button-2888 button-2888 button-2888 button-2888

Марха кхабар а, тарáви́хь ламазаш дар а

СаIдан кIанта СахIлас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Баккъалла а, ялсаманин цхьа неI ю ар-Раййáн олуш, къематдийнахь марханаш кхаьбнарш гIура бу цу (неIарехула) чу. Уьш боцурш цхьа́ а гIура вац цу (неIарехула) чу. Олучо эра ду: «Марханаш кхаьбнарш мичахь бу?» ТIаккха уьш (цу неIарехула чу […]

Массо сино валар Iовшур ду

«Массо сино валар Iовшур ду». Сурат [Али Iимран, 185 аят]. Массара а боккхур бу валаран чам – дикачо а, вочо а, хьоладас а, къечо а, эсалчо а, курачо а… Ткъа массеран чаккхе и валар хирг хилча, ма декъалалла ю-кх шен дахар шен ницкъ ма-кхоччу Iибадат деш, нах АллахIан дине кхойкхуш, нахана пайде волуш шен Далла […]

Ларлуш хилалаш!

Шайх аш-ШанкъийтIис (АллахIа къинхетам бойла цунах), бах: «Хьо делкъа ламазе воьдуш хьан хьаж тIера долуш долу хьацар, терхьа ламазашкахь хьан бIаьргара долуш долу тIадамелла а дезох ду хьуна. ХIунда аьлча, хьалхарниг – парз ду, ткъа шолгIаниг – суннат ду. Мархийн баттахь делкъа а, малбуза а ламазаш ца деш вижина а Iуьллуш, юха терхьа а, Iуьйкъа […]

Суннатах таслахь, декъал хира ву хьо

Имам Ибнул Къаййим ал-Жавзийс (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла: «Суннатан охIлуно нехан къамелаш Iаддуьту, суннатан дуьхьа. Ткъа бидIат лелочара суннат Iаддуьту, нехан къамелашан дуьхьа». ас-СавáIикъ, 4/1603.

РАМАДАН БУТТ

Хlай бусалба нах! Баккъалла а, шу сийлахь, беркатечу батта чохь ду шуна, Рамадан бутт шех олуш болу. Шена чохь мархнаш кхобуш, буьйсанна ламазаш деш, Къуръан доьшуш, жоьжахатих лайш хьалхабохуш, къиношна гечдеш бутт бу иза. Шена чохь сагlанаш луш, диканаш совдоху бутт бу иза. Цу батта чохь ялсаманин неlарш дIайоьллу, дечу дикан ял совйоккху, йийлиначу ледарлонашна […]

Сан хьоме ваша!

Сан хьоме ваша! Бертте беана тIехIоьтти вайна мархийн бутт. И Рамадан бутт бу и, хийлаза АллахIах кхоьруш болучара шега сатийсина болу. И Рамадан бутт бу и, хийлаза дикачу нехан синоша шега сатийсина болу. Дерриг дика а, беркат а шена чохь долу цу батте дегнаша са муха тосур дацара?! Шена чохь шортта гечдар а, къинхетам а […]

Марша бохийла хьо мархийн бутт!

Тахана, я кхана маьркIиж молла ма-кхайкхинехь шайтIанашна буржулш тухур ду, ялсаманийн неIарш дIайоьллур ю. Ткъа иблиса, шена тIаьхьа телеканалашкахь даггара болх беш нах буьтур бу. Цундела, ларлолахь царах. Телевизорх дIахада, хьо ялсаманина гергавуьгун долчунга хьожур вацахь. Рамадан баттахь пайде ерзае хьайн хан. Цхьа кIеззиг денош дIалилхича вайх къаьстар бу и сийлахь бутт. ЧIогIа ирс долуш […]

ДОККХА МАЬIНА

«Лайна ялсаманин хьокъехь ойла яр а, жоьжахатин хьокъехь ойла яр а дагарадаьлча, диканаш дан лаар а гIелло». Имам Ибнул-Къаййим

Бехке дерш вай ду!

Имам Ибн Абил-Iизз ал-Хьанафийс (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла: «Баккъала а, АллахIа зуламе паччахьаш вайна тIехIиттош ма бац, вайн къинош бахьан долуш бен. Вай лелош долчуьнга хьаьжжина бу вайна бекхам а. Цундела, АллахIе гечдар доьхуш къахьега деза вай, лелийначунна дохко а дуьйлуш, дика Iамалш а еш. Цхьана нахана зуламхойн зуламах кIелхьарабовла лаахь, шайна юкъахь вовше […]

Лоьрийн Iилман дозалла

«Ма сийлахь бу-кх лоьрийн болх! Лоьрана хаахьара ша беш болчу белхан мел мах бу, тIаккха ша-кепара бийра бара цо и шен болх. Лоьрийн болх чIогIа коьрта мехала бу. Цундела аьлла-кх Имам аш-ШáфиIийс (АллахIа къинхетам бойла цунах): «Хьанал-хьарам дерг къастош долу Iилма дIадаьллачул тIаьхьа, лоьрийн Iилманал сийлахь Iилма ца девза суна. Делахь а, кериста нах хьалхабевлла-кх […]