Хьехам х1оттийнарг
Турпалан к1ант Фарукъ
Хастам бу АллахIана, Иза хеставо вай, Цуьнгара гIо доьху
вай, Цуьнга гечдар доьху вай.
Ваьш лардар а доьху вай АллахIе - вайгахь долчу вочу
хIуманех а, вайца долчу вочу г1уллакхех а.
АллахIа нисвинарг цхьаьнгге галваккхалур вац, Цо
галваьккхинарг цхьаьнгге нислур а вац.
Аса тоьшалла до: АллахI воцург кхин дела вац, Ша цхьаъ
волуш, Шеца накъост а воцуш.
Аса юха а тоьшалла до: Мухьаммад (Аллах1ера къинхетам а,
маршо а хуьлда цунна) Цуьнан лай а, элча а хиларца.
Цул тIаьхьа.
Сийлахь волчу АллахIа
боху:
يَـآاَيُّهَا
الَّذِينَ اَمَنُوا اتِّقُوا اللهَ
حَقِّ تُقَاتِهِ وَلاَ تَمُوتُنَّ إِلاَّ وَ أَنْتُمْ
مُسْلِمُونَ.
/ 3:102 /
«ХIай иман диллинарш! Шу кхоьрийла
АллахIах, кхера ма-деззара, шу дала ма лойла бусалбанаш долуш бен»
(3: 102).
Сийлахь волчу АллахIа
боху:
(يَـآاَيُّهَاالنَاسُ اتَّقُوا رَبَّكُمُ الَّذِى خَلَقَكُمْ مِنْ نَفْسٍ
وَاحِدَةٍ وَخَلَقَ مِنْهَا زَوْجَهَا وَبَثَّ مِنْهُمَا رِجَالاً كَثِيرًا
وَنِسَآءً وَاتَّقُوا اللَّهَ الَّذِي تَسَآءَلُونَ بِهِ
وَالْأَرْحَامَ إِنَّ اللَّهَ كَانَ عَلَيْكُمْ رَقِيبا).
4: 1.
«ХIай нах! Шайн Делах кхера, цхьана дегIах
шу кхоьллина волчу, цуьнах цунна зуда кхоьллинчу а, цу шиннах дуккха а
зударий, стегарий кхоьллина (уьш баржийначу а).
Аллах1ах кхера, Цуьнан ц1арца аша вовшашка х1ума доьхуш волчу, гергарлонаш
хедохорах а кхера. Баккъалла а, Аллах1 шун терго еш ву»
(4: 1).
Сийлахь волчу АллахIа
боху:
(يَـآاَيُّهَاالَّذِينَ اَمَنُوا اتَّقُوااللهَ وَقُولُوا قَوْلاً سَدِيدًا.
يُصْلِحْ لَكُمْ اَعْمَالَكُمْ وَيَغْفِرْ لَكُمْ ذُنُوبَكُمْ وَمَنْ يُطِعِ اللهَ
وَرَسُولَهُ فَقَدْ فَازَ فَوْزًا عَظِيمًا).
الأحزاب: 70-71.
«ХIай
иман диллинарш! АллахIах кхера, нийса дош а ала, шун Iамалш тоян а, шун къиношна
гечдан а. АллахIана а, Цуьнан элчанна а муьтIахь хилларг декъала хилла доккхачу
декъалаллица» («Ахьзаб»: 70-71).
АллахIа боху вайга: бусалба а хила, бусалба долуш Шена
дуьхьал а дуьйла.
Вай, инша АллахI, буьйцур бу, кху дуьненчохь церан
къахьега дезахь а, халонаш лан езахь а, баланаш лан безахь а, амма царна чуьра
са арадаьллачул тIаьхьа, кошан Iазап доцуш, цу чохь барт-хаттар а доцуш, цхьа
хьесап а доцуш, АллахIана улле ваха уггаре гIолехь болу некъ. Иза джихIадан некъ
бу, хьайн дегIаца а, даьхница а деш долчу.
Хастам АллахIана бу-кха, Iаламаш кхобуш а, кхиош а волчу.
Аллах1ера къинхетам а, маршо а хуьлда Делах кхийриначеран
имам волчу а, муджахIидийн амир волчу а Мухьаммадана, цуьнан доьзална а, динан
байракх яржийна болчу цуьнан асхьабашна а, джихIад а деш, Аллах1ан дош толон
тIом а беш, умматах дIабаханчу берриге бусалбанашна а. Ерриге хенашкахь а,
заманашкахь а оцу новкъа царна тIаьхьа бог1у болчу массарна а хуьлда.
Цул тIаьхьа.
Х1ара боцца хьехам -
джихIад дитаран хьокъехь бу.
АллахIа, Лекха ву Иза, аьлла:
(يَـآ
اَيُّهَا الَّذِينَ اَمَنُوا مَالَكُمْ إِذَاقِيلَ لَكُمُ انْفِرُوافِي سَبِيلِ
اللهِ اثَّاقَلْتُمْ إِلَى الأَرْضِ. أَرَضِيتُمْ بِالْحَيَوةِ الدُّنْيَا مِنَ
اْلأَخِرَةِ. فَمَا مَتَاعُ الْحَيَوةِ الدُنْيَا فِى الاَخِرَةِ إِلأَّ قَلِيلٌ.
إِلاَّ تَنْفِرُوا يُعَذِِّبْكُمْ عَذَابًا أَلِيمًا وَيَسْتَبْدِلْ قَوْمًا
غَيرَكُمْ وَلاَتَضُرُّوهُ شَيْئًا وَالَّلهُ عَلَى كُلِّ شَيْءٍ قَدِيرٌ).
التوبة: 38-39
«ХIай иман диллинарш! ХIун хилла
шуна? Шуьга аьлча: АллахIан новкъахь (джихIаде)
арадовла, латтане дирзи шу, шу реза хили дуьненан дахарна, эхартана доцуш
(эхартан дахарна реза доцуш).
Дуьненан дахарх пайда ма бац эхартана (пайдане
дилча) кIеззиг бен. Шу ара ца довлахь
(джихIаде),
Цо шуна лур ма ду лазош долу Iазап, шух хийцина кхин къам а кхуллур ма ду, аша
Цунна цхьа а зен дийр ма дац. АллахI доллучу хIуманна ницкъ кхочуш ву»
(«Товбат»: 38-39).
Имам Къуртубийс боху:
«ХIара чIогIа лер а, бехкбаккхар а, Iазап кхайкхор а
ду джихIад Iадда дитарна. ХIара тIехтохам бу джихIаде араваларехь сихо ца ярна».
(اثَّاقَلْتُمْ إِلَى الأَرْضِ)
«Латтане дирзи шу»
бохучу оцу аятан маьIна ду, лаьттара шайна схьахуьлуш долчу диканех хада ца лаьа
шуна, я лаьтта тIехь Iер-дахар дезаделла шуна бохург.
АллахIа, Лекха ву Иза, аьлла:
(فَرِحَ الْمُخَلَّفُونَ بِمَقْعَدِهِمْ خِلاَفَ رَسُولِ اللهِ وَ كَرِهُواَنْ
يُجَاهِدُوا بِاَمْوَالِهِمْ وَاَنْفُسِهِمْ فِى سَبِيلِ اللهِ وَقَالُوا
لاَتَنْفِرُوا فِى الْحَرِّ قُلْ نَارُ جَهَنَّمَ أَشَدُّ حَرًّا لَوْ كَانُوا
يَفْقَهُونَ. فَلْيَضْحَكُوا قَلِيلاً وَلْيَبْكُوا كثِيرًا جَزَآءً بِمَا
كَانُواْيَكْسِبُونَ. فَاِنْ رَجَعَكَ اللهُ إِلَى طَآئِفةٍ مِنْهُمْ
فَاسْتَئْذَنُوكَ َلِلْخُرُوجِ فَقُل لَنْ تَخْرُجُوا مَعِىَ أَبَدًا وَلَنْ
تُقَاتِلُوا مَعِىَ عَدُوًًّا إِنَّكُمْ رَضِيتُمْ بِالْقُعُودِ أَوَّلَ مَرَّةٍ
فَاقْعُدُوا مَعَ الْخَالِفِينَ وَلاَ تُصَلِّ عَلَى أَحَدٍ مِنْهُمْ مَاتَ أَبَدًا
وَلاَتَقُمْ عَلَى قَبْرِهِ إِنَّهُنْ كَفَرُوا بِاللهِ وَرَسُولِهِ وَ مَاتُوا
وَهُمْ فَاسِقُونَ).
