button-2888 button-2888 button-2888 button-2888

НИЦКЪ ЦХЬААЛЛЕХЬ БУ

Цхьана lелам стага аьлла: «Вайга санна барт болуш хила бохуш цхьа а дин дац, хIетте а, вай санна декъаделла цхьа а уммат дац».

Маж дIаяшар

Имам Ибн Хьазмас (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла: «Маж дIаяшар хьарам хиларна тlехь массо lелам нехан барт хилла». Марáтибул-ижмál.

Кхо хIума тIедеача дан деза кхо хIума

«Цхьаболчу наха шайна кера хIума деача кураллаш йо, шайна тIе бала беача собарха буху, къа латийча кхин а Iесаллийна чу оьгу. Ткъа ишттачу хьолехь цара дан дезарг хIунд ду?! Шайна кера хIума деача АллахIана шукур дар, шайна тlе бала беача собаре хилар, къа латийча АллахIе гечдар дехар ду». Шайх Мухьаммад Салихь ал-Мунажжид

ГIиллакх

Хазачу гIиллакхо Iамалаш язйо, мел кIезиг уьш елахь а. Ткъа вочу гIиллакхо Iамалаш талхайо, мел яккхий уьш елахь а. Хьадисехь деана: «Бакъдолуш, вочу гIиллакхо Iамал талхайо, къонзано моз ма талхадарра». Шайх Iабдул Iазийз ат-ТIарифий

Жимма вовшашна делакъажий вай?

«Дахар-м дIадоьдуш ду хьуна, хьо веларах а, велхарах а. Цундела, хьайна хиллане а пайдане хин йоцу гIайгIане хьо хIаллак ма вайта. Жимма велакъежаш хила».

Харцо

АдхIаман кIанта ИбрахIима аьлла: «Харцоне дукха хьежаро дагчуьра бакъдерг довзар дIадоккху».

Вежарий хало тIехIоьттича бевза

Ибн Хьиббáна (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла: «Вежарий хало тIехIоьттича бевза. ХIунда аьлча, паргIатонехь массо а хуьлун дела доттагI. Ткъа вежарех уггаре а вониг — шен вежарашна цхьа хIума хьашт хилча, я царна тIе хало еача, царна гIо а ца деш уьш дIатеснарг ву». Ровдатул Iукъалáъ, 221.

Тхуна хилларг хIун ду те?!

АдхIам кIант ИбрахIим (АллахIа къинхетам бойла цунах) Басра олучу шахьаран базара кхаьчна хилла. Цунна тIегулбеллачу наха хаьттина цуьнга: «ХIай Абу Исхьакъ, тхуна хилларг хIун ду-те, АллахIе доIанаш до оха, жоп ма ца ло тхуна»? – аьлла. […]

Дуй баар

«АллахIа кхоьллина долчу хlуманца дуй биъча цунах дуй хуьлуш бац. Масала: «Делан Элчанора», я «Жабраил маликора», я «маликашца дуй буу ас», «Хьаьжин цlинора», я «дайшца дуй буу ас»- аьлла. Иштта, АллахIа кхоьллина долчу муьлхха а хlуманца дуй баар къилахь ду, дика дац иза, цо иштта дуй баахь къа хира ду цунна». [ал-МуIтамад, дáкъа: 2, агIо: […]

ГIурба дийначунна, цу тIера цхьа хIума йокха мегаш дац

«Гlурба дийначул тIаьхьа, ша гlурбан урс хьаькхна долчу хьайбан тlера цхьа хIума йохка мегаш дац, жижиг хуьлийла иза, я дум хуьлийла иза, я цIока хуьлийла иза, я маl хуьлийла иза, я тlаргlа хуьлийла иза, цу тIера хlумма а йохка мегар дац». [ал-МуIтамад, дакъа: 2, агIо: 485].