button-2888 button-2888 button-2888 button-2888

Рамадан баттахь санна хила кхечу бетнашкахь а

Iамр ибн Къайса (АллахIа къинхетам бойла цунах) олуш хилла: «Декъал хуьлда, Рамадан бутт тIебале хьалха (бусалба динехь) нисвелларг».

ЛатIа́ифул-маIа́риф, 138.

Ламазехь марзо ца караяран бахьана

«Хьайн ламазехь хьуна марзо ца караяхь, хаалахь хьан дагчу марзо ца кхочуьйтуш хьан ламазехь кхачамбацар а, сакхат а дуйла».

Бава́батул-хушу́Iи фис-сала́ти, 15.

Нигат

«Кхана марха кхобур ду ас аьлла дагадеанчо — нигат дина».

«من خطر بقلبه أنه صائم غدا فقد نوى».

Ибн Таймийя — ал-Фата́ва́ ал-кубра́, 5/375.

3. Марха кхобуш волчунна ши хазахетар ду | Шайх СаIд ал-Iатийкъ

Рамадан баттахь хуьлуш долу уггаре доккха зен

Рамадан баттахь хуьлуш долу уггаре доккха зен — хьо мукъа Iар ду. Адаман са, бакъонна а, АллахIана муьтIахь хиларна тIехь а къахьоьгуш дацахь, харцонна а, АллахIана Iеса хиларна тIехь а къахьоьгуш хир ду. «Бакъдолуш, са вониг хьоьхуш ду».

Жиммал шайн электронни гIирсаш дIа а байъий, Къуръан деша а, Дела хьехо а мукъадовла!

Шайх Ахьмад Iиса ал-МаIсаравий

2. Рамадан бутт — ялсамани ю | Шайх СаIд ал-Iатийкъ

1. Рамадан батте кхачар доккха ниIмат ду | Шайх СаIд ал-Iатийкъ

Бусалба динехь билгал цадеш дисина хIума дац

АллахIан Элчано (ﷺ) аьлла:

«Шу ялсаманина гергадуьгуш долу а, жоьжахатина генадохуш долу а цхьа хIума шуна билгалданза дисина ма дац».

«مَا بَقِيَ شَيْءٌ يُقَرِّبُ مِنَ الْجَنَّةِ، ويُبَاعِدُ مِنَ النَّارِ، إِلَّا وَقَدْ بُيِّنَ لَكُمْ».

ас-Силсилатус-СахьихьахI, 1803.

Цундела, хьайн Iамал Къуръанца а, суннатца а йогIуш юй хьажа!

Уггаре веза авлияъ

«Сийлахь-Везачу АллахIан авлия́ах уггаре дикаверг, везаверг — Элчано (ﷺ) деанарг алсам довза а девзуш цунна тIаьхьавозург ву; асхьа́баш санна, шаьш кху умматехь Элчано (ﷺ) деана дин дуьззина девзаш а, цунна тIаьхьабозуш а хилла болу.
Абу Бакр ас-Сиддийкъ уггаре дукха Элчано (ﷺ) деанарг девзуш а, цуьнца алсам Iамал еш а хилла ву, ткъа иза уггаре веза АллахIан авлияъ ву».

Ибн Таймийя — МажмуIул-фатава, 11/223.

Ийман кучах тера ду

IабдуллахI ибн Рава́хьата а, Абу ад-Дарда́а а (АллахI реза хуьлда цаьршинна) аьлла: «Ийман кучах тера ду: цкъа тIеюху и адамо, юха тIера д1а а йоккху цо и».

ЖáмиIул-Iулуми вал-хьикам, 1/303.