التوبة: 81-83
«ГIадбахана
самукъаделира джихIаде цабаханачеран, шаьш цIахь биссарна.
Делан элча вацара
(гIадвахана, уьш
санна самукъадаьлла, я ц1ахь висна а),
царна ца дийзира шайн даьхнешца а, догIмашца а Делан новкъахь джихIад дар. Ткъа
цара элира: «Ара ма довла (джихIаде)
кху йовхонехь». Ала (цаьрга, хIай Мухьаммад)
жоьжагIатин цIе цул тIех чIогIа йовха ю, уьш белара кхеташ. Ткъа шу кIеззиг
дела, дуккха а делха. Бекхам бу цара деш хиллачунна. Ткъа хьо, АллахIа царах
цхьана тобанах тохахь, цара хьоьга арабовла пурба а дехахь
(джихIаде бахка), ткъа
ахьа ала цаьрга: «Довлане ара ма довла соьца цкъа а. Аша я банне тIом а ма бе
соьца цкъа а хIетте мостагIчуьнца. Шу дуьххьара а реза хилира ара ца довла
(джихIаде),
шу цIахь Iе Iашболчаьрца. Ахьа ламаз ма де (хIай
пайхамар) царах веллачуна цхьанне цкъа,
цуьнан коша тIе ма хIотта. Цара керстаналла дина АллахIаца а, Цуьнан элчанца а,
уьш бала а белла шаьш песикъаш болуш» («Товбат»:
81-83).
Хьажахь, ткъа, сан ваша, Дала хьоьх къинхетам барг, хIокху кхайкхочу
чIогIачу Iазапе, йоккхачу сийсазлоне, лазамечу балане, хIаллаквечу сингаттаме -
джихIаде ара ца ваьллачунна, цIахь хиъна Iийначунна, оцу некъана рицкъа хьажо ца
лиъначунна.
ХIара аяташ, шайн диссар билггал цхьана къоман а, нехан а хьокъехь
делахь, цаьргахь ирча а, буьрса а кхерам гайтар ду, цу къомо а, наха а динчух
тераниг динчу массарна, важиб долчу джихIаде ара ца бевллачу массарна.
Iумаран кIанта, АллахI реза хуьлда цуна, аьлла, Делан
элчано, АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна, элира аьлла:
«Аша вовшашца (Iайнат)
мехаш беш, хьайбанийн цIоганашна
тIаьхьа а хIиттина, ялтина реза а хилла, джихIад дитахь, АллахIа шуна тIе
сийсазалла тосур ю, и шуна т1ера дIа а йоккхур яц, шу шайн дине дерззалц» (Абу-Давудас
дийцина).
Оцу хьадисан маьIна ду: нах, джихIад а дитина, ялтина я
муьлхха а кхиболчу дуьненан бахамна тIеберзахь, мостагI царна коча вогIур ву, и
таса а лур ву царах, уьш цунна кийча цахиларна, шаьш дIахьош долчу дуьне лехаран
некъашна уьш реза хиларна, цара мостагI вухатохарна кечам бар дитарна. Цундела
цаьрга кхача хьакъ ерг сийсазалла ю. Уьш оцу сийсазаллех хьалха бевр бац шайна
тIехь долчу джихIаде арабовллалц, дин дIа а хIоттош, Исламан гIоьнчий а хуьлуш,
АллахIан дош а айдеш, керстане, цунан охIлане сийсазалла а йоссош.
«Шай дине дерззалц» бохучу
элчанан, АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна, дашо гойту, джихIад дитар,
дуьненах синтем а хилла, дуьненна т1еверзар - динах валаре верзар а, Исламах
дIакъастаре верзар а хилар. Цу т1е кхин оьшуш хIуммаъ дац сийсаз хила а, къа
хила а.
Анас бин Маликас, АллахI реза хуьлда цунна, аьлла, Делан
элчано, АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна, элира аьлла:
«АллахIан новкъахь (джихIадехь)
цкъа гIазот дина верг кхочуш дина ву дерриге АллахIана муьтIахь хилар».
Сийлахь волчу АллахIа
боху:
(فَمَنْ
شَآءَ فَلْيُؤْمِنْ وَمَنْ شَآءَ فَلْيَكْفُرْ إِنَّآ اَعْتَدْنَا لِلظَّالِمِينَ
نَارًا اَحَاطَ بِهِمْ سُرَادِقُهَا). الكهف: 29
«Ткъа луург тоьшийла, луучо
керстаналла дойла, баккъалла, зуламхошна Оха кечйина цIе
(жоьжаг1ати)» («КахIф»:
29).
Анаса аьлла:
«Цхьамма хаьттира: «ХIай Делан элча, хIара хьадис хьоьгара
хезначул тIаьхьа, мила хир ву, джихIад а дитина, охьа хуун верг?». Цо аьлла:
«(ДжихIад а дитина, цунна ара а ца волуш Iийр ву)
АллахIа шена неIалт аьлларг, Иза шена
оьгIазвахнарг, Цо шена инзаре доккха Iазап кечдинарг. ТIаьхьарчу заманахь цхьа
къам (нах)
хир ду, джихIад (зама)
хилар ца хеташ. Сан Далла, Шена гергахь чIагIо йина тIелаьцна, Ша и йохонне а
йохор йоцуш. Муьлхха а лай велахь, Цунна дуьхьал кхетта волу, шена хетарг иза а
долуш, цунна Iазап далар, и тайпана Iазап Iаламашха цхьанне лур доцуш
(Ша мел кхоьллинчу садолчу хIуманна цхьанне)».
Хьадис далийна ибну Iасакира.
Абу-Бакар ас-Сиддикъа, АллахI реза хуьлда цунна, элира
аьлла дийцина:
«Цо нахана хутIба дешна, Делан элча, АллахIера къинхетам
а, маршо а хуьлда цунна, кхелхина шо кхаьчначул тIаьхьа. Ткъа хьалагIаьттира иза,
бIаьргех дуьйлуш хиш а долуш. ТIаккха элира цо: «ХIай
нах! Баккъалла, суна Делан элчано хьалхарчу шарахь, хIокху баттахь, хIокху
минбар тIехь олуш хезна:
«Къомо дитина ма дац АллахIан новкъахь деш долу
джихIад, АллахIа уьш сийсаз хулуьйтуш бен. Къомо дитина ма дац диканиг де алар,
вониг дита алар, АллахIа царна массарна Iазап кхачош бен
(дика верг я вон верг цхьа юкъах а ца вуьтуш)».
И дийцина «Шифаъ ас-Судур» жайнахь.
ТIабараничо изза дийцна, амма доцца, «Хьасан» йолчу
иснадаца, цо аьлла:
«Къомо джихIад дитина дац, АллахIа Iазап царна
массарна кхочуьйтуш бен».
Ибну Iасакирас далийна, шен иснад Муджалидаха ШаIабеха
йолу, цо аьлла:
«Абу-Бакар, Аллах1 реза хуьлда цунна, халиф вина
дIахоттош, цуьнца байIат дича, минбар тIе а ваьлла, и хьадис а дийцина, тIаккха
аьлла цо цуьнан хьокъехь: «АллахIан
новкъахь деш долу джихIад къомо дуьтура ма дац, АллахIа царна тIе къелла йоссош
бен».
