Главная
Коьрта агIо
   Къуръан
   Видео
   Аудио
   Кинош
   Сайташ
   ДоIанаш
   Суьрташ
   Нашидаш
   Хьехамаш
   Жайнин цIа
   Программаш
   Мультфильмаш
   Хьехаме дешнаш
   Динан программаш
 
жима-ЧАТ
 
сайтан хьесапаш
 
Тхан баннер

 


Ибнул-Джавзийн хьехаме дешнаш

Ибнул-Джавзийc АллахIа къинхетам бойла цуьнах аьлла:

Кхиаме хуьлу дукха нехан Iибадат, цуьнан Iибадатах Iадат хуьлуш, амма семакхетам болу бусулба нах, мадарра аьлчи церан Iадат ду и Iибадат.
 
Ойла ца еш волчо олу, субхьаналлахI (йа кхи долу тасбихь а) Iадатан (мотт хьалха а эккхий).
 
Амма семакхетамберг цуьнан ойла хуьлу (АллахIан) кхолларийн тамашийна белхашкахь и (кхолларш) кхоьллина волчу. (АллахIа ницIкъан тIе а тоьвжа уьш) и воккха а веш (АллахIу акбар) аларца.
 
Шен ойлано хьекъал (иркара хIотта а дой) сама а доккхий, тIаккха олу цо - СубханаллахI.
 
ХIара тасбийхь ду (цуьнах олу) хьекъалан стом, и дукх семакхетамболчеран тасбийхь.
 
Оцу (АллахIан) белхшкахь лелaчура ца совцу церан ойла, тIаккха хуьлу церан Iибадат тасбийхьаца бакъ (ша хила ма деззара, АллахI реза веш).
 
Шаьш хьалха летийначу ирча къиношна а ойла йо цара, тIаккха (и даг деъча) церан ойла хьулу, дог кхера а лой (шайн делах), са дохко а долий оц хьоло олуьйту олчуьнга АстагIфируллахI.
 
И дукха иза тасбихь а, геч дар лахар а (АллахI реза веш долу).
 
Амма ойла ца еш болчара и олу Iадатан.
 
Ма йоккха ю башхо цаьршинне а (тасбихь) аларний а, (Iибадат дарний) юккъехь.
 
Сайдул хатIир/352
 

Кху декъа цхьа долу дешнийн маьIна:
 
Iибадат - АллахIан лолла дар - быть рабом Аллаха
 
Iадат - лела дар кардирзина хIума - обычай
 
СубхьаналлахI - цIена ву АллахI керста наха цунна тIе ккхоллина харц дешнех, цареха ду, керста наха олш долу (Iийса дела салам хуьлда цунна АллахIан кIант ву олий, жаIар динехь иза олуш ма хиллар, йа маликаш АллахIан йоьIрий бу олий, йа Iузайр АллахIан кIант ву олий, жуьгташ иза олуш ма хиллар) оцу дешнех цIена ву АллахI, йоккха харцо ю цара АллахIана тIехь кхоьллинарг
 
Тасбихь - АллахI хастам барца хьахавар - прославление.
 
АстагIфируллахI - ас доьху АллахIе сайн геч дар.
 

 
 
Ибнул-Джавзийс аьлла:
 
Iелам нах  (шайн Iилманца Iамал йарах)  дIа хьовзар, дукхах долчу хьолехь  дола ло,  дуьне дукх дезарна, шен Iилманан кечам карла бакхарца болх ца барна а. Амма Iилма хила дезаш ду болх барна дуьхьа  (цу тIехь),  ишта ца хилча и  (Iилма)  гIо тоьшалла хир ду  (къемат дийнахь).
 
Амма суьпнах дуьне дIа а тесна (Iибадат до шаьш бохурш) уьш дIа хьийзар  (динан го чуьра), дукхах долчу хьолехь жохIлалла ( ша хила ма деззарa дин ца довзар)  ду. Дуьне дIа а тесна Iибадатан чу вулуш волчунна ца хиъчи ца долу,  угарре  хьалха Iилма, (оцу дин довзар Iилманан) IиндагIера вола вала веза иза дуьххьара дIа.

