Iумар Ибн ал-ХаттIаба (АллахI реза хуьлда цаьршинна), аьлла: ❏ «Iа — Iибадат дечеран хIонц ю». 📕 Хьилятул-авлияъ, 8/134.
|
||
Iумар Ибн ал-ХаттIаба (АллахI реза хуьлда цаьршинна), аьлла: ❏ «Iа — Iибадат дечеран хIонц ю». 📕 Хьилятул-авлияъ, 8/134. ХIай лераме йиша! Хьайн марзахошца хьан мел дика юкъаметтиг елахь а, наггахь юкъа цхьаъ дожаза ца дуьсу хьуна. Цунах хьо кхеташ елахь, дахар иштта бен хир доций хууш елахь, шайна юкъа цхьа къовсам боьжча, и хьекъалца, сих а ца луш дIабаккхалур бу хьоьга. ал-АвзаIийс (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла: ❏ «Буьйсанаш дуккха а (ламазашкахь) ден йиначунна, АллахIа къематдийнахь латтар а атта дийра ду». 📕 Сияру аIлáми ан-Нубалáъ, 7/119. Яхья Ибн МуIáзас (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла: ❏ «АллахI вéза бохуш, Цуьнан дозанаш лардеш воцург бакълуьйш вац». 📕 ЖáмиIул-Iулуми вал-хьикам, 86. Мéла баккха уггаре дика хан Iуьйкъа хан ю, рицкъ даккха уггаре дика хан Iуьйре хиларе терра. Шайх Iабдул Iазийз ат-ТIарифий. IубайдуллахI Ибн ал-Хьасана цхьана стаге аьлла: ❏ «ХIай хьанех! ДоттагIий дуккха а хилийта ахь хьайн. ХIунда аьлча, хьо велла аьлла шайга хабар кхаьчча, цаьргара уггаре а кIезга хьуна хин долу дика — хьо Деле воьхуш хьуна доIа дар ду хьуна». 📕 ал-Ихвáн ли-ибн Аби ад-Дуня, 29. ❏ «Хьо АллахIана тIе некъ беш велахь, Цо бийцинчу новкъахула бен Цунна тIе ма гIолахь!». ✍ Шайх Iабдул Iазийз ат-ТIарифий. ❏ «Цхьайолчу хенахь АллахIа зуламхо (нахана юкъахь) вазвой айво. Иза Шена дукха везарна ца айво Цо, амма, лаккхара и чу кхоссархьама айво». ✍️ Шайх Iабдул Iазийз ат-ТIарифий. Цхьа стаг хилла Халиф волчу Iумар ибн Iабул-Iазийзе багалееш. ТIаккха Iумар ибн Iабдул-Iазийза аьлла: «ТIе дан дезаш Къемат-де дацахьарий, хьуна (дала ма-дезза) жоп лур ма дара ас». ❏ Цхьаболчу салафаша олуш хилла шайна тIе бала беъча: -Хастам бу-кх АллахIана, хIара бала сан динехь (суна зен деш) ца хилийтарна. -Хастам бу-кх АллахIана, хIара бала кхин боккха ца хилийтарна. -Хастам бу-кх АллахIана, хIара бала лан суна собар делла волчу. ✍ Шайх Мухьаммад ал-Мунажжид. |
||
© 2008 - 2025 ИС - All Rights Reserved Powered by WordPress & Atahualpa |