button-2888 button-2888 button-2888 button-2888

Бусалба вешина къитIера валар

Имам Ахьмад Ибн Хьанбала (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла: «Хьайн бусалба вешина къинтIера вала. Хьуна хIун пайда хуьлу, АллахIа хьо бахьанехь цунна Iазап дича?!».

سامح أخاك وما ينفعك أن يعذب الله أخاك المسلم بسببك

Сияру аIлами ан-Нубалаъ, 11/262.

Эхь а, ийман а

Iумаран кIанта IабдуллахIа (АллахI реза хуьлда царшинна) дийцина, Пайхамара (ﷺ) элира аьлла: «Бакъдолуш, эхь хетар а, ийман а цхьаьна хIоьттина ду, цаьршиннах цхьаъ дIадаьлча, шолгIаниг а дIадолу».

Ал-Албаний, «Сахьихьул-джамиIис-сагIийр» 1603.

Рузбан дийнахь доIина жоп ло хан ларъяр

«СаIийд ибн Жубайра, Рузбан дийнахь, малхбуз-ламаз динчул тIаьхьа малх чу буззалц, цхьаьнге къамел ца дора, доIина жоп ло хан ларъеш».

ФикъхIун-нафс, 115.

Интернет лелочарна насихьат

Шен бала боцург лелор

Имам ал-Хьасан ал-Басрийс (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла:

«Стага шен бала боцург лелош хилар, АллахIа и лай дIатесна хиларан билгало ю».

ФикъхIун-нафс, 221.

Iилманга вай хьашт хилар

Имам Ахьмад Ибн Хьанбала (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:

«Нахана Iилма бепигал а, хинал а алсам хьашт ду. ХIунда аьлча, Iилма массо а хенахь оьшу, ткъа бепиг а, хи а дийнахь цкъа я шозза бен ца оьшу».

ФикъхIун-нафс, 302.

ЖамаIат ламаз лардар

Сулайма́н ибн Хьамза ал-Макъдисийс (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:

«Шозза бен парз ламаз айса цхьалха дина дац ас. И ши ламаз айса дина аьлла хеташ а вац со (жамаIатца и шиъ цадар бахьана долуш)». Цо и олучу хенахь, дезткъе итт шо хилла цуьнан.

ФикъхIун-нафс, 109.

Бакъдолуш, ойла ян догIуш хIума ду иза!

Цхьаьна доттагIчо шен кхечу доттагIчуьнга хаьттина: «1000 сом алапа а оьцуш, шен цIахь болх бар гIоли ду, я шен цIенна 300 метр бен генахь йоцчу меттигехь 27 000 сом алапа а оьцуш болх бар гIоли ду?» — аьлла.

ДоттагIчо вела а велла жоп делла: «Шеко йоцуш, шен цIенна 300 метр бен генахь йоцчу меттигехь болх бар гIоли ду-кх» — аьлла.

ТIаккха хаттар дина волчу доттагIчо аьлла: «Иштта башхалла ю хьуна ахь чохь диначу ламазний, маьждигехь диначу ламазний юкъахь».

Бакъдолуш, ойла ян догIуш хIума ду иза!

Гечдар а, рицкъа а лоьхуш вуй хьо?!

ХIай дегI!

Имам Ибнул-Жавзийс (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла:

«ХIай дегI! Цхьа кIеззиг кIадло хьо, Фирдавс ялсаманехь дуккха а садоIур ду ахь».

يا نفس اتعبي قليلاً، تستريحي في الفردوسِ كثيراً

ЛатIáифул-маIáриф, 304.