button-2888 button-2888 button-2888 button-2888

Гучахь еш йолу Iамал, къайлах еш йолчу Iамало цIанйо

«Айхьа гучахь еш йолу Iамалха хьо тамашбан (воккхавеван) волахь, къайлах еш йолчу Iамалца и цIанъелахь. Бакъдолуш, къайлах еш йолчу Iамало, гучахь еш йолу Iамал цIанйо хьуна!». Шайх Iабдул Iазийз ат-ТIарифий

ДоттагI харжар

Хьан къайле хьулъеш, гIалат къайла а доккхуш, хьан диканаш гIар а дохуш, хьан вонаш лачкъа а деш волчунций бен доттагIалла ма леладелахь. Ткъа ишттаниг хьайна ца каравахь, тIаккха айхь-хьайца леладе ахь доттагIалла. Шайх Iалий ат-ТIантIавий

Iарафат дийнан дозалла

Iарафат де хьахича я дагадеъча, уггар дика а, беркате а де ду деношха хьахийнарг. Цхьá де дац, шена чохь малх схьакхеташ я дIабузуш, даим дика а долуш Iарафат дийнал. Суннатехь деана ду, хьадж деш воцчунна, цу дийнахь марха кхабаро шина шеран къинош дIадохуш ду аьлла. Бакъ хилар сецна ду Абу Къатадата алар: АллахIан элчане (саллаллахIу […]

Куралла, хьагI.

«Куралла а, хьагI а цхьанне хIуманах дIахьакхалур ма яц, цо и хIума талхийний бен». Шайх Iабдул Iазийз ат-ТIарифий

Зул-Хьижжат беттан хьалхара итт де

ХIара Зул-Хьижжат беттан хьалхара итт де Даржашкахь лакхавоккху а, Дика Iамалш совйоху а, Къиношна гечдо а хан ю. Цундела, кху деношкахь дика Iамалш ярехь алсам къахьега. Шайх Iáид ал-Къарний

Зул-Хьижжат беттан хьалхара итт де

«Зул-Хьижжат беттан итт дийнал а сийлахьчу дийнахь малх ма ца кхета. Цу деношкахь йина Iамал еза, сийлахь лерина ю (кхечу деношкахь йинчул а). Цу Iамалх уггаре диканиг — ламаз дар, такбир дар (АллахIу акбар бахар), сагIа далар, марха кхабар, хьаж дар ду. Иштта, еза лериначу хенахь йина вон Iамалш а, къилахь совйовлуш ю». Шайх Iабдул […]

Зул-хьиджжат беттан итт дийнахь марха кхабар

Хаттар: Хьадисехь деана ду Зул-хьиджжат беттан итт дийнахь марха кхабар (суннат хилар). Ткъа цхьаболчу наха уьш кхобуш ца хуьлу бах, ахьа хIун эр дара цунах лаьцна? Жоп: Хастам цхьана АллахIана бу, шена тIаьхьа кхин пайхамар хира воцучу пайхамарна салават, салам хуьлда. Цул тIаьхьа. […]

«Соьга деха аша, Ас жоп лур ду шуна».

«Соьга деха аша, Ас жоп лур ду шуна». Шайн куьйгаш АллахIе хьала а айъадай шайн хьашташ Цуьнга дийца, шайна дезарг Цуьнга деха, шайн рицкъ Цуьнгара лаха, шайн хьал Цуьнга далхаде. Шайх Iáид ал-Къарний

Питанан бух

Имам Ибнул-Къаййим ал-Жавзийс (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла: «Бакъдолуш, массо а питанан бух – хетарг шарIо бохучунна хьалхадаккхар а, дегIан лаам хьекъална тIехулабаккхар а бу». ИгIáсатул-лухIфáн, 2/165.

АллахIе бен ма кхайкха

▪Хьо гIайгIано лаьцча, сужуде а гIой Далла герга гIо. ▪Хьайна тIе бала беача, сужуде а гIой Далла герга гIо. ▪Хьо сингаттамо хьовзийча, сужуде а гIой Далла герга гIо. ▪Хьо къелло я декхаро лаьцча, сужуде а гIой Далла герга гIо. Шайх Iáид ал-Къарний […]