Ткъа нагахь ахьа соьга бахахь: «Тхуна нах ма бу гуш,
джихIад Iадда а дитина, ткъа царна юкъахь дуккха а бехаш берш а, хьоладай а ма
бу».
Цунна жоп ду хьуна: «Баккъал болу бахам - иза бух болчу
хьадисехь билгал бинарг бу.
Абу ХIурайрата дийцина, АллахI реза хуьлда цунна,
пайхамара, АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна, элира аьлла:
«Хьал долуш хилар дац даьхний дукха хилар. Бакъдолуш,
хьал хилар - синан паргIат хилар ду».
Вайна нахера схьагушдерг, уьш джихIадах а, хIонсах а
дIабирзичахьана, рицкъа даккхарна уьш тIебирзичахьана, тайп-тайпанарчу
некъашкахула, хьанал я хьарам ца къастош, дуьне гулдан боьлчахьана, АллахIа
царна тIетесна деган къоьлла а, саьхьаралла а, бIаьрмецигалла а ю.
Ткъа цара дIа ца луш духатоьхна шайна тIехь важиб долу
хьаккъаш. Цара гулдан долийна дукха хьарам даьхний.
Хьуна царах наггахь бен карор вац, сийсазалло ша эшийна
верг бен, иза - шена рицкъа шен хьуьнарца тIедогIу моьттуш верг ву. И шех
даларна кхераро, и сов хиларе сатийсаро лай вина лаьцна иза.
Иза вехаш велахьара хир вацара даьхнийн лай. Лайн хьоле
вирзинарг нийса дац вехаш ву алар.
Схьагуш лаьтташ цуьнан бахам белахь а, кийра буьззина
йолчу къелло лай вина хьийзаво иза. ТIехь гуш долчу куц-кепо сийлахь гойтуш
велахь а, цуьнан дог ду сийсазалло голаьцна. Шелвелла стаг кетарх хьаьрчина
дIатерах терра, там хилла тийна Iаш ю цуьнан дагчохь сийсазалла.
Шен карахь долчу туьрца рицкъа доккхуш волчу
къонахчуьнгахь дац цуьнах тера цхьа а хIума я цуьнан куьцаьшха цхьа куц а.
ХIунда аьлча, цуьнан рицкъа - хIонсах ду, туьрца схьаэцна ду. Иштта даьккхина
долу рицкъа схьадеха я схьадаккха вац цхьа а.
ХIонс, цхьа шеко йоцуш, хьанал рицкъа хиларо дог
серладаьккхина, оцу серлоно лелхийна цуьнан дагчуьра саьхьараллин а,
бIаьрмецигаллин а боданаш.
ХIонсан да, схьагуш долчу шен куц-кепехь къен гуш велахь а
- цуьнан кийра бу бахамах буьззина, гуш сийсаза велахь а - сийлаллех дуьззина ду
цуьнан дог, АллахIа, Лекха ву Иза, церан куьцаш иштта дийцина ма-хиллара:
(مُحَمَّدٌ رَسُولُ اللهِ وَالَّذِينَ مَعَهُ أَشِدَّآءُ عَلَى الْكُفَّارِ
رُحَمَآءُ بَيْنَهُمْ تَرَاهُمْ رُكَّعًا سُجَّدًا يَبْتَغُونَ فَضْلاً مِنَ اللهِ
وَ رِضْوَنًا).
الفتح: 29
«Мухьаммад - АллахIан элча ву, цунна тIаьхьа
хIиттинарш луьра бу керстанца, вовшашца къинхетаме бу. Уьш бу рукуIехь а,
суджудехь а Цуьнгара гIо дезаш, Иза реза ван лууш»
(«ал-Фатхьи»: 29).
Ткъа ша доккхуш долу рицкъа шеконаш йолуш верг, сов
даккхаре сатийсаро халкъана хьалха сийсаз винарг, шен куц-сибат сийлахь болчу
нехан санна долуш велахь а, цуьнан кийра буьзна хуьлу тайп-тайпанарчу
сийсазлонашца.
Гуш вехаш велахь а, цуьнан даг чохь ю къоьлла а, саьхьарло
а, сутаралла а, бIаьрмецигалла а.
Сийсаз белхаш ца Iа сийсаз гIиллакхаш дIакховдонза а,
сийсазчу амалашка верзонза а.
(وَاللهُ
يَهْدِى مَنْ يَشَآءُ إِلَى صِرَطٍ مُّسْتَقِيمٍ).
البقرة: 213
«АллахIа
нисво нийсачу новкъа, Шена лиънарг» («Бакъарат»:
213).
Iелин, АллахI реза хуьлда цунна, дийцарехь ду, цо элира
аьлла:
«АллахIан дуьхьа деш долу джихIад ялсаманин неIаршха
цхьа неI ю, АллахIан новкъахь ден джихIад дитина волчунна АллахIа тIейохьур ю
сийсазалла, иза балано а лоцур ву, иштта кегийранаш а сийсаз бийр бу, йокъалла а
яьржар ю, нийсо а дIаер ю».
«Шифаъ ас-судур» ц1ейолчу жайнера схьаэцна.
Иштта, оцу жайнахь дийцина, Асламан кIанта Зайда цуьнан
дегара, элчано, АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна, элира аьлла:
«ДжихIад лаьттар ма ду, стиглара
(догIанан)
тIадам охьа мел богIу. Нахана тIе цхьа зама а йог1ур ма ю, оцу заманахь церан
дешначу наха олуш: «ХIара яц джихIадан зама
(олий)». Ткъа оцу замане ваьллачунна
иза уггаре гIолехь йолу джихIадан зама ю шуна».
Асхьабаша хаьттина: «ХIай Делан элча, и олуш верг хир ву
техьа?». Цо элира: «Хир ву, АллахIан а,
Цуьнан малекийн а, дерриге нехан а неIалт шена хилларг
(цо эра ду иза)».
Абу-ХIурайратас, АллахI реза хуьлда цунна, аьлла,
Делан элчано, АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна, элира аьлла:
«АллахIана дуьхьал вахнарг, джихIад
(даран) лар
(шена тIехь) йоцуш, иза
АллахIана дуьхьал кхетар ву, цунна тIехь таммагIа долуш».
Аби-ХIурайратас, АллахI реза хуьлда цунна, аьлла,
Делан элчано, АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна, элира аьлла:
«Цхьаъ веллехь гIазот данза, я и дан нигат хиланза,
цуьнан валар мунепикъаллин цхьа дакъа долуш хилла».
И хьадис дийцинарг Муслим а, Абу-Давуд а, ибну
Маджат а ву, АллахI реза хуьлда царна.
Абу-Умамата дийцна, АллахI реза хуьлда цунна,
пайхамара, АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна, элира аьлла:
«ГIазот дина воцург, я гIазот дийриг кеч вина воцург,
я гIазот деш волучуьнан доьзалан дика дола дина воцург, АллахIа цуьнга кхачор бу
(къематде доссор ду)
заманан бохам, къематде хIоттале хьалха».
Iабд ар-Раззакъас дийцина, СаIид бин Iабд ал-Iазизера, цо
аьлла:
«Макхьулас олуш хезна суна: АллахIан элчано, АллахIера
къинхетам а, маршо а хуьлда цунна, элира аьлла:
«Цхьа а хIусаман охIла бац, шайх гIазот дийриг ара ца
волуш болу, я гIазот дийриг кеч ца веш болу, я цуьнан доьзалан дика дола ца дина
болу, АллахIа цаьрга бала кхочуьйтур болуш бен, церан 1ожалла т1еяле хьалха».
