|
||
Имам ШафиIийс (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла: «Мархийн баттахь (дийнахь марха а долуш) гIенах левинчо, шен марха лийча а лийчина дIакхобур ду, иза доькхуш кхаба а ца деза цо. Иштта, (мархийн баттахь буьйсанна) шен зудчуьнца эвхьаза гIуллакх деанехь, юха цо лийчар тIера даккхале Iуьйра (ламазан) хан тIекхаьчнехь, цо лийча а лийчина шен марха дIакхобур ду (иза юха доькхуш кхаба а ца деза цо)». مَنْ احْتَلَمَ فِي رَمَضَانَ اغْتَسَلَ وَلَمْ يَقْضِ، وَكَذَلِكَ مَنْ أَصَابَ أَهْلَهُ ثُمَّ طَلَعَ الْفَجْرُ قَبْلَ أَنْ يَغْتَسِلَ اغْتَسَلَ ثُمَّ أَتَمَّ صَوْمَهُ ал-Умм, 2/106. «Марха кхобучарех уггаре гIоли берш, шаьш марха кхобучу хенахь дуккха а АллахI хьехош берш бу, Сийлахь-Веза ву И». Имам Ибнул-Къаййим [ал-Вабил ас-Саййиб, 153]. |
||
© 2008 - 2025 ИС - All Rights Reserved Powered by WordPress & Atahualpa |