button-2888 button-2888 button-2888 button-2888

Сан берриге болх АллахIан керахь бу

Цхьаьнга хаьттина: «Юьхь елаелла, екхаелла хIунда ю хьан?». Цо жоп делла: «Сан берриге болх АллахIан керахь бу. Цундела, гIайгIане хила эхь хета суна».

Къамел дале хьалха цкъа ойла ян еза

Имам ан-Нававийс (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла: «Цхьа дош ала, я цхьа къамел дан луучо, ша къамел дале хьалха цкъа ойла ян еза. Нагахь санна, ша олург пайде хир ду аьлла хетахь эра ду цо, пайде хир дацахь IадъIийра ву и». Шархь сахьихь Муслим, 18/328.

Уггаре дика сагIа

Имам Ибн Ражабас (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла: «Уггаре дика сагIа, жехIил стаг Iамор, я гIопул стаг самавакхар ду». МажмуI ар-расáиль, 1/186.

Ойла а еш Къуръан дешар

Имам Ибнул-Къаййим ал-Жавзийс (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла: «Ойла а еш Къуръан дешар — дог тодаларан бух бу». Мифтáхьу дáрис-саIáдахI, 1/187.

Дикачу нехан доIа

АллахIа къинхетам бойла, вайх лаьцна дика ойла йолучунах. АллахIа гечдойла, вайх лаьцна доцург дийциначунна. АллахIа ларвойла, вайгахь цхьа гIалат гича, и гIар а ца доккхуш хьулдинарг.

Само е

Маймýн Ибн МихIрáна(АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла: «Бакъдолуш, шун Iамалш кIезиг ю.Ткъа, и кIезиг бен йоцу IамалшцIена даггара елаш». Хьилятул-авлияъ, Абу НуIайм ал-АсбахIáний, 4/92.

Собаре хила

Сийлахь-Везачу АллахIа аьлла: فَاصْبِرْ ۖ إِنَّ الْعَاقِبَةَ لِلْمُتَّقِينَ «Собаре хила хьо, дика чаккхе Делах кхоьруш болучарна кечйина ю» Сурат «ХIуд», 49 аят. Имам Ибнул-Жавзийс (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла: «Дикачу чаккхенан марзо дагаяийтиначунна, собаран къахьо йицлур ю». ал-МудхIиш, 188.

Нехан къинош дуьйцуш ма лела

«Къа латийна волу бусалбастаг вуьйцуш ма лела. Тобан неI-м йиллина яй. Хьуна ма ца хаа, АллахIацунна гечдиний. Ткъа и гучуваккхарна къахьуна тIехь дуьсур ду». Шайх Мухьаммад Мутаваллий аш-ШаIравий

Дегнаш леш а, денлуш а ду

Хьасанул-Басрийс (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла: «Бакъдолуш, дегнаш леш а, денлуш а хуьлу. Нагахь санна уьш лахь, парз Iамалшца денде аша уьш, ткъа денделча, суннат Iамалшца кхиаде аша уьш». аз-ЗухIд ли-Ахьмад Ибн Хьанбал, 233.

Iашураъ дийнахь марха кхабар

Имам ЗухIрийс (АллахIа къинхетам бойла цунах) ша новкъа ваьлла воьдуш волуш Iашураъ дийнахь марха лаьцна хилла. ТIаккха цуьнга хаьттина: «И марха хIунда лаьцна ахь, Рамадан баттахь хьо новкъахь волуш ма ца кхобу ахь Рамадан беттан марха?!» ТIаккха ЗухIрийс аьлла: «Рамадан беттан марханаш (хьо новкъахь нислахь) кхечу деношкахь кхаба йиш йолуш ду, амма Iашураъ де тIехдаьлчул […]