|
❏ Хьоьга цхьамма аьлча: цхьа ши стаг ву чуьркан тlоьхула вовшах леташ, цушиннан хьекъалах воьлура ма вара хьо! Ткъа муха хета хьуна, дуьненна тIоьхула хlара деригге lалам вовший летар?! И дуьне ма дац АллахIан гергахь чуьркан тIоман мехха а! ✍️ Шайх Ахьмад Iиса ал-МаIсаравий
❏ «Нахе хьайна дагахь мел Къуръан хаа ма дийца, муххале а, хьайн тIехь гайта ахь и Къуръан – мецаниг вузош, тIе-кога доцчунна тIе-кога духуш, боберах къинхетам беш, хьайна во дечунна къинтIераволуш, хьайн нанна муьтIахь хуьлуш».
«Со хьахаве (Суна муьтIахь хиларца), тIаккха Ас шу а хьахор ду (шуна мел лур бу)». Сурат ал-Бакъара, 152 аят. Хáлид Ибн МаIдáна (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла: «Сих а ца луш хIокху аятан ойла е. ВаллахIи, цу аятах тешар чIагIдала ма-дезза хьан дагчохь дIачIагIделча, (Дела хьехочура) хьан ши балда дакъалур ма дацара».
Имам ан-Нававийс (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла: ❏ «Хаалахь, гIибат дечунна гIибат дар хьарам хиларе терра, гIибате ладугIуш Iаш волчунна а хьарам ду цуьнга ладогIар а, цунна реза хилар а». 📕 Ал-Азкáр, 291.
❏ «Нагахь санна, хьо хьайн баланаш дlабаха лууш велахь, (цкъа хьалха) айхьа летош долу къинош дlадаха!» ✍️ Имам Ибнул-Жавзий (АллахIа къинхетам бойла цунах).
СаIийд Ибн Жубайрера (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, цо элира аьлла: ❏ «Дела хьехор — АллахIана муьтIахь хилар ду. АллахIана муьтIахь хиллачо, Дела хьехийна, Цунна муьтIахь воцург Дела хьехош вац хьуна, цо мел дукха тасбихьаш дахь а, мел дукха Къуръан дешахь а». 📕 ТахIзибу хьилятил-авлияъи ва тIабакъатил-асфияъ, 2/104.
Ад-Даххьáка (АллахI реза хуьлда цунна) аьлла: ❏ «Эшарша дог хIаллак а до, Дела оьгIаз а вохуьйту». 📕 Салáтул-муъмин, 2/935.
Шайх Мухьаммад ибн Салихь ал-lусаймийнас (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла: ❏ «Нагахь Къуръанах (и дешча я хезча) хьан дагна асар хуьлуш дацахь, айхьа-хьайга бехк баккхалахь. ХIунда аьлча, АллахIа аьлла: ХIара Къуръан лома тIе доссийнехьара (дукха хьастабаларна) áтабелла дIабера ма бар иза». 📕 Шархьул-Iакъидатил-вáситIия, 440.
Имам Ибнул-Жавзийс (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла: ❏ «Хаалахь, Иблиса дуьххьара нах шеца Iехийнарг — Iилманах уьш юхатохар дуй! ХIунда аьлча, Iилма – нур долун дела. Ткъа Иблиса церан къуьданаш дIадайича, шена луучу кепара боданехь хьоьшур бу цо уьш (вуьштта аьлча, ширк чу а, бидIат чу а, къиношна чу а эгор бу цо уьш)». 📕 […]
Имам Ибнул-Къаййим ал-Жавзийс (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла: ❏ «Iилма — деган кхача а, малар а, молха а ду. Деган дахар Iилманах хIоттаделла ду, ткъа Iилма дагах дIакъастахь, иза делла дог ду». 📕 Мифтáхьу дáрис-саIáдахI, 1/344.
|
Хьехаме дешнаш «Веллачул тIаьхьа шен Iамал дIахада ца луучо, Iилма даржадойла».
|