Главная

Коьрта агIо
   Къуръан
   Видео
   Аудио
   Кинош
   Сайташ
   ДоIанаш
   Суьрташ
   Нашидаш
   Хьехамаш
   Жайнийн цIа
   Программаш
   Мультфильмаш
   Хьехаме дешнаш
   Динан программаш
 
сайтан хьесапаш

 

 
Тхан баннер


ЗУДАРШНА ВЕСЕТАШ

БисмиллáхIир рахьмáнир рахьи́м

Зудчуьнга весет дар суннат ду: Анаса аьлла: «АллахIан элчанан )АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна( асхьабийн гIиллакх дара, шаьш зуда цуьнан майрчуьнан цIа дIаюьгучу хенахь, цуьнга омра деш, цуьнан хьашташ кхочуш дарца а, цуьнан хьакъ лардарца а.

Маре йоьдуш дас шен йоIе весет дар:

Абу ТIалибан кIентан ДжаIфаран кIанта IабдуллахIа шен йоIе весет деш аьлла: «Варийлахь, эргIади́ли́тарха а (возмущаться), эмгараллех а (ревность) ларлолахь; иза йитаран догIа ду хьуна. Варийлахь, дукха бехкаш ба́харха а ларлолахь; цо цабезам кхуллу хьуна. БIаьргашна хьокхуш долу Iаьржа басар (сурьма) леладелахь; иза уггар дика а, чIогIа а хазалла а, кечвалар а ду хьуна. Уггар хаза а, тамехь а йолу хьожа хи ду хьуна».

Майрчо шен зудчуьнга дина весет:

Абу Ад-Дарда́а шен зудчуьнга аьлла: «Хьайна со оьгIаз вахна гича, со реза ван хьажалахь. Суна хьо оьгIаз яхна гича, со хьо реза ян хьожур ву хьуна. Вайшимма и хIума ца дахь, вайшиъ цхьаьна да́ха лур дац хьуна».

Цхьана майрачо шен зудчуьнга байташкахь аьлла:

Суна къинтIера яла, биллина сан безам латтор бу ахь,

Со оьгIазе, кхохкийна волуш соьга йист ма хила.

Цкъа́ а  ахь етта вота санна суна зIок ма етта,

Къайле муха ю ма ца хаьа хьуна.

Къа-баланаш дукха балха ма бе, гIор цо дойуш хиларна,

Сан деган безам бер бу хьох, дог сацам боцуш хиларна.

Суна, бакъ а долуш, деган безам а, цатам а гина,

И шиъ цхьаьна гулбелча, безам сихха дIабоьдуш.

Маре йоьдучу шен йоIе нанас дина весет:

Iамр ибн Хьаджара ехна Умм Ийа́с. Иза майра волче дIаюьгу хан тIехIоьттича, цуьнан нанас Умамата дехьачу а яккхина чIогIа весет дина цуьнга, мар-зудчун ирсечу дахаран баххаш а, шен майрчунна цуьнгара догIуш долу декхарш а билгал деш. ТIаккха цо аьлла: «Сан жима йоI, весет ца деш дуьтуш хилча, гIиллакх долуш а, оьздангалла а хиларна, хьуна ца деш дуьтур дара и весет. Амма иза хьехам а, кхетам а бу тидамза волчунна, гIо а ду иза хьекъалечунна».

Цхьа а зуда маре ца оьшуш, цуьнан гIуллакх чекхдолуш хилча, цуьнан да-нана дехаш хиларна а, цаьршинна иза цIахь чIогIа хьашт хиларна а, уггар и (маре) ца оьшуш ерг а, цуьнга хьашт йоцург а хьо хир яра. Амма зударий божаршна кхоьллина бу, царна кхоьллина божарий а бу.

Сан жима йоI, хьо шеха схьаяьлла а, хьо шена юккъахь кхиъна а долчу хьолах (обстановка) дIакъаьсти хьо, хьуна ца бевзачу бен тIе яха арайолуш а, хьо чохь кхиъна бен а битина, хьо шех йолаза волу майра волче йоьдуш а. ТIаккха шен кертахь хьуна тIехьожург а, эла а хилла дIахIоьттина и. Варийлахь, цуьнан гIарбаш (рабыня) хилалахь, иза хьан дукха сиха лай хир ву хьуна.

Цунна итт хIума ларделахь, хьуна тIаьхьалонна дIайиллина хIума санна (запас, резерв) хирву хьуна и.

Хьалхарниг а, шолгIаниг а: цунна и лоруш хьо муьтIахь хилар ду, долчух, кIезигчух тоам а беш. Цуьнга лерина ладогIар а, муьтIахь хилар а ду.

