|
|
||
|
«Цуьнан (Юсуф пайхамаран ден) ши бIаьрг сингаттамна кIайбелира, и шегахь (чIогIа) хьулбарна». «Цхьанна а дена ца хаьа вайгахь болу сингаттам иза вай гучубаккхалц. Амма, АллахIана хууш бу хьоьгахь болу сингаттам, и хьул а бина хьо тапп-аьлла Iаш велахь а». Шайх IабдуллахI Балкъа́сим «مَنْ سَرَّهُ أَنْ يَكُونَ أَقْوَى النَّاس فَلْيَتَوَكَّلْ على الله». «Нахана юкъахь уггаре а ницкъ болуш хила луучо, болх АллахIана тIебуьллийла». Имам Ибнул-Къаййим — Задул-маIад, 2/364. «Ялсаманин охIланна Сийлахь-Веза АллахI гича, ялсаманин ниIматаш дицлур ду царна». Имам Ибнул-Къаййим — Ровдатул-мухьиббийн, 422. Iеламнаха аьлла: Маьждиг чу вахча, хьалхара могIанехь охьахаа меттиг болуш хьо тIехьара могIане охьахаахь, ахь хьайна зулам дина хьуна. ХIокху Зул-Хьижжат беттан хьалхара итт дийнахь алсам такбир дар суннат ду. АллáхIу акбар, АллáхIу акбар, Имам Ибн Ражаба (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла: «Къинойх ларлолаш, бакъдолуш, цара къинхетам бечу (езачу) хенашкахь гечдарах воккху шуна». «احذروا المعاصي، فإنها تحرم المغفرة في مواسم الرحمة». ЛатIаа́ифул-маIаа́риф, 295. АллахIан Элчано (ﷺ) аьлла: «Дуьненан уггаре деза денош — (Зул-Хьижжат беттан хьалхара) итт де ду». «أفضلُ أيامِ الدُّنْيا أيامُ العَشْرِ». Сахьихьул-Жа́миI, 1133. |
||
|
© 2008 - 2026 ИС - All Rights Reserved Powered by WordPress & Atahualpa |
||