 
Ибнул- Джавзийс билгал  до дуьне сийсаз ду бохуш дерг:
 
Дуьне ша шен дегIехь сийсаз дац,  хIунда аьлча халкъашна совца меттиг ю хIар дуьне, царна  кхачанаш схьа бовлу меттиг а ю хIар дуьне,  церан  белларш  дIа  бухкуш меттиг а ю хIар дуьне. Кху дуьненна тIехь мелдерг адманнa  пайдена кхоьллина а ду АллахIа, цуьнгахь хьо буха витар дола а ду. И дуьне АллахIан мутIахь хуьлуш меттиг ю,  И (АллахI)  воьвзуш а, иштта хилчахь хастме ду иза (дуьне),  сийсаз дац. Амма цуьнан сийсаз лоруш дериг жехIилчу, Iесачу  (Дала бохург ца деш болчу)  нехан вон белхаш  ду  дуьненахь цара лелош долу.

 
Ибнул- Джавзийс аьлла:
 
Шуна дIа хаийла  хIай АллахIан лайш!
Сийлахь  АллахIаца ша лар велларг  къахкийначу  шайтIанах (Iаузу биллахIи мина шайтIани раджим аларца Нийсa кхел шен чохь йолчу Къуранца Iамал еш верг ву шуна иза,
 
Иза беркате лаккхар волчу АллахIа  омру дина дера, ша неIалт аьлла (шен къинхетамна гена а даьккхинчу Иблийсах лардаларца, дуккха  а  аяташкахь.
 
Дериге  а  паччахьалла, моссу хIума а луш волчу АллахIаца ша лар велларг (Iаузу биллахIи мина шайтIани раджим аларца), Суннатца  а,  Къуранан хьукманца  а  Iамал йийриг  ву  иза, Амма  Къуран  шеца Iамал еш болчарна, шафаIат дийр  долш  ду  (къемата дийнахь).

 
Ибнул-Джавзийс аьлла:
 
Ва хIай!   Хаьн хьекъал ду хьоьга тоба де  (дохко вала хьайн къиношха)  бохуш.
Хьан  дегIа лаамо вух ваьтта хьо,  цу шинне юкъехь тIом бу дIабоьдаш.
ЧЙогIачу ойлан эскар ахь кеч дичахь,  мостагЙ водур ма вар.
Буьйсанна  (Iибадатан гIатта)  нийят до ахь,  вижан Iуьллу хьо.
Хьехаме вогIу хьо, бIерг ца боьлху хьан  (йа дог а) тIаккха а олу ахь,  хIун ду техьа бахьан олий?
"Ахь  дIа ала иза шу догIмашкара ду"  (ма боху  къуранчохь  дала)
Дийнахь Iеса лела хьо,  буса вижин Iуьллу хьо.
Хьарам дерг дуу ахь,  хьайн дог бодане до ахь.
Амма къобал ваьш тIе лоцу неI хьайн гIаттийчи a  дIа воду хьо.
Ма эхь ду иза!  мегаш долчу хIуман ойлнаш йичи а  (дуьненахь даьхни дезар санна) тIаккха а дог бодне хуьлу.
Хьарам долчун ойлнаш йичи мух хир ду аьлла хета хьуна иза?
Ламаз оьцучу хи тIе  (цIена йолшехь)  миска тоьхчи a,  оцу хица ламаз эцар ца мега,
боьхал тоьхча муха мегар дар иза? маца самa вала воллу-те  хьо  хьайн ойла ца йарах?
 

1- Маццалц Iамал йан дагахь ву хьо, уьш ерриге а ирча йолуш.
Стенгахь ю сийлалла, маццалц йо ахь забарш?
Бохам алсам баьлла, стенгахь ду барт хилар?
Синош догIмех къастор ду кхана, йа тахана,
НIаьни паргIат доьвриг ду яхьаш тIе хьал доьвла
Шеко йуй цул тIехьа, йа хIар забар хета?

2- Стенгахь ду хьан дохко валар хьайн къиношна?
Стенгахь ду хьан дохко валар хьайн сакхташна?
Маццалац дагахь ву къиношца хьайн дегI ахь талхо?
Тахане зе йайар,селхане зе йайна дIа яьлла.
    
Бакъ луьйчерa некъа тIехь дацар хьан вагIар
Дохко ца ваьлла хьо, боьвлачарца дохко
Дехарца лаьцнерий боднехь куьйгаш?
Iуьйренга вели хьо Iенош хьайн бIаьр хиш.

3- ХIай лааман кIорни! маца йоьвзар ю хьогIар нийсо?
Хьан бIаьрг бу хьарамалле дIа хецна,
хьан мотт а бу къа гулдеш схьа баьстина.
хьан дегI а ду кIад делла даьхненна
(дIа дериг a  долуш долу хьайгара).

