button-2888 button-2888 button-2888 button-2888

15. Iибадатехь шайтIано дагатуьйсучу ойланех ларлолахь!

9. Элчанан ﷺ дийцар — Ахьмад Абу Яхья

9-гIа дакъа: Къайлаха кхайкхам — скачать

Витр ламаз

Iелас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан Элчано (ﷺ) витр ламаз а дина элира аьлла: «ХIай Къуръанан охIлу, витр ламаз делаш, бакъдолуш, АллахI (Сийлахь-Веза ву И) цхьаъ ву, Шен лено витр ламаз дар дезаш а ву И».

 عَنْ عَلِيٍّ (رَضِي اللهُ عَنْهُ) قَالَ: أَوْتَرَ رَسُولُ اللهِ (ﷺ) ثُمَّ قَالَ: يَا أَهْلَ الْقُرْآنِ، أَوْتِرُوا، فَإِنَّ اللهَ عَزَّ وَجَلَّ وِتْرٌ يُحِبُّ الْوَتْرَ

Сахьихь сунан ан-Наса́ий, 1674

Сурат Áли-Iимран 25-32 аят — Ахьмад Хьамза (РахьимахIуллахI).

4-гIа дарс: Сурат Áли-Iимран 25-32 аят (Тафсирул-Жалалайн). — скачать

Ахь ког мосузза боккху йоккха ял хуьлуш долу Iибадат

АллахIан Элчано (ﷺ) аьлла: «ПIераскан дийнахь била ма-безза корта а буьлуш, лийча а лийчина, цул тIаьхьа хутIба дIадоладалале, хьалххе хIуман тIехиъна воцуш, гIаш рузбана вахана, вахалуччул имамана улле а вахана, меттах ца хьуьйш, тапъаьлла (хутIбане) ладоьгча, цо хIора яьккхинчу гIулчах цхьана шарахь марханаш кхобуш, буьйсанна гIуьттуш ламазаш деш Iамал йича санна мела хир бу цунна».

مَنْ غَسَّلَ يَوْمَ الْجُمُعَةِ وَاغْتَسَلَ ثُمَّ بَكَّرَ وَابْتَكَرَ وَمَشَى وَلَمْ يَرْكَبْ وَدَنَا مِنَ الإِمَامِ فَاسْتَمَعَ وَلَمْ يَلْغُ كَانَ لَهُ بِكُلِّ خُطْوَةٍ عَمَلُ سَنَةٍ أَجْرُ صِيَامِهَا وَقِيَامِهَا

Абу Давуд, 345.

14. Бозбуанчаллина дарба даран некъаш

13. Къуръан массо цамгарна дарба ду

Сурат Áли-Iимран 18-24 аят — Ахьмад Хьамза (РахьимахIуллахI).

3-гIа дарс: Сурат Áли-Iимран 18-24 аят (Тафсирул-Жалалайн). — скачать

Дарба доцуш цхьа а цамгар яц

АллахIан Элчано (ﷺ) аьлла: «АллахIа цхьа а цамгар йоссийна ма яц, цунна (дуьхьала) дарба доссийна бен».

مَا أنْزَلَ اللَّهُ دَاءً إلَّا أنْزَلَ لَهُ شِفَاءً

ал-Бухарий, 5678.

8. Элчанан ﷺ дийцар — Ахьмад Абу Яхья

8-гIа дакъа: Кхайкхаман юьхьаг — скачать