24 — Сурат Аннýр [Серло] [Мадинатехь доьссина ‚ 64 аят ду]
Аллах1а ц1арца къинхетаме , къинхетам беш волчу .
1.[х1ара] Оха шá доссийна а , Оха шá [парз дина] т1едожийна [т1едиллинá] а сýрат ду . Оха диссийна оцу [х1окху сýрат] чохь билгала áяташ . Шоьга ойла йайтархьама .
2.[зинá деш] Нáхацалéла зудá а , нáхацалéла стаг а — цаьршиннех х1óранна а [г1ýданна] б1аь1а [б1é] г1аж тóха ! Шу [совцийна] д1амалáцийла цаьршиннах къахéтаро Аллах1ан динехь [долу хьукманаш кхóчуш дарха] , шу делахь тéшаш Аллах1ах а , т1аьхьарчу [къемата] дийнах а . Цаьршинан 1áзапна [хьожуш] тешх1оттийла муъманáхех [цхьа] тóба .
3.Нáхацалéлачo ца йáлайо нáхацалéларг , я [Дéлаца] дéкъаховийриг бен . Нáхацалéларг — и ца йáлайо [ца юьгу] нáхацалéлачо , я [Дéлаца] дéкъаховечо бен . [Дáла] Дихкина [хьáрам дина] и [дастаме белхаш] муъманáхана .
4.Шаьш оьздазударшна [нáхацалéларца] ц1екхуллурш , цул т1аьхьа шаьш [аьллачуна] виъ теш ца вáлош [берш] — езткъа г1аж тóха царна , [кхи цул т1аьхьа] цéран тéшалла къóбул ма дéлyш цкъá а . Уьш бу [шуна] уьш пéсакънах .
5.Шаьш цул [харц ц1екхоьллинчул] т1аьхьа дохко а боьвла , [шайн хьелаш] тáдинарш бóцурш . Баккъалла а Аллах1 гечдийриг , къинхетамениг ву .
6.Шаьш шайн зударшна [нáхацалéларца] ц1екхуллурш , шаьш бен [цу т1ехь кхин] тéшаш бóцуш , цáрех цхьанна тéшалла — Аллах1аца диъ тéшалла [дар] ду — баккъалла а шá бакълуьйчáрех ма ву [аьлла].
7.Пхоьазлаг1а — баккъалла а Аллах1ан не1алт [ма] ду шéна т1ехь , [нагахь] шá харцлуьйчáрех хиллехь [áлар ду].
8.Цуьнах [зудчух] 1áзап духатýху , цо Аллах1аца диъ тéшалла даро , баккъалла а и [шен майра] харцлуьйчáрех ма ву [аьлла].
9.Пхоьазлаг1а — баккъалла а Аллах1ан оьг1азло ю [хуьлийла] шéна т1ехь , [нагахь] и [сан майра] бакълуьйчáрех хиллехь [áлар ду].
10.Аллах1ан комаьршалла а , къиинхетам а бáцахьáра шуна т1ехь , баккъалла а Аллах1 къинт1еравóлург а , кхетамениг а вáцахьáра [сийсаздина х1аллак дийр ма дара Цо шу].
11.Баккъалла а шаьш [доккхачу] эладитанца баьхкинарш , шух цхьа тóба ю . Ашa ма лáра и [эладита] шайна вуо , мелхо а дика ду шуна и . Цáрех х1óр стагана а къинах цо лехнарг [хир] ду . Цáрех шá цуьнан [эладитан] доккха дáкъа лаьцнарг , цуна доккха 1áзап [хир] ду .
12.Шайна и [эладита] хезначу хéна , дика моьттинехь муъмастегаршна а , муъмазударшна а шайх [а шайн вежарех а , йижарех а] , цáра аьллехь :»Х1ара [ашa дуьйцург] билгала [ашa кхоьллина] эладита [ма] ду».
13.Уьш [и эладита кхоьллинарш] баьхкинехь цу [эладитан] т1ехь виъ тешца . Ткъа уьш ца баьхкинехь тéшашца , Аллах1ан гергахь харцлуьйраш ма бу уьш .
14.Аллах1ан комаьршалла а , Цуьнан дуьнéнахь а , эхартахь а болу къинхетам а бáцахьáра шуна т1ехь , ашa дáхдина дийцанчуьнгахь [эладитанехь] доккха 1áзап хьакхалур ма дара шух .