4- ХIай мунепикъ Iамал йийриг Iеха велла хьо,
нахан гергахь хаза елла аьгна жаIар хьо,
Хьожург чухул хIун ду хьожу, суьрте а ца хьожуш
Iеса вала дага деъча, даг лаца хьайн барам
муха вуьгу цу тIехь коше тIулган мотт а буьллий.

5- Хаза ойла сама яьлла буьсан воьлхург вилхирa,
цуьнах йокха асар хилла цIийна охIлу дилхирa
цара хаьттир цуьнан хьолах,  элир цаьрги цо:
сайн къиношна ойла йина велхар шуна-м со!
къинойн цамгар шеца йолчун кIелхьар валар дац,
велхар бIерхиш бе цун дарба, дуьненахь кхи дац.

6- Дегнаш доцуш санна вайха,
хьадис доцуш санна вайга
масане кхераме хаам бу вайга
этIа еш цо лергийн пот.
кхи болчарга иза долуш санна
ледирло ю вай къор долош,
бакъ долуш бIаьрзе а цо до.

7- ХIай Адам воI!
ГIалатан вокху вер къезиг ду тахна,
дохко валар хир ду дехха,кхана.
Бусулба стаг мел ву делах кхерар нурца
гуш хир ву иза некъахь делан хаза нийсо.
ДегIан лаам бода шен дегIан тIелацахь
лелар ву иза вехха ца карош цуьнан нур.

8- Iамал юй хьан терзе йиллич хаз лур йолуш?
Iамал ма ю чкъуриг санна, тIум яц иза,
 ТIумо баз бо терзан кад чкъоьрго баз ца бо и.

9- Ойла ца йарал кIорге наб яц,
дегI лаамал чIогIа лай вац,
дог даларал а йоккха цамгар яц,
къоьж чонал а кхерамча вац.

10- Къиноша дегнаш тIе пардо тосу, деган куьзга бодане хилчахь (къиной пардо бахьан долш) цу чохь гуч дер дац нийсонан куц, къинойн зе хIун  ду хууш вериг, дохко валар хIун ду хууш хир ву.

11- ХIай къинойн  да! стенгахь ду хьан бIаьрхиш? хIай Iасаллийн йийсархо! велха айхьа летийначу къиношнa(дохко а валий), бала хир ма бу ткъа хьуна валар тIе хIоьттичахь,
хьо дохко ваьлла а воцуш (хьaйн къиношна), ма йоккха дакъазалла ю хьуна хьайгa  тоба де бохуш кхайкхичахь а жоп ца луш (дохко а ца волуш Iаш).
ХIун дийра ду ахь, хьайга (бехачу) новкъa  кхайкхар деачи (са оьцуш малийк а деана) хьо кийча а воцуш? хьо вац иза  даккхий къинош дарца гуча волуш верг (тIаккха АллахIах) кхерар дитина?

12- Ма дохко вер ву (АллахIан) лай хIоразза а шен (къинойн) мохь дукха а хуьлуш.
Амма шена геч дар лахар къезиг хуьлуш волчунна.
ХIоразза а кешнашна ша герга а хуьлуш, гIел валарна ша чIагI а луш волчунна (ледирло ярца тоба
ца деш нис а цалуш.

13- Ахь дагахь латтае (АллахIан) цIе, хьо шена муьтIахь хилча хьуна пайда а беш, ахь шена баркалла а олуш хилчахь хьо са а воккхуш (ризкъехь а, ийманехь йа муьллхачу белха дикнехь а) хьо шена лай хиларна тIехь сацахь (цо де бохург дарца, цо ма де бохучунна хийра хиларца) хьан дог а, са а цо то a  деш (къинойн боданах цIан дарца).

14- ХIай ойла ца еш верг хьайха дийца хабар a дац хьан! хьайн дегIах дийца ца девзу хьуна.
Xьо мац велча йаар бен, хьо вуьзчахь вижар бен, хьо оьгIаз вахчa  дов дан бен, (хууш вац хьо)  мича хIуманца схьа къаьста хьо тIаккха аккхаройха?

15- Ма тамашийна хIума ду! Хьайна  хаза яздина тептар тIехь йоза гичахь хьо цец волу яздархочун говзаллах, хьо ма ву  гуш (АллахIан тамашийна ницIкъ дийнахь а буьйсанна а) и болх бинарг воьвзуш вац хьо, хьуна и ца вовзахь цу (тамашийна белхашца) цец вала хьайна, хьан бIаьр са муха ду бIаьрзе (тIакха) хьайн гуш лаьтташехь.