Хьуна хаийла, хIай хьайна парз дина тIедиллинчу джихIадах
дIахьийзаш верг.
Хьуна
хаийла хIай, аьттонан а, нийсонан а некъашха хераваьлларг. Хьо новкъа ваьлла
хьуна, АллахIа Шен къинхетамах эккхийнарг волчу новкъа. ВаллахIи, д1ахаьдда ма
ву хьо ирсе хиларх, хьайна дезачу хIумане а кхаьчна.
ТIекхуьуш велар-кха со, хIун бахьана ду-техьа хьо г1азотах
юхаваьккхинарг?
ХIун
бахьана ду-техьа турпалхой летачу майданашкахь хьо майрра ца хьуьйзуьйтург?
ХIун
бахьана ду-техьа ахьа АллахIан новкъахь хьайн дегIаца а, даьхница а
бIаьрмецигалла а, сутарло а яр?
Сатийсар, вахаре дог дохийла деха хилар бен дуй-техьа?
Iожалла тIеярах кхерар бен дуй-техьа? Я хьайна безначарех валарна кхерар бен
дуй-техьа? Доьзалах а, даьхнех а валарна кхерар бен дуй-техьа? Я нанас дена
винчу вешех хада цалаар бен дуй-техьа? Я хьайх къахеташ, дог лозуш волчу
гергарчух къаста цалаар бен дуй-техьа? Я сий долуш лелош волчу хьайн дех къастар
цадезар бен дуй-техьа? Я деган доттагIчух а, куьцехь хаза йолчу хьайн зудчух
къаста цалаар бен дуй-техьа? Наха бечу лерамах валарна кхерар бен дуй-техьа? Я
ваьржина, воьхна леларх озавалар бен дуй-техьа? Я яккхийра йинчу
гIишлонех-гIаланех къаста ца лаар бен дуй-техьа?
ХIун ду-техьа хьоьга ца диталуш дерг? Я IиндагIехь Iиллар
дезна-техьа хьуна? Я хьайн тIедуху хазачу духарх воккхавево-техьа хьо? Я
тайп-тайпанарчу мерзачу даарех валар дазделла-техьа хьуна?
Уьш доцурш, кхин бахьанаш хила йиш яц хьоьга джихIад ца
дойтуш дерш! Уьш доцурш цхьа а хIума ма дац хьо джихIадах гена воккхуш дерг!
Ца хеза хьуна, вайн Делан АллахIан дош:
(يَـآاَيُّهَا الَّذِينَ اَمَنُوا مَالَكُمْ إِذَاقِيلَ لَكُمُ انْفِرُوا فِى
سَبِيلِ اللهِ اثَّاقَلْتُمْ إِلَى الْاَرْضِ أَرَضِيتُمْ بِالْحَيَوةِ الدُّنْيَا
مِنَ الْاَخِرَةِ فَمَا مَتَاعُ الْحَيَوةِ الدُّنْيَا فِى الْاَخِرَةِ إِلأَّ
قَلِيلٌ).
التوبة: 38
«ХIай иман диллинарш! ХIун хилла
шуна? Шуьга аьлча: АллахIан новкъахь (джихIаде)
арадовла, латтане дирзи шу, шу реза хили дуьненан дахарна, эхартана доцуш
(эхартан дахарна реза доцуш).
Дуьненан дахарх пайда ма бац эхартана (пайдане
дилча) кIеззиг бен»
(«Товбат»: 38).
ЛадогIа, хьайна доьшуш долчу дог тешочу аяташка а, хьайна
хьалха охьадаржочу къеггинчу хьадисашка а.
Ахьа, само а яй, дикка ладогIахь: бахьана муьлхарг
ду-техьа хьо джихIадана араваларх сацийна дерг? ТIаккха хуур ду хьуна, джихIад
дарх хьо сецош дерг цахилар хьалха вай дагардинчу бахьанех цхьаъ бен.
Сан ваша, дала жоп хьан дацахь, аса лур ду хьоьх жоп, ахьа
тидам бай ладогIалахь.
Хьо джихIад дарах тIаьхьа сецорг ма дац - хьуна хьайн са
дезар а, шайтIано хьо Iехийна хилар а бен, кхин цхьа а бахьана. Ахьа вехха
вахаре туьйсуш долу са а, хьо хьайна тIеярна кхоьруш волу Iожалла а бен, хьо шех
ларлуш долу валар бен, и хьуна тIекхочург хиларехь цхьа а шеко йоцуш долу.
АллахIах дуй ма буу аса: джихIад даро и дечеран хан
кIеззиг ма ца йо, я цIахь Iачеран хан цIахь Iеро ях ма ца йо:
(وَلِكُلِّ اُمَّةٍ اَجَلٌ فَاِذَاجَآءَ اَجَلُهُمْ لاَيَسْتَأْخِرُونَ سَاعَةً
وَلاَ يَسْتَقْدِمُونَ).
الأعراف:34
«ХIора
умматана (адамна, тоьхна)
хан ю, ткъа и хан тIекхаьчча, уьш тIаьхьа тоттур ма бац сахьтанна я цул хьалха
бохур бац» («АIраф»: 34).
(ولَنْ
يُؤَخِّرَاللهُ نَفْسًا اِذَا جَآءَ اَجَلُهَا وَاللهُ خَبِيرٌ بِمَا تَعْمَلُونَ).
المنافقون: 11
«АллахIа
данне са (дегI)
хье долуьйтур дац, цуьнан хан тIекхаьчча, АллахI хууш ву аш дийриг»
(«Мунафикъ»: 11).
(كُلُّ نَفْسٍ ذَآئِقَةُالْمَوْتِ ثُمَّ اِلَيْنَا تُرْجَعُونَ).
العنكبوت:
57
«ХIора
сино валар Iовшур ду. Цул тIаьхьа Тхоьга дерзор ду шу»
(«Iанкабут»: 57).
Баккъалла, валаран халонан билгалонаш ю, цуьнан зерах
чекхваланза хьо ца волуш. Са озоран хало инзаре чIогIа хала ю, ахьа 1овшанза ца
йолуш.
Баккъалла, коша чохь дукха къиза Iазап ду, дикаллин ох1ла
бен цуьнах хьалха ца долуш. Ткъа оцу чохь зерна къастийначу шина малекан барт
хаттар ма ду.
Иштта болчу кхерамал тIаьхьа хьо хир ма ву ирс долучарех
а, даима лаьттар долчу ниIматашкахь а. Я хир ву хьо, дакъаза ваьлла, жоьжагIатин
Iазап хьоьгуш.
Амма! Амма шахIидах дерг аьлча, оцу бериге кхерамех
паргIат хир ву иза, царах хьалхаваьлла хир ву иза, оцу Iазапех кхерар доцуш хир
ву иза.
ЛадогIа, дика тидам а беш ладогIа, Делан элчанан дешнашка.
Делан элчано, АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна, аьлла:
«ШахIидана хаа ца ло кхалхаран лазор, м1ара къовзоран
лазорал башха».
ХIай сан ваша, хьо сецориг хIун ду-техьа, кху баьллачу
аьттонах пайда ца оьцуш? Цул тIаьхьа хьо хьалха волуш а хилча кошан Iазапах,
АллахIана уллерачу хазаллашка хьо кхочуш а хилча, барт-хаттаран, питанийн
кхерамех хьо хьалха волуш а хилча, цул тIаьхьа йолчу ерригечу халонех а,
берригечу кхерамех а хьалха волуш а хилча.
Ткъа шахIидех дерг аьлча, дийна бу уьш, шайн Дала шайна
рицкъа а латтош. Царна ма бац кхерам а, уьш ма бац гIайгIане а, сингаттаме а.
Самукъанехь хир бу уьш АллахIа шайна йинчу комаьршаллина.