КхоалгIаниг а, доьалгIаниг а: цуьнан бIаьрг а, мара а тIехIуттур болу меттигаш гIайгIа беш а, ларъеш а лелаяр ду. Цундела, варийлахь, цуьнан бIаьрг хьайха вончу а, боьхачу а хIуманна тIе ма хIоттийталахь. Хьайха цунна уггар хаза хьожа бен а ма кхетийталахь.

ПхоьалгIаниг а, йолхалгIаниг а: цуьнан набаран а, юучу хIуманан а хан ларйар ду. Мацалла яхъялар цIе латтош ду хьуна. Наб йохор оьгIаз вохуьйтуш хIума ду хьуна.

ВорхIалгIаниг а, борхIалгIаниг а: цуьнан даьхни лардар ду. Цуьнан ялхой а, доьзал а тергам беш Iалаш бар ду. Даьхнехь коьртаниг кхоош а, хьажош а Iалашдар ду. Ткъа доьзалехь диканиг а, коьртаниг а массо хIума церан хила ма-деззара, дика дIахIоттор ду.

УьссалгIаниг а, уьтталгIаниг а: цуьнан омранна Iеса (духьал) ма хилалахь. Цуьнан къайле нахала а ма яккхалахь. Ахь цуьнан омра талхадахь, оьгIаз вохуьйтур ву ахь и. Ахь цуьнан къайле нахала яккхахь, цо мекарло а, тешнабехк а баран тешам бац хьуна. Цул тIаьхьа, варийлахь, ларлолахь цунна хьалха самукъадаьлла, сакъера лууш хиларха, иза гIайгIане, сингаттаме волчу хенахь. Цунна хьалха кхоьлина а, сингаттаме а хиларха а ларлолахь, иза самукъадаьлла велахь».

Хаттар:

Вайн Ислам динехь бахьанаш а, некъаш а дуй-те зудчо шен майра а, доьзал а ирсе барехь лело йиш йолуш?

Жоп:

Ислам - иза АллахIа динаш дIадерзош дуьзна даийтина а, шеца ниIмат кхочуш дина а дин ду, цу чохь ду массо хIума билгал дар, къаьсттина цхьа стаг а, юкъаралла а (общество) дуьненахь а, эхартахь а ирсе а, декъала а деш долу. Цуьнан дерриг къа́ну́наш (законаш) юкъарнаш а, къаьсттина цхьанна дерш а, церан йоккха зIе а, уьйр а ю мар-зудчун дахар ирсе дарехь. Тхуна хууш долчуьнца Iаьрбийн дийцарха маре боьлхуш шайн йоIаршна весеташ даран хьокъехь, оха хIокху гIиллакхех цхьадерш даладо:

1- Зуда хаза сурт хилар ду шен майрчуьнан бIаьргахь, цуьнан дог шена тIедерзоран а, тIеозоран а дуьхьа. Иза муха хила деза аьлча: цо шен хазаллин доладарца а, тергоярца а хир ду.

2- Майрчуьнан дагна хазахетар, воккхавер, самукъане хилар тIедохьурдолчу кепара цIа а, чоьнаш а низамехь дIанисйина латтор. ХIара низамехь массо хIума дIанисяр юх-юха карладаккхар ду, цунна воккхавер хаадалар карладалийтаран дуьхьа а, да́хар цхьана эшшара дIа ца дахийтаран дуьхьа а.

3- Цунна паргIат, тийна хьал (меттиг) кечъяр, хилийтар, шен белхан гIелваларха цуьнга садаIийта а, паргIатвалийта а. Къаьсттина мукъа деношкахь, зудчо уьш дIалацар нийса доцуш долу, цараха а, царна чохь садаIарха а и воккхур волчу хIуманца. Берашка цуьнан садаIарна новкъарло а йойтур яц цо.

4- Цуьнан вон-диканан цуьнца да́къа лацар, цуьнан дог эца хьажар хазчу къамелаца я самукъане цхьана балхаца (хIуманца, гIуллакхца), муъма нехан нана Хади́жат (АллахI реза хуьлда цунна) пайхамарца )АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна( ма-хиллара, хьехара (пещера) цIавеанчу дийнахь, дог дегош а долуш. Эццехь цо цуьнан дог эцна, са а тедина, АллахIа цкъа́ а юьхьIаьржа хIоттор вац хьо аьлла.

5- Цуьнан хIума яаран а, набаран а хенаш хаар ду, царах хIоранна а тидам беш а, уьш лоруш а хилар ду (принимать в расчёт).

Иза цунна езаш йолу а, лууш йолу юу хIума кечярца а, иза набарна вижинчу хенахь юьззина цунна тийналла латторца хир ду. Шена гонахара хьал тийна хила лууш хир ву и, садаIаран чам а, марзо а эцаран дуьхьа.