15.Шайн меттанашца [кар-кара оьцуш] т1елóцу ашa и [эладита] , шайн батошца шайна шех хаар дóцург дуьйцу ашa , дай [жима къа] хéта шуна и [шаьш дуьйцург , амма] иза Аллах1ан гергахь [та1зар дарехь] доккха [ма] ду .
16.Шайна и [эладита] хезначу хéна , аш аьллехь :»Тхоьца дóг1уш [товш] дац оха и [къамел] дийцар . Ц1ена ву-кх Хьо [хастаме Дéла] . Х1ара [дéра] ду доккха эладита [харцдерг]».
17.Аллах1а хьéхар до шуна и санна чуьнга шу цкъá а юхацадерзийта , [нагахь санна] шу муъманах делахь .
18.Аллах1а билгалдо шуна áяташ . Аллах1 хууш верг , хьекъалаллениг [кхетамениг] ву .
19.Баккъалла а шаьш [Дéлах] тешначаьрна юкъахь боьханиг [дастамениг] даржар дéзарш , царна лазабен 1áзап [хир] ду дуьненахь а , эхартахь а . Аллах1ана хаа [къайлахниг] , шуна ца хаа .
20.Аллах1ан комаьршалла а , Цуьнан къинхетам а бáцахьáра а , баккъалла а Аллах1 къахеташ , къинхетаме вáцахьáра а [сийсаздина х1аллак дийр ма дара Цо шу].
21.Х1ай шаьш [Дéлах] тешнарш ! Шайт1ан г1улчашна т1аьхьа ма х1итта . [ткъа] Шá шайт1ан г1улчашна т1аьхьах1уттург [милла велахь а] , баккъаллла а цо [цуьнга] омaр до боьхачуьнца а , [шар1аца] цадóг1учуьнца а . Аллах1ан комаьршалла а , Цуьнан къинхетам а бáцахьáра шуна т1ехь , шух цхьá а ц1анлур ма вáцара [шен къинойх] цкъá а . Делахь а , Аллах1а ц1анво [дохкобевлачáрех] Шéна луург . Аллах1 хезаш верг , хууш верг ву .
22.Дуй ма баийла шух комаьршонан а , [хьóлан] шортонан а дайша , гергарчарна а , мисканашна а , Аллах1ан новкъахь [Цуьнан дуьхьа] махкахбевлачарна а [сáг1а] ца даларца [цáра эладита дийцинéра áле] . Къинт1éра бовлийла уьш , [бехках] хьалхабуьтийла цáра [уьш] . Шуна ца дéза [ца лаьа] тов Аллах1а шайна гечда . Аллах1 гечдийриг , къинхетамениг ву .
23.Баккъалла а шаьш оьзда , [боьхачуна] чидамза [догц1ена] муъмазударшна [зинáца] ц1екхуллурш , царна не1алт [та1зар] ду дуьненахь [г1ажйеттарца] а , эхартахь [бáланé лáцарцá] а . [уьш дохко ца бовлахь] Доккха 1áзап [хир] ду царна [эхартахь].
24.Оцу [къемата] дийнахь царна дуьхьал тéшалла дийр ду цéран меттанаш а , цéран куьйгаш а , цéран кóгаш а цáра [дуьнéнахь вóчух] лéлош [деш] хиллачун т1ехь .
25.Оцу дийнахь Аллах1а царна [кхоччуш] д1алур бу [уьш] хьакъ [болу] цéран бéкхам . [т1аккха] Царна хаар ду баккъалла а Аллах1 — Иза билгала бакъверг вуйла .
26.Боьхазударий — боьхастегаршна [бóг1уш] бу , боьхастегарий — боьхазударшна бу , ц1еназударий — ц1енастегаршна [бóг1уш] бу , ц1енастегарий — ц1еназударшна бу , уьш [ц1енаберш] гуьнахь [дéкъахь] бац цáра [вукхáра эладитанех] дуьйцучуна . Царна [ялсаманахь] гечдар а , лéраме [шорта] рицкъа а [хир] ду .
27.Х1ай шаьш [Дéлах] тешнарш ! Шу ма г1óлаш шайн йоцчу [хийра] х1усамашчу шаьш пурба деххалца а , цéран ох1лане салам даллалца а . И [г1иллакх] тоьлуш ду шуна [шун сонта г1иллакхел а] . Шу герга даркха хьéхам эца .