Цига кхачаза болчарна кхаьънаш бохуш бу уьш, церан синош ма ду баьццарчу
олхазарийн хардангаш чохь, уггаре лакхарчу ялсаманешкахь а бу уьш. Ма кIеззиг
хIума оьшу-кха, ма-дукъа х1ума ца оьшу-кха иштта сийлахь долчу кхалхарна а,
лазош долчу валарна а юкъахь.
Ахьа бахахь: «Со джихIадах цIахь сецориг сан доьзал а, сан
даьхний а, сан бераш а ду». Ткъа АллахIа, Лекха ву Иза, ма аьлла Шен билгалчу
дашехь:
(وَمَآاَمْوَلُكُمْ وَلآاَوْلاَدُكُمْ بِالَّتِى تُقَرِّبُكُمْ عِنْدَنَا زُلْفَى).
سبا: 37
«Шун
бахамаш а я шун доьзал а ма бац шу Тхуна герга далорах герга далон дерг»
(«Сабаъ»: 37).
АллахIа, Лекха ву Иза, аьлла:
(زُيِّنَ
لِلنَّاسِ حُبُّ الشَّهَوَاتِ مِنَ النِّسَآءِ وَالْبَنِينَ
وَالْقَنَاطِيرِالْمُقَنْطَرَةِ مِنَ الذَّهَبِ وَالْفِضَّةِ والْخَيلِ
الْمُسَوَّمَةِ وَاْلاَنْعَامِ وَالْحَرْثِ ذَلِكَ مَتَاعُ الحَيَوةِ
الدُنْيَا وَالَّلهُ عِنْدَهُ حُسْنُ الْمَئَابِ).
آل عمران: 14
«Нахана
хаздина, даггара безам бахар - зударшка а, берашка а, дешига а, детига а, чот
йоцчу бахаме а, хазачу говрашка а, хьайбанашка а, ялтане а. Иза хене вала
дуьненан дахаран пайда бу, АллахI Шена гергахь уггаре хаза воьрзу меттиг йолуш
ву» («Али-Iимран»: 14).
АллахIа, Лекха ву Иза, аьлла:
(اِعْلَمُوا اَنَّمَا الْحَيَوةُ
الدُّنْيَا لَعِبٌ وَلَهْوٌ وَزِينَةٌ وَتَفَاخُرٌ بَيْنَكُمْ وَتَكَاثُرٌ فى
الْاَمْوَالِ وَالْاَوْلاَدِ كَمَثَلِ غَيْثٍ أَعْجَبَ الْكُفَّارَ نَبَاتُهُ ثُمَّ
يَهِيجُ فَتَرَاهُ مُصْفَرًّا ثُمَّ يَكُُونُ حُطَامًا وَفِى الْاَخِرَةِ عَذَابٌ
شَدِيدٌ وَمَغْفِرَةٌ مِنَ اللهِ وَرِضْوَانٌ وَمَا الْحَيَوةُ الدُّنْيَا اِلاَّ
مَتَاعُ الْغُرُورِ).
الحديد: 20
«Хаийла шуна, дуьненан дахар хилар - ловзар а, синкъерам а, хазалла а,
вовшашлахь аша ден дозалла а, даьхнийн, доьзаллийн дукхалла къийсар а. ДогIах
терра (ду иза),
цуьнан ораматашха (кхиарех)
керстанаш баккхийра бина долу, цул тIаьхьа и мархал лой, мажлой д1ах1оьттина го
хьуна, цул тIаьхьа цуьнах ча хуьлу, эхартахь а чIогIа таIзар ду. АллахIера
гечдар а, резахилар а ду, дуьненан дахар дац тешам боцу пайда бен»
(«Хьадид»: 20 аят).
ХIай сан ваша! Цуьнах терра чулацам а, иштта маьIна а долу
къеггина аяташ Къур1анан юьххьера чаккхене кхаччалц ду хьуна.
Делан элчано, АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна,
аьлла:
«Дуьне делахьара АллахIана гергахь чуьркан тIеман
меха мукъане,
керстанна малор ма бацара цу чуьра хин къурд».
Делан элчано, АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна,
аьлла:
«Шух цхьаьннан ше хиллал йолу ялсаманичуьра меттиг
диках ю дуьненал а, оцу чохь мел долчу хIуманал а. АллахIан новкъахь вахар я вар
диках ду дуьненал а, оцу чохь мел долчу хIуманал а. Ялсаманин охIланах йолчу
йоьIан йовлакх диках ду дуьненал а, оцу чохь мел долчу хIуманал а».
Ткъа хьо вуха муха кхета иштта доккха долчу паччахьаллех?
Доьзал бу хьо г1азот дарах сецориг, кIеззиг хан яьлча беллачарна юккъехь хир
болу? Хьайна цаьргара даима хуьлуш халонаш, мостагIалла доллушехь а, лараме доцу
гIиллакхаш цара хьайца лелошшехь а, ахьа шайна даза диссинчу диканашна хьоьца
хьаьгIнаш лоьццушехь а, хьан бахам лахбелча хьо цара дIатоссушшехь а, хьелаш
хийца ма делли церан хьоьх болу безам дIаболушшехь а.
Цул доккха а, цул тамаше а ду хьуна уьш эхартахь хьоьх
уьдург хилар. Цул инзаре ду хьуна барт хоттучу махьшарахь цара жоп хьоьгара
доьхург хилар, хьо кIел а вуьтуш, хьоьгара жоп дехарехь царах хIора ша-ша хьалха
вала а гIерташ, шайна тIехь болу мохь а, къинош а хьан букъатIе дахка а гIерташ.
Хьо джихIад дарах муха сецор ву дIадала новкъа даьллачу
хIумано, хьоьх дисса новкъа даьллачу хIумано?
Хьан даьхний кхачийча, хьоьх дIахедар бу хьан доттагIий,
хьан доьзалш. Хьо волчу сих-сиха листина болу хьан накъостий хьоьх къехкар ма
бу, и хьан бахам кхачийча.
Амма оцу бахамах барт эхартахь хьоьга бен хоттур-м бац.
Хоттур ду хьоьга: ахьа мичахьара гулдинера и даьхний аьлла, ахьа мичахьа
хьовзийра и даьхний аьлла. Ма доккха хир ду-кха и жоп дехар, ма дазлур ду-кха цу
хаттарна жоп карор.
И жоп дехар хирдолуш ма ду кегийра бераш къежлучу дийнахь,
баланаш, сингаттамаш сов бовлучу дийнахь, къовсам чIагIлучу дийнахь, гатто сов
йолучу дийнахь, хIора нанас шен кIорни тергал ца ечу дийнахь, х1ора нанас ша
дакхош долу шен бер дIатосучу дийнахь, хIора берах йолчу хIумано шен гай чохь
ерг охьатосучу дийнахь - оцу дийнахь хиллачу ницкъан хало бахьанехь. Зуламхой а,
бохамхой а, хьоладай а шайн куьцашца билгал хир болчу дийнахь.
Къеснаша т1ера а, когаш тIера а лаьцна хьесап дийр ду
церан. Барт хоттур бу бахаман дай лаьттиначаьрга чкъуьйригах а, чкъурах а,
йоккхачух а, жимачух а, эшначух а, юьзначух а.
Амма къечарах дерг дийцича, ялсаманичу гIур бу уьш
бехачарал пхи бIе шо хьалха. Юуш а, молуш а, зовкх хьоьгуш а хир бу уьш маршонан
хIусамашкахь.
Ткъа хьо? Х1ай бахаман да, церан хьоле кхача йиш йоцуш
сацийна хир ву хьо, ахьа гулбина бахамаш бахьана долуш. Кхоьруш хир ву хьо,
жоьжагIатин неI ларъечу малеко хьо оцу чу кхосса аьлла омра деш хазарна.