6- Шен цунах дог далар гучу ца даккхар ду, цуьнгахь долчу айпана (порок, дефект) дуьхьа цамгар, къоьлла, ханна воккха хилар саннарш.

Цунна тIера хIара лазарш дайдан хьажар ду, дашца а (къамелаца), кхечу хIуманца а.

ХIара цунна тешаме хиларан а, зудчо шен тIера декхарш кхочуш даран а цхьа тайпа (да́къа) хиларна.

7- Къамелехь цуьнца гIиллакхе хилар ду, цуьнан дагна дукхадеза дешнаш харжар ду, иза оьгIаз вохуьтур волчу я цуьнан дагна Iаткъар долчу суьртахь цуьнга къамел ца дар ду. Цунна тIехьа доьзал бохор хила тарлуш хиларна.

8- Масала, шен даржаца (должность, ност) я цIе яхана хиларца, я шен хьал-бахамца дазалла а дийр дац цо, уьш тIех а деттар дац цо. Вонна иза цахьехавар ду, цунна ца леткъар (арз ца дар) ду, цаваьлла бен, масала, хила а, дожа а тарлуш долу вониг а, бохам а духатохаран дуьхьа.

Имам ГIазалин «Ихьйаъ Iулу́мид-дин» цIе йолчу жайнахь деана гIарваьллачу Аль-АсмиIий цIе йолчу стага элира аьлла: «Цкъа акха Iаьрбий (бедуины) болче нисвеллера со. Цигахь цхьана чIогIа юьхь тIехь хаза йолчу зудчунна тIенисвелира со, ткъа цуьнан майра юьхь тIехь чIогIа ирча вара. ТIаккха ас оцу зудчуьнга элира: ХIай зуда, хIокхуна зуда хила реза муха хилла хьо? ТIаккха цо элира: «ХIай стаг, къамел ма де. Вон къамел ди ахь. АллахIана а, шена а юкъара юкъаметтиг дика йолуш хила тарло и, тIаккха АллахIа со цунна ме́лана а, совгIатана а елла хила мега. Я ас сайна а, сайн Далла а юкъара меттиг талхийна хила тарло, тIаккха иза суна таIзарна велла хила мега Цо.

ТIаккха АллахIа суна хаьржина деллачунна реза хила езаш яц со?!

Уьшу а, и саннарш а Исламо тIечIагIдеш а, царна тIе вай кхойкхуш а гIиллакхаш ду.

Вай царна тIехь дIадахар гIоли а, дика ду, вайца ца догIуш долчу кхечу гIиллакхашна тIехьадозачул. ХIора а, я массо а шен билгал некъ а, шари́Iат а долуш ма ву.

IатIиййа Сакър фата́ваш тIера.

Пайданаш

1- Пайхамара )АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна( цхьана Iийдан дийнахь омра дина зударшка сагIа дукха даларца, царах дукхах берш жоьжахатенан ягорг йолун дела: аьрзнаш, латкъамаш, резабацарш сардамаш дохкар церан дукха хиларна а, майра царна дош ца хетарна а. «…Ахь царах цхьанна даим диканиг динехь а, цул тIаьхьа цунна хьоьгара цхьа хIума гахь, цо олу: Цкъа́ а хьоьгара диканиг ца гина суна». Аль-Бухарий.

2- Баккъалла а, пайхамара )АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна( зудчунна дихкина шен майрчуьнга ша йита бахар, кхузахь цхьа йитаза ца волуш бахана дацахь, дахар цуьнга цхьана дIадахьа йиш йоцуш я чIогIа хала долуш. Хьадийсехь ду: «Цхьана зудчо шен майрчуьнга, цхьа́ вониг я бохам боцуш ша йитар дехахь, ялсаманенан хьожа хьарам ю цунна». Ат-Тирмизий, Абу Даву́д, Ибн Ма́джахI.

3- Зуда шен майрчунна кечъялар, хазъялар коьртачу некъех а, бахьанех а ду цо цунах марзо эцар дуьзна хиларан а, цунна и езаран а, иштта цуьнан самукъадаларан а. Ибн Ма́джахIа дийцинчу хьадийсо боху: «Муъма стагна карийна дац, АллахIах кхерарал тIаьхьа, шена пайда бохьуш дика хIума, дика зуда карайарал: цо шега омра дича, цунна муьтIахь хуьлуш, иза шега хьаьжча, и воккхавевеш, цо шена хьалха цхьа дика хIума дан дуй биънехь, и чекхбаккха цунна гIо-накъосталла деш, и цIеравалахь, ша́ а, цуьнан даьхни а тешамца лардеш».

