|

ЗУЛЬ-ХЬИДЖА БЕТТАН ИТТ ДЕ

БисмиллáхIир рахьмáнир рахьúм
Ассалáму Iалайкум ва рахьматуллáхIи, ва баракáтухI
Бусалба вежарий, бусалба йижарий!
Зуль-Хьиджа беттан итт де:
церан дикалла а, царна чохь йина Iамал а.
АллахIана хастам бу. Вазварха хоьттина болу къинхетам а, маршо АллахIан
элчанна хуьлда.. Цул тIаьхьа...
Шеко йоцуш АллахI – Лекха, Сийлахь ву Иза – чIогIа къинхетаме ву. Шен лешна
тоба дан аьттонаш бан лаьа Цунна. Массо тайпа долчу муьтIахь хиларшка-хула
Шен леш Шена герга кхача гIерташ, къа хьоьгуш ган лаьа Цунна. Цундела
АллахIа вайна хIора шарахь диканан а, беркатан а денош дина. Оцу деношкахь
АллахIа вайна мел совбоккху, царна чохь Iамал яре вайн безам бахийта.
Уьш, баккъалла а, зераш (экзаменаш) дIалун денош ду я Iамалан (белхан)
проекташ дIалун денош ду. Вай болх а бо, къа а хьоьгу вешан ницкъ ма кхоччу,
вешан ницкъ кхачаран барамехь, кхиаман а, массарал толаран а даржаш (оценкаш)
дахаран Iалашонца.. ТIаккха хIокху деношкахь Iамал хIунда цайо вай эхартан
зерашкахь уггар лакхара толара даржаш дахаран дуьхьа? ХIокху деношкахь
Iамал яр дика ду шеран кхечу денойн дахаллехь йиначу Iамалал.
Пайхамара – IалайхIис-салам – церан хьокъехь аьлла: «Цхьа тайпа а денош
дац, шайна чохь йина Iамал АллахIана дукха езаш, хIокху
итт дийнахь йинчу Iамалал». Цара (сахьáбаша) аьлла: АллахIан дин
толо деш долу джихIад дац? Цо аьлла: «АллахIан дин бахьнехь деш
долу джихIад дац, шен дохнаца шá араваьлла стаг воцург, цунаха цхьа хIума
духа ца деана волу». Бухарис дийцина и.
Баккъалла а, вайха хIокху дуьненахь муьлхха адамна цхьа стаг везча, шен
ницкъ кхочуш долу уггар лакхараниг а. доккханиг а дан къахьоьгу цо иза ирсе
а, декъала а варан дуьхьа. Цунна дезачу хIуманца цуьнан гергар хилар лоху цо.
Ткъа АллахI – Сийлахь-Воккха ву Иза – везар уггар сийлахь-доккха везар хила
дезаш ду хIора бусалбанан дагчохь. Иза иштта хила муха ца деза?... Вайгахь
мел долу ниIмат (дика, зовкх) ишттанехьа вайна латтош верг АллахI – ТаIáлá –
хилча. Цундела вайн декхар ду АллахIан – СубхьáнахI –гергара хила гIортар,
Цунна мел дезаш долчу хIуманца. Цунна ца дезаш мел долчу хIуманах къахкар.
АллахIана – ТаIáлá – ваьш дезар даккхаран дуьхьа.
ХIун дан деза ас хIокху деношкахь?
ХIун раж а, Iалашо а ю хIотто езаш ерг?
Уггар дикачу агIор цунах пайда эцаран дуьхьа?
1- Марха кхабар ду: Бусалбанна суннат ду, шен ницкъ кхачахь хIокху
деношкахь я царах цхьадолу деношкахь марха кхабар. Марха кхабар уггар дикачу
Iамалех цхьаъ йолун дела. Цуьнан хьокъехь АллахIа – ТаIáлá – аьлла Къудсийн
долчу хьадийсехь: «Адамо еш йолу массо Iамал цунна шена ю, марха
доцург, ткъа иза Суна ду. Цунна дуьхьал совгIат Ас лур ду цунна».
Пайхамарна чIогIа лууш а, дезаш а хилла хIокху денойн марха кхабар. Суннат
долчу, цхьана дийнан мархано жоьжахатенах бусалба гена воккхуш хиларна
кхузткъе итт шарна. Пайхамара – IалайхIис-салам – вайна хаийтина ма хиллара
шен хьадийсехь.