Пайхамара, АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна,
аьлла Абу-ХIурайрате, АллахI реза хуьлда цунна:
«Схьаверза, аса дерриге дуьне гайта хьуна, оцу чохь
мел долчу хIуманца».
Аса элира: «Гайтахь, хIай Делан элча». ТIаккха цо, сан
куьг схьа а лаьцна, Мадинатера боьранашха таьIна меттигера цхьана боьране
валийна, цигахь кхелли яра, оцу юкъахь дара нехан кортош, нехаш, яхкаелла
бехчалгаш, хьайбанийн даьIахкаш. Цо элира:
«ХIай Абу-ХIурайра, хIара кортош хилла хьуна
шайна дезаш (сутара),
тахана шуна ма-деззара, сатуьйсуш хилла хьуна уьш, тахана аша са ма-тийссара,
ткъа тахана даьIахкаш ю уьш, шайна тIехь дилха а доцуш. ХIокхул тIаьхьа царах
хир бу чим (г1ум).
ХIара (хьуна гуш йолу)
нехаш цара диина долу бес-бесара даарш ду, цара гулдина долу, шаьш гулдиначеран,
цул тIаьхьа цара шайн гайшна чутийсина долу. Ткъа хIинца и дIахIоьттина, цуьнах
т1ехбовлучу хенахь, нах цуьнах (цуьнах
йог1учу хьожанна) гена а буьйлуш.
ХIара яхкаелла бехчалгаш, церан доьзаллийн духарш а, бедарш а хилла, х1инца
дIахIиттина уьш, мохо дIа-схьа а хьоькхуш. ХIара даьIахкаш церан хьайбанийн
даьIахкаш ю, царна т1ехь уьш махкашкахула лелла йолу. Ткъа дуьненна воьлхуш верг
хIинца велха». Цигара дIа-схьа ма ца
девлира тхо, тхайн делхар чIагIдаллалц».
Хьуна дага веанехь хьайн сий долу доьзалхо-кIант. Цуьнах
болу хьан къинхетам меттах баьллехь, къинхетамечу ден къинхетам меттах
ма-баллара. Ткъа АллахI ву хьуна Ша бохуш:
(اِنَّمَآ اَمْوَالُكُمْ وَأَوْلاَدُكُمْ فِتْنَةٌ وَاللهُ عِنْدَهُ اَجْرٌ
عَظِيمٌ).
التغابن: 15
«Баккъалла, шун даьхний а, шун доьзалш а
фитна
(зер) ду шун, АллахI
Шегахь доккха совг1ат долуш ву» («ТагIабун»: 15
).
ТаллахIи, дуй ма буу аса, АллахI сов къинхетаме ма ву
бераца цуьнан дел-ненал а, цуьнан вешел а, цуьнан девешел а. Муха вац, цо и
кхиийна хилча дас-нанас кхиол хьалха, Шен къинхетамца, ненан кийрарчу
боданашкахь волуш.
Муха Iа хьо, ара ца волуш даима лаьттан долчу зовкх
хьегаре, Сийлахь волчу АллахIана лулахо хиларе?
Хьайн бер жима делахь - хьо хуьлу цунна сингаттаме, и
доккха делахь - хьо хуьлу цунна гIайгIане, иза могаш делахь - хьо хуьлу цунна
хIума хиларна кхоьруш, иза могаш доцуш хилча - хьан дог детта долуьйту цунна
гатдечу сино. Ахьа иза нисдахь дикане - оьгIаз доьду и хьуна, ахьа цунна хьехар
дахь - хьагI лоцу цо хьоьца.
Цуьнгара даима схьахуьлуш вониг доллушехь - жима долуш
ахьа сахьийзадо цунна. Доккхаллехь г1о эшна хьо цунна тIегIоьртича - хьоьха букъ
бетташ дIахьийза иза. Ахьа комаьршалла йича - хьуна бIаьрмецигалла йо цо.
Ма доккха питана ду-кха иза, хьуна дика хетахь а. Ма бала
бу-кха иза, хьуна ниIмат хетахь а. Хьайгахь боллучу сингаттамца - хьуна лаьа иза
самукъане хилар, хьайн кийра совсийна лаьттачу гIайгIанца - хьуна лаьа иза
доккхадедар. Амма ахьа хьоьга, хьо дан а гIерта хьай ницкъ кхочун боцург.
Дитахь иза (бер), хьайна ницкъ ца беш, иза а, хьо а
Кхоьллиначунна тIебиллахь болх цунна рицкъа хилийтарехь, хьо цуьнах гена ваьлча
хьайна хилийтина воллучунна. АллахIе дIалохьа иза Iалашдар. Хьо дуьненчохь волуш
АллахIе дIа ца ло ахьа цунна доладар, хьо веллачул тIаьхьа хьан карахь ма дац
цунна доладар а, и Iалашдар а, я кIеззиг а, я дукха а.
Дала боху:
(وَ لِلَّهِ مَافِى السَّمَوَتِ وَمَافِى الْأَرْضِ وَإِلَى اللهِ تُرْجَعُ
الأمُورُ)
«АллахI да (паччахь)
волуш ду стигланашкахь а, лаьттанашкахь а, оцу шинна юккъехь долу дерриг.
Аллах1е доьрзур ду дерриге г1уллакхаш».
ВаллахIи, хьан карахь ма дац, хьайна а я цунна а цхьана
ченан г1амарал пайда бар, я мискъал зарратал зен дар. Цуьнан рицкъанах чкъуьйриг
ма яц хьан карахь, я и денвар, я и валийтар ма дац хьан карахь.
ЦIеххьана цостур ву хьо хьан Iожалло, тIаккха суьйренга а
вера ву хьуна хьо, хьайн кошачу охьаваржийна волуш. Хьан сийлахь кIант, хьол
тIаьхьа бо а дуьссуш. Хьан верасо хьан даьхнех ирс а оьцур ду, хьоьх къахеташ
хиллехь а, я хьан мостагI хиллехь а.
ДIа-схьа гIур бу хьан доьзал а, цхьаберш цIахь а, вуьш
кхечу махкахь а баьржина. ТIаккха эра ма ду ахьа: «Со хилла велар-кха
шахIидашца, ма инзаре ирсе хир вара-кх со».
ТIаккха жоп лур ду хьуна: «Ма генахь ду-кха иза, ма
хиндоцург ду-кха иза» аьлла.
ДIадаьлларг дIадаьлла, дохковийларш совдийр
ду хьан. Деккъа айхьа диначуьнца цхьаьна а
вуьссур ву хьо, диканиш делахь а, вониш делахь а.
ЛадогIа, Гечдеш,
Сийлахь волчу АллахIан Даше - хьо самавоккхуш долчу хьайн Iехаваларех, хьайн
г1опал хиларех:
(يآ اَيُّهَاالنَّاسُ
اتَّقُوارَبَّكُمْ وَاخْشَوْا يَوْمًا لاَيَجْزِى وَالِدٌ عَن وَلَدِهِ
وَلاَمَوْلُودٌ هُوَ جَازِعَن وَالِدِهِ شَيْئًا اِنَّ وَعْدَ اللهِ حَقٌّ فَلاَ
تَغُرَّنَّكُمُ الْحَيَوةُ الدُّنْيَا وَلاَ يَغُرَّنَّكُمْ بِاللهِ الْغُرُورُ).
لقمان: 33
«ХIай нах! Кхерийша шайн Делах, дийнах а
кхерийша, дас шен кIентан хIуммаъ метта хIоттон доцучу, я беро метта хIоттон
доцучу шен ден хIуммаъ. Баккъалла, АллахIан ваIад бакъ ю; шу данне Iеха ма дойла
дуьненан дахаро, Iехочо АллахIах Iеха ма дойла шу»
(«Лукъман»: 33 ).
