Хаттар: Хlокху хоьттуш йолчо боху: «шен доттагl еллера, ша цунна тlера шен ахчанах сагlа даьккхича оцунна мел дlакхочур буй, оцу дlакхелхина йолчуьнан шен кlант а ву?».
Жоп: Хlаъ, хlумма а дац зудчо шен цхьаболчу гергарчарна а, иштта доттагlашна тlера а сагlа даларха. Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) аьлла: «адаман Iамал и деллачулла тlаьхьа дlахедаш ю кхо хlума доцург: [царах ду] наха пайда оьцу сагlа….» Нагахь санна цо сагlина хlума еллехь я цхьа хlума массарга а пайда эцийта йитнехь, пайда хира бу цунна [цунах]. Иштта кхечо цунна тlера сагlа делча а пайда хира бу оцу веллачунна цунах, кхечо дина доlанах цунна пайда хиларе терра. Нагахь санна ахь хьайн доттагlчунна тlера иза елча сагlа лахь, я хьайн хьешанна, я гергарчунна тlера сагlа лахь, я ахьа доlа дахь, я цунна тlера хьо хьажи цlа йодахь, я lумрат дахь иза деригге а дика ду, Аллахlа цунах беллачарна пайда бийра бу.
Фатава нурун-Iалад-дарб, 14/277. Шайх ибн Баз.