button-2888 button-2888 button-2888 button-2888

Къинан тешаш

«Къемат дийнахь ахь латийнчу къинна тешалла дийр ду АллахIа а, маликаша а, матто а, куьйгаша а, когаша а, хазаро а, бIаьрсино а, чкъуро а, жижиго а, даьIахкаша а, ахь и къа латочу хенахь хьешна долчу лаьтто а».

Хьайн мотт ларбе

Шайх Мухьаммад ибн Салихь ал-lусаймийнас (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла: «Хьайн мотт ларбе. Бакъдолуш, ахь мел олург, тептар тIе дIаяздеш ду хьуна. Юха, къемат-дийнахь, хьуна хьалха дуьллур долуш а ду хьуна и». 

احفظ لسانك فإن الصحف سوف يُكتب فيها ‏كل ما تقول وسوف تنشر لك يوم القيامة

Тафсир жуз Iамма, 73.

 

Къонахчуьнан оьздангалла йохош долу хIуманаш | Анзор ал-АзхIарий

Бакъболу бала

Имам Ибнул-Къаййим ал-Жавзийс (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла:

«Бусалба динах хьакхалуш боцу муьлха а бала атта бала бу. Ма-дарра аьлча, и (дуьненан бала) ниIмат ду. Бакъболу бала, бусалба динехь зуьйш тIебеана болу бала бу».

كُلَّ مُصِيبَةٍ دُونَ مُصِيبَةِ الدِّينِ فَهَيِّنَةٌ، وَأَنَّهَا فِي الْحَقِيقَةِ نِعْمَةٌ، وَالْمُصِيبَةُ الْحَقِيقِيَّةُ مُصِيبَةُ الدِّينِ

Мада́рижус-са́ликийн, 1/306

Ойла еш Къуръан дешар

Ибн Ражаба (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла: «Суннат Iибадатех уггаре а чIогIа АллахI воьзуьйтуш долу Iибадат — Къуръан дешар ду, къаьсттина ойла а еш (и дешар)».

أعظم ما تحصل به محبة الله من النوافل :تلاوة القرآن، وخصوصا مع التدبر

Мажмуlур-расáил, 4/87.

Ислам дин

«Ислам дин — доккха ниIмат ду, нагахь вай цунах кхеташ делахь!
ИбрахIим пайхамара шен дена и ниIмат хиларе сатийсина, Нухь пайхамара шен кIантана и хиларе сатийсина, Мухьаммад пайхамара (ﷺ) шен девешина и ниIмат хиларе сатийсина.
Ткъа АллахIа, вай дехна а доццушехь, я и хиларе сатийсина а доццушехь делла вайна и ниIмат».

«Баккъалла а, АллахI адамашца Комаьрша ву, делахь а, дукхах долу адамаш баркалле дац». Сурат, ГIафир, 61.

Лай шен Далла уггаре а герга хуьлу меттиг

Абу ХIурайрата (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан Элчано (ﷺ) элира аьлла:

«Лай шен Далла уггаре а герга, сужудехь волуш хуьлу. Ткъа (цу сужудехь) дуккха а доIанаш дойла аша».

Муслим, 482.

Массо бала — вон бац, я массо ниIмат дика а дац

«Бала — ниIмат ду хьуна, нагахь хьо хьайна тIе бала беача АллахIана гергаваханехь. Иштта ниIмат а бу хьуна бала, нагахь хьо хьайна тIе ниIмат деача АллахIана генаваьллехь».

Дуьненан йовхо хааелча, эхартан йовхо дагаяийта еза

Имам Ибн Ражаба (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:

«Маьлхан йовхонехь волчо шена дагаяийта еза, къемат дийнахь цу маьлхан хир йолу йовхо. Бакъдолуш, малх, къемат дийнахь нехан кортошна улле тIе балор болуш бу».

ЛатIа́ифул-маIа́риф, 321.

Ахьмад Хьамза: Сурат «ал-Фажр»

Тафсирул-Жалалайн, Сурат ал-Фажр — скачать