28.[нагахь санна] Шуна ца карийнехь цу [х1усамаш] чохь [пурбалучáрех] цхьá а , шу цаьрна чу ма г1óлаш шайна [и] пурба даллалц . Ткъа шоьга [чуьрчáра] :»Духадерза !»- аьллехь , духадерзалаш ! И ц1ена ду шуна [дагна]. Аллах1 ашa лелóриг [дийриг] хааш ву [шуна].
29.Шуна къилахь дац , чохь [нах] бéхаш бóцучу а , шайна чохь шун пайда болчу а [юкъара] х1усамашка [пурба дóцуш] шу чудахар . Аллах1ана хаа ашa гучадоккхург а , хьулдийриг а .
30.Ахь áла муъмастегаршка цáра шайн б1аьргаш [хьáрамчух] охьадахийтийла [д1адерзадойла] , шайн [чук1елара] бехкен мéжéнаш ларйойла . И [г1иллакхаш] ц1ена ду цаьрна [Далла гергахь]. Баккъалла а Аллах1 хааш [девзаш] ву цáра дийриг .
31.Ахь áла муъмазударшка цáра шайн б1аьргаш [хьáрамчух] охьадахийтийла , шайн бехкен мéженаш ларйойла , цáра шайн хазалла ма гойтийла [хийрачарна] , шá цуьнах [дукхахьóлахь] гушйерг йóцург , шайн чоьтнаш т1е [лаг , нáкха ца гайта] корталеш тосийла цáра , шайн хазалла ма гойтийла цáра шайн майранашна а , шайн дайшна а , шайн мардайшна а , шайн к1енташна а , шайн мéран к1енташна а , шайн вежаршна а , шайн вежарин к1енташна а , шайн йижарийн к1енташна а , шайн зударшна [бусалба йижаршна] а , шайн аьттучáра дóладечарна [г1арбашна] а , йа бóжарех зударшка шовкъ [хьашто] йóцу [шайн] ялхошна а , йа зударин ерзина мéженаш ца евзачу бéрашна а бен , цáра ма беттийла шайн кóгаш [лаьттах] шайн хазаллех шаьш хьулдийриг [кхéчарна] хаийта . Х1ай муъманах ! Аллах1ана дохкодовла дерриге а . [т1аккха] Шу герга ду дéкъалхила .
32.[мáре дарца] Цхьанатóха шайх яханза-ялонза берш а , шайн лайшха а , г1арбашха а болу диканаш а . [нагахь санна яханза -ялонза берш] Уьш къиэ [миска] белахь , Аллах1а Шен комаьршонах аьтто бийра бу цéран . Аллах1 шортоерг [тароерг] , хаарг [девзарг] ву .
33.[сатóхарца] Оьзда [ц1ена] чекхбовлийла шаьш зудайáлон ницкъ ца карóраш , Аллах1а Шен комаьршóнах шайн [цу т1ехь] аьтто баллалц . Шун аьттучáра дóладинчáрех [шун лайшха а , г1арбашха а] шайна [шаьш мéхан дуьхьал маьрша дáхар т1ехь] кехат-барт бéзарш , цаьрца кéхат-барт бе ашa [нагахь санна] шайна цаьргахь дикалла [тéшаме хилар] хааделлехь . Ашa ло цаьрна Аллах1а шуна шá беллачу бáхамех . Ашa [нуьцкъаш] т1ематé1аде шайн зудбераш кхахьпаллийна [нáхацалéларна] , царна [ц1ано] оьздангалла езнехь , шайна дуьнéнан дáхаран [т1аьхьло йóцу] таро [аьтто] лахархьама . Шá уьш [кхахьпаллийна] т1етé1óриг [милла велахь , царна хила деззарг хир ду] , баккъалла а Аллах1 уьш [зудбераш бертаза] т1ете1ийначул т1аьхьа [царна] гечдеш , къинхетаме ву .
34.[Дéлора] Бакъдолуш , Оха шоьга диссийна билгала áяташ а , шаьш шул хьалха д1абаханчáрех [долу] масал а , [Дéлах] кхоьрyчаьрна [пайден] хьéхам а .