2- Такбúр дар ду: Итт дийнахь такбúр (АллахIу акбар), тахьмйид (Алхьамду
ЛиллáхI), тахIлийл (Лá илáхIа иллаллáхI), тасбúхь (СубхьаналлáхI) бáхар
суннат ду. Вайна кхачаме а, тоьаш а ду АллахI – СубхьáнахIу ва таIáлá – Ша
хьехош волчуьнан накъост хилар. Дар суннат долчу такбúран куц хIара ду:
АллахIу акбар, АллахIу акбар, Ла илáхIа иллаллáхI, валллáхIу акбар, ва
ЛиллáхIил хьамд.
3- Ерриг чулаьцча, дика Iамалш сов яхар ду: Дика Iамал
АллахIана – ТаIáлá – езаш хиларна. Иза: ламаз, Къурáн дешар, зикр, доIа,
сáгIá, дена-нанна дика хилар, гергарлонаш леладар, диканиг де алар, вониг ма
де алар, и доцург кхин а и саннарш ду, диканан а, муьтIахь хиларан а
некъашха... ХIара берриг белхаш хьох бусалба веш хиларна, хьох нахана масал
хуьлуш. Хьан ийман а совдоккху цара, хьуна АллахI – ТаIáлá – везар а.
ТIаккха АллахIана – СубхьáнахI – хьо везар совдолу, Цо хьуна деган ирс
хаадалар ло, АллахI – ТаIáлá – мел ца везачунна тIе ца тоьаш долу. АллахIа –
Сийлахь ву Иза – аьлла: «Сан зикранах (Къурáнах) дIа
вирзинарг, баккъалла а, цуьнан вáхар хала хир ду». (ТIахIа:
124).
4- ГIурба ду: дикачу Iамалашха ду хIокху итт дийнахь АллахIана
– ТаIáлá – муьтIахь хилар а, герга вахар а гIурбанаш дерехулá (дайарехула),
церан кхоалгIа дáкъа къечу, мискачу нахана сагIийна даларехулá. Церан
лазамашна дáкъа а лоцуш вай юкъа дахаран дуьхьа а, уьш ирсе, декъал бар вайн
лаам (безам) хиларнá а. СагIа вайна пайхамара – IалайхIис-салам –
ма-хаийттара ду: «Баккъалла а, сагIано делан оьгIазалла дIайойу».
Тидаме эца дезаш хиларца цхьаьна: гIурба ден лууш верг шен месех, мIарех,
чкъурах хIумма схьа ца оьцуш, хада ца еш вухаозалур ву, ша гIурба деллалц.
ГIурба а дуьйр дац Iийд ламазера нах ара бовллалц.
5- АллахIе – ТаIáлá – дохко ваьлла, Цуьнга воьрзуш
тоба дар ду: ХIокху итт дийнахь чIагIлучух ду АллахIе – ТаIáлá – тоба
дар, Iасаллаш, массо къинош дитар. Тоба дар кхаа муьрах лаьтташ ду.
Хьалхарниг: Къа дитар ду.
ШолгIаниг: Цунна дохко валар ду.
КхоалгIаниг: Оцу къине шолгIа ца верза чIогIа лаам,
сацам хилар ду.
ХIокху хенашкахь тоба дар – иза сийлахь-боккха болх бу. ХIара хенаш АллахIа
луш а, йохкуьтуш а ю тоба дечаьрга тоба дайта а, АллахIана – ТаIáлá – уьш
тIебахкийта а, тIеберзийта а. Ма Сийлахь-Воккха дела ву Иза! ТIаккха хьакъ
вац Иза вай Шена лолла (Iибáдат) дан а, вайна Ша веза а? Цо – сийлахь ву Иза
– аьлла: «Амма (царех) тоба динарг, АллахI цхьаъ хилар
бакъдинарг, дика Iамал йинарг – иза декъал хиллачех хила герга ду».
(Аль-Къасас: 67).
Кхин а аьлла Цо: «Ахь ала (Мухьаммад) хIай Iасаллашкахь
дозанал тIехдийлина, сан леш, АллахIан къинхетамах дог ма
дилла, баккъалла а, АллахI дерриг къиношна (тоба дича) гечдеш
ву. Иза, баккъалла а, Гечдийриг, Къинхетамениг ву». (Аз-Зумар: 53).
АллахIе – ТаIáлá – вай доьху, хIара баккхин аьттонаш, хьовзо ма-беззара,
пайде хьовзо хууш, ира хьекъал долчеха дар.
ХIара чекхдели. Кху тIехь нийса дерг АллахIера ду. ГIалатниг, вицвалар
тхоьгара а, шайтIанера а ду. АллахIа гечдойла тхуна а, шуна а, бусалба
божаршна а, зударшна а.
Оха, тIедогIучу
гIурбанан
Iийдаца,
декъал бо массо вай бусалба махкахой а, кхин болу дуьнен тIера
массо вайн бусалба вежарий а!!
Шун бусалба ваша ИбрахIим | |