|
||
ХIокху деношкахь догIмаш чу доьхкина совцийна ду. Амма, мотт хецна бу: гIийбаташ деш, эладиташ дуьйцуш, даьсса, пайда боцу къамелаш деш, кхердаш, бакъдоцу къамелаш даржош. Ибн ал-Къаййима аьлла: «Лаьтта букъ тIехь мотт санна чу йолла хьакъ долуш цхьа а хIума яц». Я АллахI! Тхан меттанаш Хьо хьехорца тIуьна латтаде Ахь. Амин! ШарIо ца магийначух ду: IатIар тоьхна зуда араялар. Иза хьарам а, даккхийчу къинойх къа а ду. АллахIан Элчано (ﷺ) аьлла: «IатIар а тоьхна шех хаза хьожа яийтархьама нахана юккъехула йолаелла зуда, зина дина ю». ат-Тирмизий, 2786. «Хьо бакъонна тIехь вара аьлла зен ца зуьйш а я бала ца хьоьгуш а вуьсур вац. Пайхамарех Яхья а, Закария́ а вийна, Муса махках ваьккхина, Юсуф набахти чу воьллина. Ткъа пайхамарийн эла волу Мухьаммад лаьцна а латтийна, етта а йиттина цунна, махках а ваьккхина иза. Цул тIаьхьа бакъо тоьлла». Шайх Iабдул-Iазийз ат-ТIарифий |
||
© 2008 - 2025 ИС - All Rights Reserved Powered by WordPress & Atahualpa |