35.Аллах1 — стигланашин а , лаьттин а нур ду . Цуьнан нуьран куц — шéна чохь чиркх болчу [пéна т1éра] к1óгах тера ду , чиркх — шишан чохь бу , ткъа шиша — баккъалла а шá [серлонцa] лиэпа сéда болуш санна ду . И [чиркх] латабо беркатéчу «зайтун» диттах , [шá] малхбáлера дóцу , малхбузера дóцу . Цуьнан [хьакхар] даьтта герга ду шá серло яла шех ц1е ца хьакхаеллехь а . Нур т1е а нур ду [и] . Аллах1а Шен нуьре нисво шéна лаьарг . Аллах1а дáладо адамашна масалш . Аллах1 массо а х1уманах дерг хууш ву .
36.Аллах1а шаьш хьаладотта [дуог1á] а , шайна чохь Шен ц1е яккxá а магийна [долчу] ц1éношкахь [маьждигашкахь] 1уьйрéнашкахь а , суьйрéнашкахь а Цуна [И хесторца а , ц1анварца а] теспахь до
37.[цхьана] къóнахоша , шаьш совдéгаро а , йохкаро а Аллах1 хьахóрах а , лáмаз х1отторах а , закат даларах а д1ацалóцучу а , шéна чохь дегнаш а , б1аьргаш а [шайн хьóлашха] хийцалочу [д1акерчачу къемата] дийнах кхоьрyчу а .
38.[цáра теспахь дар а , цéран кхéрар а] Аллах1а шайна шаьш динчу уггар дикачуна бéкхам бархьама а , Шен комаьршонах Цо шаьш совбáхá а [ду] . Аллах1а рицкъа ло Шена лаьачуна хьéсап дóцуш .
39.Шá [Дéлах] цатешнарш — цéран 1амалаш , хьогахчуна [гéнара хьаьжча] шá хи ду моьттуш йолу [шéрачу] г1ум-áрéнахь [бурконна х1утту] б1арлаг1а санна [эрна] ю . Ткъа иза цуна т1евеача , ца карийра цуна и [шéна моьттина] х1ума . Аллах1 карийра цуна шéна гергахь , Цо кхоччуш д1аделира цуна шен хьéсап . Аллах1 — хьéсап чехка долуш ву .
40.Йа к1оргачу х1ордчуьра бóданаш санна [ю цéран 1амалаш] . Тулг1éно шá хьулбеш , оцу [тулг1ен] т1ехула шéна т1ехула марха йолу [кхи] тулг1е ю . [уьш] Цáрех цхьаберш вукхаьрна т1ехула болу бóданаш бу . Цо [оцу х1орд чуваьллачо] шен куьг áрадаьккхича , и [шен куьг] ган герга хир ма вáцара и [бóданан ч1áг1аллийна] . Аллах1а шéна [нийсóнан] нур ца делларг [милла велахь] , цуьнан дац [цхьá а] нур .
41.Хьуна ца гина [ца хиъна] , баккъалла а Аллах1ана [хестош] теспахь дар стигланашкахь а , лаьттахь а мелдолчо а , олхазарш а [шайн] т1éмаш даржийна [х1аваэхь] доьдуш ? Бакъдолуш хиъна [девзина] х1óраннá а шен лáмаз [до1а] а , шен теспахь а . Аллах1 хууш ву цáра [мел] дийриг .
42.Аллах1ан ду стигланашин а , лаьттин а óлалла [дóлалла] . Аллах1е ду [х1óраннá а] верзар .
43.Хьуна ца гина , баккъалла а Аллах1а мархаш йохкуьйту [Шéна лаьачу] , цул [уьш йаржийначул] т1аьхьа гулйо Цо уьш , цул т1аьхьа [оьла санна] т1ек1ел йо Цо уьш . Т1аккха дог1а го хьуна шá áрадóлуш оцу [мархийн хéрóнаш] юкъахула . Цо боссабо стиглара — цигахь [стиглахь] долчу [мархийн] лаьмнашкара — къора [ша] . Шéна лаьачуна т1е а тýху Цо и , ткъа Шéна лаьачух д1á а берзабо Цо и . Цуьнан ткъесан серло [шен ч1âг1аллийна] герга [ма] ю [цéран] б1аьрсаш д1аэца .
