button-2888 button-2888 button-2888 button-2888

Гечдар дехар

Бакр Ибн IабдуллахI ал-Музанийс (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла: «Аша къинош дукха летадо, цундела дуккха а гечдар деха шайна. Бакъдолуш, къемат-дийнахь адамна (шен тептар тIехь) хIора шина могIанна юкъахь гечдар дехар карийча, цунах воккхавуьйр ву иза». ат-Тавба, Ибн Аби ад-Дуня, 172. […]

СовгIат дар

Ибн Хьиббáна (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла: «Наха шайн вежаршна совгIаташ дар дика хета суна. ХIунда аьлча, совгIато безам а кхуллу, хьагI-гамо дIа а йоккху». Ровдатул-Iукъалáъ, 242.

Мехала хьехар

Iумар Ибн ал-ХаттIаба (АллахI реза хуьлда цунна) аьлла: «Хьайн гӀуллакхехь хьан аьтто хила лууш волчуьнгара бен гӀо ма лаха, АллахӀах кхоьруш болчаьрций бен дага а ма вала». ШуIабул-ийман, 10/559.

Ларло!

Имам ал-АвзáIийс (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла: «Вота а, эшарийн гIирсаш а болчу тойне ма гIолахь». Áдáбуз-зифáф, 165.

Дог самукъне дацахь, ирсе хир вац

«Къинош летошверг массо а ниIматашца зовкх хьоьгуш велахь а, цуьнан дагчохь даимна цхьалла а, сийсазалла а, дог Iийжош болу дагахьбаллам а хуьлу». Имам Ибнул-Къаййим — ал-Жавáбул-кáфий, 120.

Къиноша дог цомгуш до

«Нагахь санна хьан дог ахь летийначу къиношна сагатдеш дацахь, хаалахь хьан дог цомгуш дуй. ХIунда аьлча, дийна дог цомгуш а хилла Iан реза хуьлуш дац, ткъа деган цамгар — иза къинош ду». Шайх Ибн Iусаймийн — Тафсир жуз Iамма, 250.

Дика чаккхене кхачалуург собаре хила веза

«فَٱصۡبِرۡ إِنَّ ٱلۡعَٰقِبَةَ لِلۡمُتَّقِينَ». «…Собаре хила хьо, бакъдолуш дика чаккхе Делах кхоьручарна кечйина ю». Сурат ХIýд, 49 аят. «И дика чаккхе дагаяийтинчунна, ша собаре хиларан къахьалла йицлур ю». Ибн ал-Жавзий […]

ШайтIанан гелача ма хила

Цхьана стага ВахIб Ибн МунаббихIе аьлла: «Хьенех вара хьуна луьйш». ТIаккха ВахIба аьлла цуьнга: «ШайтIана хьо воцург кхин цхьа а геланча ца карийра и къамел схьадан?!».

Хьо ларло!

Цхьана стага Хáлид Ибн Валийд волче а веана аьлла: «Цхьа хьенех вара хьуна луьйш». ТIаккха Хáлид Ибн Валийда аьлла: «Иза цуьнан шен тептар ду, шена луучуьнца дIадузхьара цо и».

Дийнахь Дела хьехо уггаре а дика хан

Имам ан-Нававийс (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла: «Хаалахь, дийнахь Дела хьехо уггаре а еза, сийлахь хан — Iуьйра ламаз динчул тIаьхьа ерг юйла». 📔 ал-Азкáр, 155.