button-2888 button-2888 button-2888 button-2888

Бакъболу бахам

Пайхамара (ﷺ) аьлла: «Бахам дукха хилар дац вехаш хилар, вехаш хилар — са дехаш хилар ду». ал-Бухарий, 6446. Муслим, 1051.

Зуда IатIар тоьхна араялар

ШарIо ца магийначух ду: IатIар тоьхна зуда араялар. Иза хьарам а, даккхийчу къинойх къа а ду. АллахIан Элчано (ﷺ) аьлла: «IатIар а тоьхна шех хаза хьожа яийтархьама нахана юккъехула йолаелла зуда, зина дина ю». ат-Тирмизий, 2786.

Цамгаро къинош дIадоху

АллахIан Элчано (ﷺ) аьлла: «Муъма стаганна а, я муъма зудчунна а, я бусалба стаганна а, я бусалба зудчунна а цамгар кхетар ма яц, АллахIа цунна тIера (кегийра) къинош дIадохуш бен». Сохьихьут-таргIиби ват-тархIиб, 3425.

Ша ламаз динчохь хиина Iар

Абу ХIурайрата (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (ﷺ) элира аьлла: «Шух цхьаъ ша ламаз динчохь хиина Iаш мел ву, ламаз керар даьлла а воцуш, маликаша цунна доIадеш доьху: “Я АллахI! Гечдехьа цунна, я АллахI! Къинхетам бехьа цунах”» — бохуш». ал-Бухарий, 445.

Эхь а, ийман а

Iумаран кIанта IабдуллахIа (АллахI реза хуьлда царшинна) дийцина, Пайхамара (ﷺ) элира аьлла: «Бакъдолуш, эхь хетар а, ийман а цхьаьна хIоьттина ду, цаьршиннах цхьаъ дIадаьлча, шолгIаниг а дIадолу». Ал-Албаний, «Сахьихьул-джамиIис-сагIийр» 1603.

Лай шен Далла уггаре а герга хуьлу меттиг

Абу ХIурайрата (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан Элчано (ﷺ) элира аьлла: «Лай шен Далла уггаре а герга, сужудехь волуш хуьлу. Ткъа (цу сужудехь) дуккха а доIанаш дойла аша». Муслим, 482.

Аьтто болушехь гIурба ца дер

Абу ХIурайрата (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, Пайхамара (ﷺ) элира аьлла: «Шен аьтто болушехь гIурба ца дуьйш верг, вайн (1ийд) ламаз дечу меттигана улле а ма вогIийла». Ибн МаджахI, 3123.

Массаьрга салам далар

IабдуллахI ибн Iамра (АллахI реза хуьлда цаьршинна) дийцина, цхьана стага пайхамаре (ﷺ) хаьттира, Ислам динехь лелийча дика долу белхаш муьлхарш ду аьлла? ТIаккха пайхамара (ﷺ) аьлла: «Ахь (нахана) кхача балар а, хьайна вевзучуьнга а, ца вевзучуьнга а салам далар а ду». ал-Бухарий 12, Муслим 39.

Юьхь тIе тоха мегаш дац

АллахIан элчано (ﷺ) аьлла: «Шух цхьамма (тохаз а ца ваьлла) тухуш хилахь, юьхь тIе тохарх ларлойла». Сунан Абу Давуд, 4493.

Шен оьгIазло хьулъяр

АллахIан элчано (ﷺ), аьлла: «ОьгIазло чекхъяккха шен ницкъ боллушехь, иза хьулйиначуьнга къематдийнахь АллахIа — Сийлахь, ЦIена ву И, Шен кхолламашна хьалха кхайкхам бийра бу: «Хьурул-Iинех (хьайна) луъург харжа» — аьлла». Сахьихьул-жáмиI, 6518.