Хьан кIант декъала хиллачех велахь, шуьшиъ цхьаьнакхетар
ву ялсаманехь. Дакъаза бевллачех и велахь, хьо джихIаде аравалахь, АллахIа хьоьх
ван мега шахIид, тIаккха хьан таро хир ю к1антана шапаIат дан. Цуьнах дуьненахь
къастарца хьо хир ву къахьегна, и жоьжагIатах хьалхаваккха.
Сихо е хьо Iазапах хьалха воккхур волчу Iамале,
къахьегарехь сов а вала цу тIехь.
Ткъа кхане йог1ур ю: стаг шен вешех уьдуш, шен ненах
уьдуш, шен дех уьдуш, шен зудчух уьдуш, шен берех уьдуш. Царах хIоранна ша
динарг бен карор дац.
(يَوْمَ يَفِرُّ الْمَرْءُ مِنْ
أَخِيهِ. وَاُمِّهِ وَأَبِيهِ. وَصَاحِبَتِهِ وَبَنِيهِ. لِكُلِّ امْرِئٍ مِنْهُمْ
يَوْمَئِذٍ شَاْنٌ يُغْنِيهِ).
عبس: 34-37
«Оцу дийнахь д1отосур ву стага шен ваша а, нана а, да а, зуда
а, кIант а, царах хIора шен-шен г1айг1а сов
яьлла хир ву» («Iабас»: 34-37).
Исбаьхьа хаза довзийтар а, 1аламат нийсачу новкъа ваккхар
ма ду хIара хьекъал а, кхетам а болучунна.
(...وَاللهُ يَهْدِى مَنْ يَشَآءُ
اِلَى صِرَطٍ مُسْتَقِيمٍ).
البقرة: 213
«АллахIа нийсачу новкъа тIе нисво Шена луург»
(«Бакъарат»: 213).
Ахьа бахахь: «Хала ду суна къастар сайн вешех, сайн
гергарачарех, сайн доттагIех, сайна безачарех». Дала боху хьоьга:
(اَلْاَخِلآَّءُ يَوْمَئِذٍ بَعْضُهُمْ لِبَعْضٍ عَدُوٌّ اِلاَّ الْمُتَّقِينَ).
الزُّخرفْ: 67
«ДоттагIий оцу дийнахь вовшашна мостагIий хир бу, АллахIах кхийринарш боцурш»
(«Зухруф»: 67).
Шуьшинна юкъара доттагIалла АллахIан дуьхьа хиллехь,
шуьшиъ ялсаманехь цхьаьнакхетар ву, цигарчу зовкхехь шуьшиъ даима лаьттар волуш.
Шуьшинна юкъара доттагIалла АллахIан дуьхьа дацахь, ма
гIолехь ду-кха шуьшинна дIа-схьакъастар, вовшах валар, доттагIий доттагIашна
мостагIий а хилла, гулбен де дале хьалха. ХIунда аьлча, хIора стаг эхартахь шена
везначуьнца цхьаьна хир ву, цу шимма лоьхург цхьаъ хилла дела.
Ткъа Делах кхоьручарех уьш белахь - пайда бийр бу вежарша
вовшашна, амма дакъаза бевллачарех уьш белахь - вовшашна зене бевр бу уьш.
Ма харжа хьайна вежарий - халонехь хьайна гонахьара
дIабовлун берш, хьо гIалат ваьлча хьоьх хедан берш, самукъанехь вежарий,
сингаттамехь мостагIий берш. Х1унда аьлча, церан хьоьца долу доттагIалла хьо
вехаш хиларца дехкаделла ду.
Дала боху хьоьга:
(يَوْمَ
لاَ يُغْنِى مَوْلًى عَنْ مَوْلًى شَيْئًا وَلاَ هُمْ يُنْصَرُونَ. إِلاَّ مَنْ
رَحِمَ اللهُ اِنَّهُ هُوَالْعَزِيزُالرَّحِيمُ)
«Оцу дийнахь доттагIчо цхьанна хIуманах доттагI хьалха воккхур вац, я царна дан
цхьа гIо а хир ма дац. АллахIа шайх къинхетам биначарна бен. Баккъалла, Иза
Лекха а, Къинхетаме ву».
Лаца хьайна цIена доттагI - дош а лардеш, хьан бахаме а ца хьоьжуш
волу. ТIаккха хир ву шуьшиъ кхана АллахIа бийциначаьрца.
ДжихIад дарах сеца ма войла хьо везачо а, гергарчо а, х1унда аьлча,
шуьшиъ ца волу вовшах къастанза. ТIаккха вийр ву шуьшиъ дохко, дохко вийларо бан
цхьа а пайда боцчу дийнахь.
Хьадисехь деана:
«Джабраил-малеко, АллахIера маршо хуьлда цунна, аьлла
пайхамаре, АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна: «ХIай Мухьаммад!
АллахIа боху хьоьга: «Ваха хьайна
луъучул, ткъа хьо лийрволуш ву хьуна. Веза хьайн луъург, ткъа хьо цуьнах
къаьстар волуш ву хьуна. Де хьайна луъург, ткъа хьуна бекхам хир бу цу тIера».
Ткъа ойла ехьа кIеззиг хIокху дешнийн шайн чулацаман:
цхьаъ далахь - валар дагдаийтар долчу, шиъ далахь: безачарех къаста везаш хилар
дага доуьйтуш долчу, кхоъ далахь - йиначу Iамалшна бекхам бийриг хилар само еш
долчу.
Иштта тесначу кхерамал тIаьхьа буй-техьа кхин кхерам? Ба
ма бац цул сов кхерам.
(وَاِنَّهُ
لَتَذْكِرَةٌ لِلْمُتَّقِينَ)
«Баккъалла а, хьехам ма бу иза Делах кхоьручарна».
Нагахь ахьа бахахь: «Со гIазотана араваларх вухаветта сан карахь долчу
даржо, наха суна бечу сий-ларамо». Ма тамашина ойла йо-кха ахьа.
И хьан дарж карахь хиллачарех хьуна тIекхаччалц ма дукха
белла-кха, и дарж деза а дезаш. Хьол хьалха цуьнах IиндагI а дина Iийначеран ма
дIадаьлла-кха и IиндагI, хьоьгара а ма дIадаьр ду-кха иза, цаьргара дIадаларе
терра.
Хьан дог сингаттаме дирзина-кха, хьан дог хьогIане а,
гIайгIане а дирзина-кха. Хьан дог дIахIоьттина шена т1ехула сингаттаман шовда
тIех а Iенаш.
Лаьттар ма дац хьуна хьоьгара дарж а, хьан долу сий-ларам
а. Айхьа арабаьккхинчу новкъахь хьо ма вац лоьхуш Iазапах хьо хьалха воккхун
долу некъаш.
Массарал тIаьхьа жоьжагIатара ара а ваькхина, ялсаманичу
воьдучунна ялсаманера дарж хир ма ду дерриге дуьненан паччахьаллал доккха,
цуьнца цхьаьна кхи иттазза сов а хир ду хьуна и.
ТIаккха муха хета хьуна массарел хьалха ялсамане
боьлхучеран хьал, пайхамаршца а, сиддикъашца а, шахIидашца а, дикачаьрца а
хинболчеран хьал а?
Ткъа ойла ехьа, хьайн даржехь д1ахьуш хуьлуш йолчу
халонийн а, хьайн кIадваларан а, оцу даржах эхартахь бала хирг хиларан а, и
бахьанехь воьрзучу меттигехь Iазап сов лург хиларан а.
Ойла ехьа цкъа оцу даржехь хьайна гуллун болчу мостагIийн
а, хьайца лоьцун йолчу хьаьгIнийн а, вовшашна хиндолчу лерийн а, вовшашна
гIийбат дарийн а. ТIебогIу бахам лахбелча, хьуна хIуттун болчу сингаттамийн а, и
хьайн карара даларна кхераро хьо г1айг1ане латторан а.