16- ХIай хьайн жималла гIел елларг, тептар къинош хьала дуьзнарг, хьуна хаий дегIа чIор шегар тоьшалла лехчахь (къемат дийнахь) иза дист хир дуй? хьуна хаий и жоьжахате Iесачарна кхоллина йуйла? цу (жоьжахатено) ша ерриг шена чу теснарг йагор a  йуйла, дIа хаалахь тоба даро цуьнах хьо ларвийриг вуйла, хьан бIер хиш и цIе дIа йойур йуйла.

17- Кешнашка хатта аш цу чохь Iаш болчаьрах,
Лахьтане дийцийта шен кийрахь Iачарех,
Цара дуьйцур ду шуна шен шога биллинчу маттах,
Iамор а ду дохко бовларха шаьш дуьзина а дуйла,
Некъахо хуьлу ша новкъа волуш юха верзаре сатуьйсуш, ойла цаечо само йойла юха воьрзийла иза (шен Iасаллех).

18- ХIай хьайн Iамалех хоттур дерг, хIайн белхах жоп доьхун дерг, хIай хьайн дерриге дешнаш дIа яздийриг, моссо хьайн хьолах къастор дерг, хьан виц валар хIокх хIуманна ма тамшийна болх бу.

19- Къуранан хьехамо эчиг а даша до, хьекъалшна хIора бIаьргнегIар тохарехь кхайкхар ду деш, кхетаме дегнашна хIора дийнахь а цуьнца (къуранца) кхерам бу гуш,
Амма кхетам боцург ву иза доьшуш а волуш цуьнца пайда а ца оьцуш.

20- Хьекъале а волуш наб къеззиг ечо алла:
Со кхоьру АллахIа Iазап дарах (йа валарх) со наб кхетта а волуш.

21- Ша шена куц хоттош верг, халонаш дIа йовлийла хууш хиларехь ву, (цу халонашкахь ша далла бина) хастам буха буьсур болуш а хууш ву, шега кхаьчна хало йай лур йуйла хууш ву.
Ша ойла еш вериг (дуьненан) марзо шеха дIа ериг йуйла а хууш, бух дуьсун дериг эхь хилар хууш, цунна атта хуьлу и (дуьне) дIа таса.
ТIехьлонна ойла ца йо (сема хьекъал долчо бен) тидаме хьажар долчо а бен.

22- Ма тамашийн хIума ду, дIа дериг долу хIума лоьхуш даиман хиндериг дитина,
Боккха хIорд дIа бухкуш цхьан къурдах, модш дуьзна (Iасалийн дуьнена) хIусам а хаьржина, цIена хIусам (ялсамане) Iад а йитина, цамгар (Iасал) дукх езар хьалха а дaькхина, (ийманaл a) могшалалла a.

23- Мухьамад бен ВасиI волч веанер цуьнан де вешийн кIант, (Мухьаммада) элирa цуьнга хьо стенгар вогIу?
Вукхо элир: дуьне лахa вагIан вогIу,
Кхиин хьо ткъа цуьнах? цо элирa ца кхии,
ТIакха Мухьаммада  элирa: ма тамашийна хIума дукха! хьо цхьа хIумa лоьхуш ву (дуьне) цуьнах кхуьуш  a вац хьо, ткъа муха кхуьур ву хьо (эхарте) айхьа лоьхуш  a  доцучу.

24- Нах гул бийриг бу (къемата дийнахь) цхьан лаьтта тIехь, уьш боькъур бу дакъаз валларг а, декъал хилларг а, цераха нах хир бу, шайнa кхерам хьакъ хилларш а, нах хир бу шайнa  кхерам самукъне хийцина а, хIора а Iамал йинарг (дика хир иза, йа вон хир иза) шена куьгара мер ду шен малар.

25- Масане (томехь хуьлуш) мерза хьажар ду
Дуьненахь, эхартахь цуьнан къахьалла лан  ницIкъ a  кхочур боцуш,
ХIай Адаман воI хьан дог дукха - гIийла дог, хьан хьажар ду сонта, (Iасалле) бIерг кхарстош, масане сийсаз хьажар ду доккха гIалат хилла доьжна.

