсазвеш, цунна тIехь куралла еш волчунна, шелла а лакхарниг карор ма ву ша сийсазвеш а, шена тIехь куралла еш а». Шайх Iабдул-Iазийз ат-ТIарифий

Массо хан вайна пайде ю, пайда эца хиъчахьана

Цхьана стага шен доттагIчуьнга хаьттина: «Хьайн хIусамера балха тIекхаччалца новкъахь мел хан йолу хьан?» — аьлла. Цо жоп делла: «Некъахь пробкаш йолчу хенахь 800 тасбихь даккхал хан йолу, ткъа некъ паргIат болчу хенахь 250 тасбихь даккхал хан йолу» — аьлла. Ма хаза жоп ду-кх иза! Цхьана сахьабийчо (АллахI реза хуьлда цунна), аьлла: «АллахIан элчанца (ﷺ) […]

ГIиллакхо санна толам бокхуш цхьá хIума дац

«Бакъон тIехь болчеран нийса дешнаш вочу гIиллакхаша эрчадоху. Ткъа харцон тIехь болчеран харц дешнаш хазачу гIиллакхаша хаздо. Ах бакъдерг хазачу гIиллакхаша дIакхачадо, баххаш даладале хьалха». Шайх Iабдул-Iазийз ат-ТIарифий

Iилма

Шайх Iабдур-Рохьман Насир Ас-СаIдийс (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла: Баккъала а Iилма, иза дегнаш чохь нур ду, дегнийн дахар ду иза, Iилманца АллахI вевзу, Iилманца АллахIан Iибадат до, Iилманца хьанал дерг хьарам долчух къастало, цIенадерг боьха долчух къастало, Iилманца дика нах вочу нахах къастало, ялсаманин охIлу жоьжахтин охIлунах къастало Iилманца. Iилма дацахьара нах хьайбнашах тера […]

Къа & ийман

Имам Ибнул Къаййим ал-Жавзийс (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла: «Айхьа цхьа къа латийначул тIаьхьа хьайн дагчохь хьуна бода (хорам) хаалахь, хьуна хаийла хьан дагчохь нур (ийман) дуйла. И нур цу чохь дацахьарий хьуна и бода хаалур бацара хьуна».

Боьха мотт

Шайх Жамáлуддин ал-Къосимийс (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла: «Боьха мотт лебар — иза сакхт ду, мегаш дац. Дагчохь боьхалла а, сийсазалла а хилар ду, боьха мотт бекабаран бахьан. Элчано (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) аьлла: «Варийлаш, боьха мотт ма бийцалаш, баккъалла а, АллахIана ца деза шуна (лайно) боьхадерг дар а, боьха мотт бийцар а»». [МавIизатул-муъминийн, агIо […]

Бераш кхетош-кхиор

Бераш кхетош-кхиор цкъа а хедаш йоцу, уггаре а езачу Iамалех Iамал ю. Шаьш мел Iамийна дикачу Iамалца цара Iамал яхь, цунах хуьлуш болу мел и Iаминачунна а хира бу. Ткъа нагахь санна цара шайна Iамийнарг кхин дIа шайн тIаьхьенна а дIахьехахь, дуьххьара Iамийна волчунна а мел хир бу цунах. Шайх Iабдул-Iазийз ат-ТIарифий […]

Нах бите хьайга хьажа

Ибн Iаббаса (АллахI реза хуьлда цунна) аьлла: «Хьайна цхьана стеган сакхташ дийца дагадеъча, хьайн сакхташ дагадахкийта ахь!». МавIизатул-муъминийн, агIо 365.

Нана

Нене хаьттина: «Хьайн берех дукха муьлхург деза хьуна?» — аьлла. Нанас жоп делла: «Царах цомгушниг, цунна гIоли хиллалца. Царах генахь дерг, иза цIа дерззалца. Царах жиманиг, иза доккха хиллалца. Уьш деригге а, со яллалца».

салаваташ дахкаран пайданаш

«Шен дог паргIат хила луъчо, (Дала) шен къиношна гечдан луъчо, сингаттам дIабала луъчо, гIайгIа дIаяла луъчо, Пайхамарна дукха салаваташ дохкийла (саллаллáхIу IалайхIи ва саллам)». Имам Ибнул-Къаййим ал-Жавзия