button-2888 button-2888 button-2888 button-2888

Сурат Áли-Iимран 40-41 аят — Ахьмад Хьамза (РахьимахIуллахI).

6-гIа дарс: Сурат Áли-Iимран 40-41 аят (Тафсирул-Жалалайн). — скачать

23. Декхаран бала боккха бу

22. Ирахь ламаз ца далучунна юьззина ял хир юй?

Дала Шена хастамбийриг ниIматехь соввокхху

«АллахIа шена цхьа ниIмат делла волчу стага “Алхьамду лиллáхIиллази́ биниIматихIи́ татиммуссóлихьáт*” алахь, Сийлахь-Везачу АллахIа долчух кхачам а бийр бу цунна, ниIматехь кхин сов а воккхур ву и».

الحَمْدُ للهِ الَّذِي بِنِعْمَتِهِ تَتِمُّ الصَّالِحَاتُ

Хьилятул-авлияъ, 2/148.

________________
*Цуьнан ниIматаца диканаш дуьззина кхочуш хуьлуш волчу АллахIана хастам бу.

21. Ламазехь сих-сиха вицваларан бахьана

КIант вина я йоI йина — олий ца хоттура цара

Iайшата (АллахI реза хуьлда цунна) шен гергарчарех цхьанна бе́р дича, «КIант вина я йоI йина?» — олий, ца хоттура. Амма, цо хоттура: «Могуш а долуш даьллий и дуьненчу?» — олий. Ткъа шега «хIаъ» аьлла жоп делча, цо олура: «Хастам бу АллахIана, Iаламийн Далла».

ал-Адабул-муфрад, 1256.

20. Маса дуй къарбина хууш цахилча хIун дан деза?

Дог нуьре дечу бахьанех цхьадерг

Имам ШафиIийс (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла: «Къиношна генаваларо а, шен бала боцург Iаддитаро а дог нуьре до (нийсонна а, бакъонна а тIенисво)».

اجتِنَابُ المَعَاصِي وَتَرْكُ مَا لاَ يَعْنِيْكَ يُنَوِّرُ القَلْبَ

Сияру аIла́ми ан-Нубала́ъ, 10/98.

19. ГIийбатан къинах дIа муха цIанвала веза?

Варийлаш, гIийбатах ларлолаш

Имам ал-Хьасан ал-Басрийс (РахьимахIуллахI) аьлла: «Варийлаш, гIийбатах ларлолаш! Со Шен керахь волчу АллахIах дуй ма буу ас, цIаро дечиг дагочул а сиха ягайой дIа ма йоху цо дика Iамалш».

قال الحسن البصري رحمه الله: إياكم والغيبة، والذي نفسي بيده، لهي أسرع في الحسنات من النار في الحطب

ал-ГIийбату ван-намима, 163.