26- Хьайн бераш дукха деза хьуна, бакъ ду иза, хьайн да а нана а деза-дезар тIаккха шарIехь, ораман дола де ахь, генаша стом лур бу хьуна, цаьршинне хьайца хилла болу уьйр безам а хьаха бе ахь, хьайн вежийла та йе ахь дуьхьарa а тIехьарa а, цу шиннах сагIа а ло ахь и шиъ дийна дацахь, цаьршинне геч дар а деха ахь, цаьршинне декхар а дIа ло ахь цaрна  тIехь хиллехь.

27- Мила ву хьуна лазамо хьо Iовжийчахь,(гIо дийр дерг)
Йиш сецна, дохко вала хан тIе кхаьчна (амма хан чекх яьлла)
ДIа валар тIе кхаьчна, са оьцу Мулкулмот дуьхьал а дирзина.
Дáхар тарлуш доцучу метте а воссийна (коша чу),
Ма йокха дакъазалла ю хьуна,
Ахь хIу дер те, кош Iазап лалуш ма дац (дегIе).

28- ХIай ялсмане лоьхург!
Цхьа къа бахьан долш ара ма ваькхина хьан да (Адам) цу чуьра.
Цу чу кхача са туьйсу ахь?
Дохко валаза шорта а къинош долушехьа хьайн?
Стага жохIлалийца (хаа а ца хууш) шен сахьташ зен дойу, Iасалийца дIа йолу цуьнан хан.

29- Парталчо (хIуман карах ца долучо) са ма тосийла турпалхойх хила лууш.
Са мукъан чам, са мукъадокхаш Iаш болчарна цакхета.
Айхьа дIа йийнарг схьа лахьориг ю ахь, къа хьоьгуш лехначунна карийна.
Даьхни хуьлуш дац къа ца хьегчахь.
Iилма а хуьлуш дац къа хьоьгуш вацахь.
Комаьрша ву а эриг дац пис волчух.
Майра стаг ву а эриг дац ехха халонаш хьегна вацахь.
 
30- Хьайн бIарг хьежа бо ахь хьарамалле,
Хьайн мотт баьстина ахь къинош дарца
Хьан когаш а ду къиношна тIехь лаьтташ
И ша дерриг ду дIа яздеш (АллахIан гергахь).
 

31- Сулайман бин Iабдул-Маликан стигал къекъаш гIовгIа а хезна гIайгIане хиллера иза,
Iумар бин Iабдул-Iазиза элир цуьнга: ХIай бусалба нехан амийр!
ХIара (АллахIан) къинхетаман гIовгI ю хьуна, цуьнан Iазапан гIовгI муха хир ю аьлла хета хьуна? (къемата дийнахь).
 

 
32- Цхьа болчу Салафаш (Асхьабийн лорах баьзначара) аьлла:
Хьо вист хуьлуш даг ваийта хьо хезш верг.
Хьо хьожучу хенахь даг ваийта хьо гуш вериг.
Хьайн ойла кхолла еллчи даг ваийта ша дерриг хууш вериг.

33- Суфьян Ас-Саврийчо цхьана дийнахь шен накъосташка аьлла:
Цхьа хIума алийша соьга, аш дуьцуш долу къамел паччахьан тIе кхоьхьуш шайца цхьаъ вуйла хийча, хIумма а дуьцур дарий аш?
Цара элира:  дацара, цо элир шуьца (даимна) шун къамел Сийлахь АллахIан тIе кхоьхьш верг ву шуна (хIора дийнахь).
 

 
34- Воккха муха вийриг ву дуьненах?
Шена цхьан дийно бутт бохош хилчахь, щен цхьан батто шо дохош хилчахь, шен цхьан шеро дахар дохош хилчахь, муха дуьйлу самукъа вахаро вуьгш хилча валаре?
 

35- Цхьан паччахьаш чу воьллинерa цхьа стаг еххачу заманна, цул тIахьа ара ваькхнер цара иза, хьаттнера царa цуьнга, муха хийтир хьуна чохь латта вар, цо жоп деллера царна: хьан са мукъ долуш дIа девла денош санна, са сингаттаман денош а девлиркха, кху дено вай цхьан тохалца. 

 
36- Ва хIай! шовдан хи лаьтта тIехь ялта ден деш ду.
Дохко валарна бIаьр хиш бесний тIаьхь, дог ден деш ду (гIофул хиларх).

 


E-mail: islamanserlo@gmail.com
ХIокху сайтан ерриге бакъонаш ларйина ю © 2008  www.islamanserlo.net