button-2888 button-2888 button-2888 button-2888

Уггаре дика доIа Iарафат дийнахь дина доIа ду

Пайхамара (ﷺ), аьлла: «Уггаре дика доIа Iарафат дийнахь дина доIа ду. Ткъа уггаре диканиг аса а, соьл хьалхарчу пайхамарша а аьлларг ду: «Лá илáхIа иллаллóхIу вахьдахIý лá шари́ка лахI, лахIулмулку, ва лахIул-хьамд, ва хIува Iалá кулли шайъин къади́р»». ат-Тирмизий 3585.

Хьега мегаш долу ши хIума

Ибн Iумара (АллахI реза хуьлда цаьршинна) дийцина, Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Шина стагах бен хьега ца оьшу — АллахIа шена Къуръан хаар деллачу стагах а, буса а, дийнахь а и доьшуш волчу; АллахIа шена бахам беллачу стагах а, буса а, дийнахь а и сагIийна дIабоькъуш волчу». Бухарий 73, Муслим […]

Хьайн дена-нанна доIа деш хила!

Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Бакъдолуш стаг ялсамани чохь даржехь лакхавоккхур ву, тIаккха цо эра ду: “ХIокху дарже хIун бахьана долуш кхаьчна со?” ТIаккха цуьнга эра ду: “Хьан доьзалхочо хьуна гечдар дехар бахьана долуш кхаьчна”». Ибн МаджахI 3660. Сохьихьул-ДжамиIис-СогIир 1617. Везан Дела, тхан […]

Пайхамара (ﷺ) цкъа а юучунна хIума ца аьлла

Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) аьлла: «АллахIан элчано (ﷺ) цкъа а юург емал ца йора. Шена чам тайча яара цо и, шена ца тайча (хIумма а ца олуш) Iадъюьтура цо и». Бухари: 5409, Муслим: 2064.