44.Аллах1а хуьйцу де а , буьйса а . Баккъалла а цуьнгахь хьéхам ма бу хьéкъалечаьрна .
45.Аллах1а массо а дийнат хих кхоьллина . Цáрех шá шен гай т1ехь лéларг ду , [иштта] цáрех шá шина кóга т1ехь лéларг ду , [иштта] цáрех шá беа [кóга] т1ехь лéларг ду . Аллах1а кхуллу Шéна лаьарг . Баккъалла а Аллах1 , массо а х1уман т1ехь ницкъ кхóчуш ву .
46.[Дéлора] Бакъдолуш Оха диссийна билгала áяташ . Аллах1а Шéна лаьарг нийсачу новкъа нисво .
47.Цáра óлу [шайн меттанашца] :»Тхо тешна Аллах1ах а , элчанах а , [цаьршина] муьт1ахь а хилла тхо» . Т1аккха цáрех цхьа тóба [иймáнах] д1айоьрзу цул [шаьш и аьллачул] т1аьхьа [цхьа хан йаьлча] . Уьш [ма] бац [догц1ена] муъманах .
48.Уьш кхайкхича Аллах1е [Kъуръáне] а , Цуьнан элчане а , цо [элчано] шайна юкъахь [динца] кхел ян , цáрех цхьа [йолу] тóба [кураллийца] д1айоьрзу [цуьнах].
49.Ткъа [кхéчарна т1ехь] шайна [дóг1уш] цхьа хьакъ хилча , уьш бóг1у и волче хьасталой [ладýг1уш хиле , сихонца].
50.Ткъа цéран дегнашчохь цамгар ю , йа [динах] шекбоьвла уьш , йа Аллах1а а , Цуьнан элчано а шайна т1ехь харцо йарна кхоьру уьш ? Мелхо а , Уьш [ма] бу уьш зуламхой .
51.Баккъалла а муъманéхан дош дара , шаьш Аллах1е а , Цуьнан элчане а кхайкхича цо [элчано] шайна юкъахь [динца] кхел ян , цáра áлар :»Хезна тхýна , муьт1ахь хилла тхо» . Уьш бу уьш дéкъалнаш .
52.Шá Аллах1ана а , Цуьнан элчанна а муьт1ахь верг , шá Аллах1ах кхоьрург , шá Цуьнах ларлург а уьш бу уьш тоьлларш [аьтто баьлларш].
53.Цáра биара Аллах1аца шайн ч1óг1а дуйнаш , [Дéлора] ахьa шайга [г1áзотана áрадовларца] омaр дахь , шаьш áрадевра ма ду [аьлла] . Ахь [цаьрга] áла :»Ашa дуй ма баа ! Девза муьт1ахьалла [тоьлуш ду] . Баккъалла а Аллах1 , ашa дийриг хууш ву .
54.Ахь áла :»Аллах1ан муьт1ахь хила , элчана муьт1ахь хила !» Ткъа уьш д1аберзахь , баккъалла а цуна т1ехь [кхайкхадарх] шéна т1едиллинарг ду , шуна т1ехь [муьт1ахьаллех] шайна т1едиллинарг ду . Шу цуна муьт1ахь хилахь , нислур ду шу . Элчана т1ехь ма дац , билгала д1акхайкхор [д1акховдор] бен .
55.Аллах1а ч1áг1о йина , шоьх [Дéлах] тешначарна а , шаьш диканаш динчарна а , Шá уьш лаьттахь вéрасаш бийр ма бу [аьлла] , Шá цáрел хьалхарнаш вéрасаш ма — барра , Шá ч1аг1дийр ма ду царна — Шá реза а хилла царна хаьржина долу — цéран дин , Шá хуьйцар ма бу уьш маьршонца [кхерамзаллийца] цéран кхéрар т1аьхьа . Цáра Суна 1ибáдат деш , Суна х1умма а дéкъахо лáцар дóцуш . Шá цул т1аьхьа цатешнарг , уьш бу уьш пéсакънах .
56.[х1ай адамаш] Лáмаз [х1отта] де [шен бехкамашца] , закат ло , [Дéлан] элчана муьт1ахь хила , шоьх [шун Дáла] къинхетам бан тарлóра .
57.Ахьa [лáранé a] малáрийла шаьш [Дéлах] цатешнарш [Тхоьх к1елхьарбовларца Тхо] лаьттахь г1óрасиз деш . Цéран берзар [чуг1ойла] жоьжахати ю . Ма вон верзийла ю-кх и .
