button-2888 button-2888 button-2888 button-2888

Адабул-муфрад 1-ра дакъа

1-ра дакъа — скачать | Абу IабдуллахI

Къонахошка доцца кехат

Хьан зуда хьо воцчун кхин цхьанне ма яц. Цундела, хийрачу божарийн бIаьргех ларъеш дIахьулъе иза, хьо яхь, эмгаралла йолуш велахь!

Ламаз хIунда до вай?!

9. Ламазо кегий къинош дIадоху — скачать

Iамал бух цIена буй хьажий бен ма е

Абул-Фараж ибн ал-Жавзийс (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:

«Варийлахь, Iилма а доцуш Iибадат дарах ларлолахь! Бакъдолуш, дукхах болу суьпа нах а, суфисташ а Iилма а доцуш Iамал яр бахьанехь нийсачу новкъах тилла хьуна».

«إياك أن تتشاغل بالتعبد من غير علم ، فإن خلقاً كثيراً من المتزهدين المتصوفة ضلوا طريق الهدى إذ عملوا بغير علم»

Сайдул-хатIир, 512.

Хьарамдерг

«АллахIа а, Цуьнан Элчано а хьарам мел динчу хIуманехь зен алсам ду пайданал».

.«كل ما حرمه الله ورسوله فضرره أعظم من نفعه»

МажмуIул-фатава, 35/171.

Питанаш — Iилма доцучехь даьржа

«Цхьана махкахь я кIоштахь Iилма даьржича, цигарчу нахана юкъахь вон хIуманаш лахло. Ткъа цигара Iилма дIадаьлча, вон мел дерг а, телхина мел дерг а даьржа цигахь».

.وإذا ظَهَرَ العِلْمُ ‌في ‌بَلَدٍ ‌أو ‌مَحَلَّةٍ قَلَّ الشَّرُّ في أهْلِها، وإذا خَفَى العِلْمُ هُناكَ ظَهَرَ الشَّرُّ والفَسَادُ

Имам Ибнул-Къаййим — ИIла́мул-мукъиIийн, 5/257.

Бакъдерг а, ницкъ а

«Шеца ницкъ боцу бакъдерг гIийла ду. Шеца бакъдерг доцу ницкъ а зуламе бу. Ткъа бакъдерг а, ницкъ а цхьаьнакхетча, нийсо дIахIутту».

Шайх Iабдул-Iазийз ат-ТIарийфий

АллахIана уггаре ца еза меттигаш

Абу ХIурайрата (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан Элчано (ﷺ) элира аьлла: «АллахIана уггаре дукха езаш йолу меттигаш маьждигаш ду, ткъа АллахIана уггаре ца езаш йолу меттигаш базарш ю». Муслим, 671.

Имам ан-Нававис (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла: “«АллахIана уггаре ца езаш йолу меттигаш базарш ю», хIунда аьлча цигахь пуьташ а, Iехор а, риба а, харц дуйнаш даар а, дош ца лардар а, АллахI ца хьехор а долун дела, уьш доцург кхин а царех тера хIуманаш долун дела.
Маьждигаш къинхетам буссу меттигаш ю, ткъа базарш цу къинхетаман бIостане хIуманаш долу меттигаш ю”.

Шархьун-Нававий Iала́ сахьихьи Муслим, 5/171.

16. Аятул-курсийн дозалла

15. Бусалба нах кхечарех схьакъастош долу Iибадат