button-2888 button-2888 button-2888 button-2888

5. Гергарло хедочуьнца и муха лелор ду?

АллахIаца йолу дог-ойла

«Массо хIуманехь а, Делаца йолу хьайн дог-ойла дика хилийталахь. АллахIаца вон дог-ойла хилар мунепикъийн куьцашха куц ду хьуна».

«وَظَنَنْتُمْ ظَنَّ السَّوْءِ وَكُنْتُمْ قَوْمًا بُورًا»

«…Вон ойланаш йир аша, хIаллакьхилла нах дара шу». Сурат ал-Фатхь, 12 аят.

Меттиго хьайна дуьхьала тешалла дарх ларлолахь!

Цхьаболчу Iелимнаха аьлла:

«Цхьана меттигехь АллахIана Iеса хуьлуш ахь къа латийнехь, цу меттигехь АллахIана муьтIахь хуьлуш а дика Iамал е ахь; (астагIфируллахI бохуш) Деле гечдар доьхийла ахь я АллахI хьехавойла ахь я муьлхха а дика Iамал йойла ахь. Цу меттиго хьуна дуьхьала тешалла ма-дарра, хьоьгахьа а тешалла дийр ду хьуна цо».

4. Гечдеш волу Паччахье товжарал хаза хIун хир ду?!

Ахь нехан сакхташ дарждахь, хьайниш даржошверг карор ву хьуна

«Хьуна хаийла, хьайн бусалба вешин сакхташ ахь даржийча, хьан сакхташ даржошверг АллахIа хьуна а тIетосур вуйла, хьуна хьакъболу бекхам беш».

Шайх ал-lусаймийн — Тафсир сурат ал-Хьужурат, 52.

Шен воцу ден ву ша бахар

Пайхамара (ﷺ) аьлла: «Шен да воций хуъушехь кхечу ден кIант ву ша бохуш волчунна, ялсамани хьарам ю». ал-Бухарий, 6766. Муслим, 63.

3. ДоIанна жоп даларан уггаре доккха бахьана

Бала тIебоьссинчу хенахь къинош летор

ан-НуIман ибн Башийрас (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла: «Гуттар доьхнарг ду, бала тIебоьссинчу хенахь а къинош летор»

ал-Бидая ван-нихIая, 11/680.

Нах буьйцуш ма лела

Iумар ибн ал-ХаттIаба (АллахI реза хуьлда цунна) аьлла: «Нах буьйцуш ма лелалаш, уьш бийцар бала бу шуна. АллахI хьехаве аша, И хьехор къинхетам бу шуна».

МавсуIа ибн Аби ад-Дуня, 7/137.

2. АллахIан ниIматаш дагарлур доцуш дукха ду