4- Исламо майра лоьруш ву. АллахIан элчано )АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла: «Со цхьаьнге а омра дийр долуш хилча, цхьанна суджу́д де аьлла, зудчуьнга омра дийр ма дара ас шен майрчунна суджу́д де аьлла». Ат-Тирмизий.

5- Майра реза хиларан совгIат Умм Саламата ма-диццара ду, шен майрчо АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Муьлха а цхьа зуда цуьнан майра цунна реза а волуш елча, ялсамана гIур ю». Ат-Тирмизий.

6- Цхьа зуда еана пайхамар (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) волче, цо аьлла: Йа расу́лалла́хI, со зударийн векал ю (цара яийтина) хьо волче: ХIара джихIа́д АллахIа божаршна тIе диллина. Церан аьтто, кхиам хилахь ял ю царна, ушь байъахь, дийна хир бу уьш шайн Далла гергахь рицкъа луш. Ткъа тхо зударий церан терго еш а, церан гIодеш а ду, цунах тхуна хIун хир ду? ТIаккха АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла: «Хьо тIекхаьчначу зударашка дIахаийта: майрчунна муьтIахь хилар а, цуьнан шена тIехь долчу хьокъана и мукIар хилар а цуьнга нислуш хилар. И деш ерг шуха кIезиг-м ю». Аль-Баззар

7- Зудчунна майрчуьнгара догIучу хьаккъашха ду иза шен зудчунна хазавалар. Иза цунна тIехь ду. Цуьнан массо лаам а, Iалашо а хила ца деза цуьнгара ша бохуче кхача, шех йогIуш боьха хьожа а йолуш, шен бедарш цIена а йоцуш, хазвелла а воцуш. ХIара Исламан гIиллакхаха а я цуьнан оьздангаллеха а дац. Исламо бусалбане омра деш ду даим цIена, хаза, хазвелла, кечвелла хиларца, ламаз дечу хенахь, ламазехь а. «Шаьш кечлуш тIеюху бедарш юха хIора Iиба́датехь». Аль-АIра́ф: 31.

«…АллахI хаза ву, хазалла езаш а ву И…». Муслим

Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) омра дина нахе пIераскана дийнах лийчарца. Къаьсттина уьш хьацар даьлла а, балха тIехь а хилча, хьацаран хьожа дIаяккхаран дуьхьа. Иштта цо омра дина адаме, цо саьрмасекх я хох я и шиъ санна кхин хIума йиъча, маьждигана пе тохарца, адамашна цатам ца баран дуьхьа. ТIаккха агIоннатIехь йолчу шен накъостана цатам муха бийр бу?! АллахIа (ТаIа́ла́) ма-аллара: «Зуда агIонтIера (юххера) накъост ю». Ан-Ниса́ъ: 36.

Цунна цатам муха бийр бу цо шех йогIучу боьхачу хьожанца я шен боьхачу бедаршца? И дан йиш яц цо! Иза цунна хазвала веза, Ибн Iабба́с (АллахI реза хуьлда цаьршинна) куьзгана хьалха дIа ма хIоттара, хазлуш, шен можах хIума схьаоьцуш (дIайоккхуш), шен месаш тоеш. На́фиIа аьлла цуьнга: ХIай АллахIан элчанан шича, хIара хIун ду? ХIара хIума до ахь, малхбалера а, малхбузера а эмкалш тIехь хьуна тIеоьхуш нах а болуш, АллахIан дина хьокъехь хьоьга фатваш доьхуш? ТIаккха цо аьлла: На́фиI, хIун ду хIара хIума дича, со-м сайн зудчунна хазлуш вай, суна сан зуда хазялар санна. Цул совнаха, хIара-м АллахIан жайнахь а (Къура́н тIехь) дай! Цо элира: Мичахь ду хIара АллахIан жайнахь? Цо жоп делла: АллахIан (ТаIа́ла́) хIокху дашехь ду-кх: «Царна (зударшна) дуьхьал догIу, царна тIехь долчу декхаршха терниг, шарIо ма-бохху диканца». Аль-БакъарахI: 228.

Царна догIуш (майранашкара) хьаккъаш ду, царна тIехь долчу (майранашна догIуш) декхарех терра, шарIо ма-бохху диканца.

Цундела, зудчунна тIехь ма-хиллара шен майрчунна хазъялар, иштта стаганна тIехь а ду шен зудчунна хазвалар.

Хьаккъаш вовшийн (взаимный), шина а агIор (обоюдный) ду. ХIара ду и хила ма-деззара долу мар-зудчуьнан да́хар!

Юсуф Аль-Къарадавий хутIбана тIера.

Гочдинарг: IабдуллахI.

E-mail: islamanserlo@gmail.com
ХIокху сайтан ерриге бакъонаш ларйина ю © 2008  www.islamanserlo.net