58.Х1ай шаьш [Дéлах] тешнарш ! Шоьга [чубахка]
пурба доьхийла шун аьттучáра дóладинчáрá [г1арбаш] а , шоьх г1еметтах1оттазчáрá а кхузза ; 1уьйра лáмазал хьалхá а , делкъана ашa шайн бедарш охьайóхучу хéнá а , пхьуьйра лáмазал т1аьхьá а . [уьш] Ларйаза [1уьналла дóцу] кхоъ [хан] ю шун . Шун т1ехь а , царна т1ехь а цáрел т1аьхьа [чудахка] къа дóцуш . [уьш] Лéлаш [хьийзаш] бу шун т1ехула [ц1ийнан хьашташца шун т1ех1уьттуш] . Шух цхьаберш [лéла] вукхаьрна т1ехула . Иштта Аллах1а билгалдо шуна áяташ . Аллах1 хуушверг , хьекъалаллениг ву .
59.Шух долу бéраша [шаьш] г1еметтах1иттича пурба дехийла , шаьш цáрел хьалхарчáра ма — деххара . Иштта Аллах1а билгалдо шуна Шен áяташ . Аллах1 хууш верг , хьéкъалаллéниг ву .
60.Зударех къéнаберш , шаьш мáрене догдóхуш бóцу , царна т1ехь къа дац шайн [т1ехулара] бедарш охьайáхарехь , хазалла гучуйоккхуш бóцуш . [делахь а] Оьзда [хьулбелла] хилар тоьлуш ду царна . Аллах1 хезаш верг , хууш верг ву .
61.Б1аьрзéчуна т1ехь къа дац , астаг1чуна т1ехь къа дац , цомгушчуна т1ехь къа дац , шун дог1маш [шун] т1ехь а дац ашa шайн х1усамашкара яарх а , йа шайн дай х1усамашкара а , йа шайн нáнойн х1усамашкара а , йа шайн вежарийн х1усамашкара а , йа шайн йижарийн х1усамашкара а , йа шайн ден-вежарийн х1усамашкара а , йа шайн ден-йижарийн х1усамашкара а , йа шен дóг1анаш шун дóлахь долчуьра а , йа шун доттаг1чуьра а , шун т1ехь къа дац ашa цхьана , йа къаьстина [шайн-шайна] яарехь а . Шаьш х1усамаш чудоьвлча , ашa салам ло шайга [вовшашка] Аллах1ана гергара беркатéчу , ц1енчу маршаллийца .
62.Баккъалла а муъманах — шаьш Аллах1ах а , Цуьнан элчанах а тешнарш бу . Шаьш цуьнца [элчанца] цхьана юкъарчу [гуламéчу] г1уллакхехь хилча , шаьш цуьнгара пурба даккхалца д1ацабахнарш . Баккъалла а шаьш хьоьга пурба доьхурш , уьш бу шаьш Аллах1ах а , Цуьнан элчанах а тéшарш . Цáра хьоьга шайн цхьаццадолу г1уллакхна пурба дехча , ахьa пурба лó цáрех хьайна лиъначуна , царна гечдар дéха Аллах1е . Баккъалла а Аллах1 гечдийриг , къинхетамениг ву .
63.Ашa ма диэ шайна юкъахь элчане кхайкхар , шух цхьаболчáра вукхаьрга [ашa вовшашка] кхайкхар санна . Бакъдолуш , Аллах1ана бевза шух [элчан пурба а дóцуш] шаьш [маьждигéра] лечкъина къайлабуьйлурш . Шаьш цуьнан омaрна дуьхьало йийраш ларлойла , шайна [т1е шаьш зуьйш цхьа] бáла бáрах , йа шайна [эхартахь] лазабен 1áзап дáрах .
64.Дéра , баккъалла а Аллах1ан [дóлахь ма] ду стигланашкахь а , лаьттахь а [мел] дерг . Бакъдолуш , Цуна хаа [массо а] шу шéна т1ехь дерг [ашa дийриг] . Уьш Цуьнга берзочу дийнахь , Цо царна хоуьйтур ду цáра [дуьнéнахь] динарг . Аллах1 массо а х1ума хууш ву .
02/12/2015