Г1айг1ане а, сингаттаме вийр ву хьо даржах воьхча - хьо
даржехь волуш хьуна тIеоьхуш, хьайна барташ дохуш, гонаха хьийзина болу хьан
гIуллакхахой хьайха дIаберзаро.
ЛадогIа, хьайн даржийн а, ялсамани чуьрчу даржийн а
башхаллига. Хьадисехь дийцина ду:
«Ялсамани чохь догIур ду догдика малек,
Сийлахь-воккхачу Делера кехат дахьаш. Цу тIехь хир ду яздина:
«Леш воцучу дийначуьнгара, Лийра воцучу
дийначуьнгара (ду хIара кехат),
хIай Сан лай, Аса цхьана хIумане олу: «Хила!» - ткъа иза хуьлу. Хьуна а ло Аса,
ахьа хIумане аьлча: «Хила!» - иза хир долуш»
(ялсаманехь аьлларг хир долуш).
АллахIан элчано, АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда
цунна, аьлла:
«Баккъалла, ялсаманин охIланах уггаре лахарчу даржехь
верг шен коьртехь лаьтташ пхийтта эзар гIуллаккхахой болуш хир ву, баккъалла,
царах цхьаннан коьртарчу уггаре жимачу жовхIаран буьртиго нуьре йийр яра
малхбален а, маохбузен а юкъ».
Тирмизийс а, ибну Хьиббанас шен «Сахьихь» жайнахь дийцина:
«Ялсаманин охIланах уггаре лахара
(даржехь верг)
шен кхузткъе эзар гIуллакхахо верг ву, кхузткъе шийтта зуда а. Четар дIахIоттор
ду цунна жовхIарех а, зубаржадех а, алмазех а, Жабиятний, СанIаъний юкъ санна
(доккха)».
(Жабият – Шемара юрт ю, СанIаъ – Маккара юрт ю).
ЛадогIа, Нуьцкъала а, Гечдеш а волучуьнан даше:
(وَسِيقَ الَّذِينَ اتَّقَوْا رَبَّهُمْ اِلَى الْجَنَّةِ زُمَرًا حَتَّى اِذَا
جَآءُوهَا وَفُتِحَتْ اَبْوَابُهَا وَقَالَ لَهُمْ خَزَنَتُهَا سَلَامٌ عَلَيكُمْ
طِبْتُمْ فَادْخُلُوهَا خَلِدِينَ. وَقَالُوا الْحَمْدُ لِلَّهِ الَّذِى صَدَقَنَا
وَعْدَهُ وَ اَوْرَثَنَا الْأَرْضَ نَتَبَوَّاُ مِنَ الْجَنَّةِ حَيْثُ نَشَآءُ
فَنِعْمَ اَجْرُالْعَامِلِينَ. وَتَرَى الْمَلَئِكَةَ حآفِّينَ مِنْ حَوْلَ
الْعَرْشِ يُسَبِّحُونَ بِحَمْدِ رَبِّهِمْ وَقُضِىَ بَيْنَهُمْ بِالْحَقِّ وَقِيلَ
الْحَمْدُ لِلَّهِ رَبِّ الْْعَلَمِينَ).
الزمر: 73
«Делах кхийринарш буьгур бу гулбина ялсамане. Уьш цига дIакхочуш, кевнаш дIа а
диллина, хехь болучара эра ду: «Маршо хуьлда шуна, чу гIо даима шаьш хир
долчу». ТIаккха эра ду цара: «Хастам бу АллахIана, Шен ваIад бакъйина волу тхуна
хIара латта даларна». Царна гур ду малекаш Iаршана гонаха хевшина, шайн Далла
хастам беш. Цара нийсонца сацам бина эра ду: «Хастам бу АллахIана, Iаламийн Дела
волчу». «Малекаш гIур ду массо неIаршкахула уьш болчу
(цара эра ду):
«Маршо-паргIато ю шуна аша динчу собарна, ткъа дика хили-кха тIаьхьенан хIусам»
(«Зумар»: 73).
ВаллахIи, и ма ду самукъа.
(لِمِثْلِ هَذَا فَلْيَعْمَلِ
الْعَامِلُونَ).
الصافات: 61
«И
санна долучуна йойла-кха ечо Iамал» («Саффат»:
61).
Ахьа бахахь: «Суна хала а, деза а ду сайн гIаланех а,
церан IиндагIех а къастар. Церан лакхаллех а, церан яран хазаллех а, оцу чохь
болчу сайн лайх а, гIуллакхахойх а къастар». ЭхI, ма ойла яц ахьа йийриг. ЦIа
бен дуй иза поппарах а, тIулгах а, лаьттах а, гIамарх а, эчигах а, дечигах а
дина? Цу чу нуй ца хьаькхча, нехаш а гуллуш? Цу чохь чиркх ца латийча, бодане а
хуьлуш? Цунна Iуналла деш ца хилча, тишлой дIа а долуш?
Дукха хан ялале латта хилла яьржира ю хьан хIусам. Оцу
чуьра хьадалчаш а дIагIур бу хьан, и лаьттинчу меттиган сурт довр ду хьан,
цуьнан цIе йицлур ю хьан.
ХIай Iехавелларг! Хийца сихха юхун йолу хьайн гIала даима
лаьттар йолчу хIусамах - шен гIаланаш лекха йолуш, шен нуьраш къегина долуш,
шена чохь лелаш татолаш долуш, шен стоьмаш уллохь болуш, самукъадийлар хедаш
доцуш, шена чохь воккхавевар даима лаьтташ долуш.
Ахьа хеттахь цуьнан йоттарх лаьцна. Цхьа кибарчик дешиха
йолуш, важа детиха йолуш ю хьуна и, шена чохь кIадвалар доцуш ю хьуна и, шена
чохь ницкъ хилар доцуш ю хьуна и.
Ахьа хеттахь цуьнан латтанах лаьцна. Иза хьожа 1аламат
хаза йолуш - миск ю хьуна.
Ахьа хеттахь оцу чохь долчу тIулгех лаьцна. Уьш жовхIараш
а, деза бIаьргаш а ду хьуна.
Ахьа хеттахь оцу чохь долчу татолех лаьцна. Уьш шуьрийн
татолаш ду хьуна, мезан татолаш ду хьуна, ковсаран татолаш ду хьуна, маларан
татолаш ду хьуна.
Оцу чуьра хIусамаш, чекх са гуш, жовхIарах ю хьуна,
кхузткъе итт милл лекха ю хьуна, мехала долчу баьццарчу тIулгах (изумрудах)
йоьттина ю хьуна, сов тIех лепаш долчу, я цIечу якъутах йоьттина ю хьуна.
ХIора муъмин стаг шен чохь гIуллакхахой а, зударий а хир
болуш ву хьуна, царна вовшашна гуш а боцуш, хIусамаш тIех шуьйра хиларна.
Оцу чуьрчу буьйшучу меттанех лаьцна дерг ахьа хеттахь.
Церан чухленаш хир ю хьуна дезачу дарех. Ткъа тIохленаш муха хир ю аьлла хета
хьуна? И меттанаш гена-генахь хир ду, шина меттан юкъаметтиг шовзткъа шеран некъ
болуш. Уьш хир бац царна тIехь наб еш, я наб тийсар долуш, амма уьш хир бу
вовшашна дуьхь-дуьхьала бирзина, дIатевжина самукъанехь Iаш.
(يَلْبَسُونَ مِنْ سُنْدُسٍ وَاِسْتَبْرَقٍ مُتَقَابِلِينَ. كَذَلِكَ وَ
زَوَّجْنَاهُمْ بِحُورِ عِينٍ).