Главная

Коьрта агIо
   Къуръан
   Видео
   Аудио
   Кинош
   Сайташ
   ДоIанаш
   Суьрташ
   Нашидаш
   Хьехамаш
   Жайнийн цIа
   Программаш
   Мультфильмаш
   Хьехаме дешнаш
   Динан программаш
 
 


Жайнийн цIа

Бусалба ялсамане вохуьйтуш долу кхузткъа бахьана

Хастам бу АллахIана. Къинхетам, маршо АллахIан элчанна хуьлда, цуьнан гергарчарна, цуьнан накъосташна, цуьнан новкъа баханчарна.

Цул тIаьхьа:

Шеко яц муъманаша беш болу некъ хIокху дуьненахь Áдама (IалайхIис-салам) заманара къемат де хIотталц шайн даймахка буха боьрзуш беш некъ хилар. Иза цигара уьш лелхийна а, арабаьхна а церан мохк хиларна, церан ден (IалайхIис-салам) бехк-бахьана долуш. Цара хIокху дуьненахь хало, бáла, кIадбалар ла́ро а, уьш гаро а чIогIа хьашт бина уьш цигара дIа а бевлла паргIато а, ирс а долчу махка бахаре, и хьегнарг дерриге царна дицдийр долуш болу, кхечу дакъазаллин а, бáла хьегаран а, кIадваларан а махка ца кхочуш.

Жайна яздинарг: Махьмуд бин Аль-Джами́л Абу Iабдуллáх
Жайна гочдинарг: IабдуллáхIан воI ИбрахIим

скачать

 

Пайхамаран ишкол

Хьоме бераш!  «Пайхамаран ишкол» цIе йолу хIара жима жайна шуна лерина кечдина оха, хIокху жайнин гIоьнца шуна довзийта: АллахI а, Цуьнан элча Мухьаммад а муха веза веза а, муха лара веза а; нахаца муха хила деза а, хьарам-хьанал муха къастон деза а; да-нана, йиша-ваша, гергарнаш муха лара беза а. Боккъал а оьзда, г1иллакхе бусалба муха хила веза а Iамадо хIокху жайно. Беран дог а, ойла а, олург а, лелар а, хьажар а, охьахаар а, хьалагIаттар а, чу-ара далар а, тIекере далар а, духар а оьзда муха хир ду а Iмадо хIокху жайно. ХIунда аьлча пайхамара (АллахIера салам-маршалла хуьлда цунна) аьлла: «ЦIоналла ах дин ду». Хьоме бераш! Къоман тIаьхье! Юкъараллин ирс! Вай тешна ду-кха шу кхуьург хиларехь: АллахIана а, элчанна а муьтIахь долуш, пайхамар везаш, дас-нанас аьлларг деш, йиша-ваша дезаш, гергарлонаш лардеш, гонаха болучарна пайдехь долуш, къинойх гена дуьйлуш, ламазехь леррина долуш, эхь-бехк долуш, шалхонаш йоцуш, мотт цIена лебеш, Делах кхоьруш, Iамал-Iибадат дукха дезаш, Дела хьехор алссам долуш... Хьоме бераш! Шун хаза кхиарах доьзна ду-кха: юкъараллин ирс, оьздангалла, хIусамаш гIиллакхо худар, вовшех дог лозу чкъор а хилла дахар, вониг деъначу муьлххачу а хIусамехь дакъа кхачар...

скачать

 

