button-2888 button-2888 button-2888 button-2888

АллахI оьгIуз вохуьйтуш, шайтIанна самукъа доккхучех ма хила!

Имам Ибн Ражабас (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла: — Хlай тоба ца деш коьртара месаш къаж йалийтинарг! — Нийсон тlехь нисвала ойла йоцуш, я деш тоба доцуш вехаш верг! — Хьуна хаийла, ахь шайтIанна хазхетар диний, тlех сов Къинхетаме волу АллахI оьгIуз вахийтний! [Мажмуl ар-расáиль, 348].

Ас муха доьхур ду Деле, сан вуно дукха къинош хилча?!

Хьайх лаьцна хьан вон ойла хиларо а, хьан дукха къинош хиларо а хьуна новкъарло ма йойла хьайн Деле деха. АллахIа иблисан доIанна а жоп ма делла цо даьхначу хенахь: «Сан Дела, къематде тIе даллалца дитахь со» — аьлла. Фатхьул-бáрий 11/168.

ЛАЙЛАТУЛ-КЪАДР БУЬЙСАН БИЛГАЛОНАШ

ЛАЙЛАТУЛ-КЪАДР БУЬЙСАН БИЛГАЛОНАШ: 1) Цу буьйсана дог синтеме хуьлу. 2) Цу буьйсана дог самукъане хуьлу. 3) И буьйса сирла, лепаш хуьлу. 4) Цу буьйсана седарчий охьа ца оьгу. 5) Цу буьйсана чIогIа шийла а, я чIогIа йовха а ца хуьлу. 6) И буьйса дIаяьллачу Iуьйрана малх схьакхетачу хенахь, зIаьнарш йоцуш цIена гуш хуьлу.

Эрна хан яйъар

Имам Ибнул Къаййим ал-Жавзийс (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла: «Эрна хан яйъар валарал а чIогIа ду. ХIунда аьлча, эрна хан яйъаро АллахIах а, эхартах а дIахадаво, ткъа валаро — дуьненах а, цу чохь болучарах а дIахадаво». ал-Фавáид, 44.

ДIавала, и йиъча мегар вац хьуна хьо

IабдуллахI Ибн Шубрумас аьлла: «Адамашха цецволу со, цамгарх кхоьруш юучух ларло уьш, амма жоьжахатех кхоьруш къиношха ца ларло уьш». Сияру аIлами ан-Нубалаъ, 6/348.

IИЛМА УГГАРЕ ДОККХА ДИКА ДУ

Шайх Мухьаммад ибн Салихь ал-lусаймийнас (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла: «АллахIа шена Iилма даларца дика дина волчунна, АллахIа цунна даьхнел а, тIаьхьенел а, хIусам-нанойл а, гIаланел а, машенашал а, массо хIуманал а тIех деза-доккха хIума делла хьуна». Шархь Риядус-салихьийн, 5/229.

Дуьсар долу дуьнене Iеха ма вайта хьо!

Хьасан ал-Басрийс (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла: «Варийлахь, хIокху дуьненах lехаваларха ларлуш хилалахь! Баккъалла а, дуьне текхаргах тера ду хьуна, тlе куьг lоьттича кlеда ю иза, амма цуьнан дlовшо адам доь хьуна». [Мин васóйá ас-салаф, агIо 74].

Ислам-дин маьлхах тера ду

«Дуьнен тIехь долу Ислам-дин цкъа а дIаболуш боцу маьлхах тера ду. Цхьана махкахь чу буьжча, кхечу махкахь гучуболу и». Шайх Iабдул Iазийз ат-ТIарифий

Ма доха де дог!

Марха даста йиначу яахIуманна реза воцуш ахь дош аларо нанна, йа хIусамнанна, йа йишина халахетийта тарло. Ша марха кхобуш а йолуш, кухни чохь шортта хан яьккхина цо хьо бахьанехь. «АллахIан Элчано ﷺ цкъа а юург емал ца йина хьуна». Шайх Мухьаммад ал-Мунажжид

Деган дарба

Шайх Мухьаммад ал-Мунажжидас аьлла, АллахIах кхоьруш волу цхьана стага элира аьлла: «Деган цамгарийн* дарба пхиъ ду: I) Къуръан ойла а еш дешар. 2) Марха кхабар. 3) Буьйсанна ламазаш дар. 4) Iуьйкъанна доIанаш дар. 5) Дикачу нахах веттавалар». *Деган цамгарш: Хьагl лацар, Iамал цIархазмана яр, бусалба нехан хьокъехь вон ойла яр, иштта кхин дIа а.