Бусалба беран гIиллакхаш

Тхан хьоме жима чкъор! Хьалакхуьу кегийрахой! Шуна лерина кечдо оха хIара «Бусалба беран гIиллакхаш» цIе йолу, жима жайна. Шун бераллин хене хьаьжжина дагахь латтон атта хилийта, доца дацдина а хIоттийна вай хIара мехала жайна. ХIокху жайно кхиазхойн верасашна гIолоцург хиларах тешна ду вай: берашна динан хаза гIиллакхаш довзийтарехь а, динан оьздангаллех кхеторехь а, тIекхуьучу кхиазхойн чкъор кхетош-кхиорехь а,  хIунда аьлча тахханехь кхетош-кхиоран гIайгIа ца бахь – ткъа кхана, вайн юкъаралла дIахIуттур ю, акхаройн а, дийнатийн а амале а йирзина. Имам ибн ал-Къаййима (АллахIа къинхетам бойла цуьнах) аьлла: «Шен берана пайдехь дерг Iамор тIаламбоцуш дитиначо а, иза тесна дитиначо а - кхин дойла йоцуш, доккха зулам дина. Дукхах долчу берийн талхар а, церан хьокъехь ледарло яр а, динан парзаш а, суннаташ а Iамонза дисар а - дайн бехкенна ду…». ХIокху жимачу жайно дайшна-наношна а, берийн верасашна а, доьзалан дайшна а гIо лоцур ду, шайна хьалха долчу берашна динан исбаьхьа гIиллакхаш Iаморехь. ХIокху жайно хьоьху: ДIавижаран а, самаваларан а гIиллакхаш, нишка дахаран гIиллакхаш, хIума яаран а, хи маларан а гIиллакхаш, некъан гIиллакхаш, машенна тIехааран гIиллакхаш, тIе хIума йохаран гIиллакхаш, хIусамера ара-чуваларан гIиллакхаш, салам даларан гIиллакхаш,  пурба даккхаран гIиллакхаш, маьждиг чу вахаран гIиллакхаш, гуламан гIиллакхаш, цомгаш хиларан а, цомгашчуьнга хьажа дахаран а гIиллакхаш, КIурIанаца хила деза гIиллакх, АллахIан элчанца хила деза гIиллакх,  деца а, ненаца а хила деза гIиллакх.

Скачать

 

ХIай ийманан мох, хьакхахь!

ХIара жима жайна Iáсаллин охIланха набаро бийшийнарш а, къинойн дайшха гIóпал берш ( ледар берш ) а самабахар Iалашо йолуш яздина ду. Валар тIехIоттале цара къинош дIатийсар а, хан герга гIортале цара дегайовхо кховдор а лаам болуш.

ХIара жима жайна делах кхераран охIланха муъманашна а, декъалхиларан вежаршха далла муьтIахь болуш, дикчарна а лерина ду. Къинойн Iинах чубахарха уьш ларбалийтар лаам болуш.

Цу тIехь аса хьахийна даккхийчу а, иршачу а къиноша йуьтуш йолу лараш, цундела иза деша хьовса бIаьргашцачул хьалха дегнашца. Шайн дикачу доIана юкъахь тхо диц а ма де.

Жайна динарг: док. Хáлид Абý Шáдú
Гочдинарг: Ирезин Халид

Еша - скачать

 

Сан Дела АллахI ву

Лараме ешархой! ХIокху жайнин цIе «Сан Дела АллахI ву» ю. ХIокху жайно чулаьцна бусалба адамна хаар уггаре хьалхара а, коьрта а долу хIума – АллахI вовзар, АллахIца гIиллакхе хилар. Иштта чулаьцна адам даима ша тIетевжачуьнга а, болх тIебуьллучуьнга а хьашт хилар. ХIора адамна Iедалан ницкъ оьшуш хилар а - шен сийлахьчу дахарна, кхерамазаллина, деган паргIатонна юкъара а болуш, цунна дехнарг луш, и кхоьручу хIуманах ларвеш болу. Цхьацца масале дийцарш а ду кхузахь: «Хин кема», «Бешан да» цIераш йолу. ХIокху жайно йовзуьйту АллахIан тIех хаза цIераш, довзуьйту Цуьнан исбаьхьа куьцаш, билгалдоккху Дела къинхетаме хилар.

Гочдинарг: Ирезин Халид

Еша - скачать

Календарь

 

 
сайтан хьесапаш
 
Тхан баннер

 

 


E-mail: islamanserlo@gmail.com
ХIокху сайтан ерриге бакъонаш ларйина ю © 2008  www.islamanserlo.net