Главная

Коьрта агIо
   Къуръан
   Видео
   Аудио
   Кинош
   Сайташ
   ДоIанаш
   Суьрташ
   Нашидаш
   Хьехамаш
   Жайнийн цIа
   Программаш
   Мультфильмаш
   Хьехаме дешнаш
   Динан программаш
 
сайтан хьесапаш

 

 
Тхан баннер


 


скачать

ВЕСЕТАШ

БисмиллáхIир рахьмáнир рахьúм

Сан бусалба ваша, сан бусалба йиша, дуьненахь а, эхартахь  а декъал, ирсе, кхиам болуш хила лаахь, хIара весеташ кхочуш де:

1- Хьай деца-ненаца къамел гIиллакхе де. И шиъ а, цаьршима деш долу къамел а цадезаш «тпуй» ма ала. И шиъ чеха а маде. Сийлахь, лераме дош бен ма ала цаьршинга.

2- Даим хьайн дена-нанна муьтIахь хила АллáхIана Iеса йоцчу агIор. Махлýкъана (стагана) муьтIахь хила мегаш ца хиларна, Хáликъана (АллáхIана) Iеса хуьлчу агIор.

3- Хьайн деца-ненаца (даим) гIиллакх лáца. Цаьршина юьхь дуьхьал оьгIазе ма хьажа. ОьгIаз а вахна цаьршинна тIе ши бIаьрг ма богIа.

4- Хьайн ден-ненан яхана цIе а, цаьршина сий а, даьхни а лардан а, Iалашдан а хьажа. Цаьршина пурба доцуш цхьá хIума а схьамаэца.

5- Цаьршима хьоьга де ца аьллехь а, и шиъ самукъне хир долу хIума де: цаьршина гIуллакхе хьажар, оьшуш йолу хIуманаш эцар, дешарехь леррина къахьгар санна долу.

6- «Дика ду, сан нана, сан дá» - олуш, цаьршина кхайкхарна, елаеллачу юьхьца, дукха сиха жоп ло. Папа, мама ма ала, уьш вайн меттан дешнаш цахиларна.

7- Цаьршина доттгI а, гергарнаш а лара, церан пусар де, и шиъ дийна долуш а, деллачул тIахьа а.

8- Цаьршинца къийса а ма къийса, и шиъ галдаьлла ма лара. Нийсаниг, гIилкхаца, цаьршинна билгал дан гIорта.

9- Цаьршинна къарцалуш дуьхьал ма гIерта. Цаьршинна тIе а ма чеха. Цаьршинан къамеле (юкъа ца лелхаш) ладогIа. Цаьршинца гIиллакхе хила. Хьан вежарех цхьаьнна са ма гатде, хьан дега-нене болчу лерамна.

10- Хьан да-нана хьо волче чу деъча, дукха сиха цаьршинна дуьхьал хьалагIатта, цаьршинан коьртах барт а ло.

11- ЦIа чохь хьайн нанна гIо-накъосталла де. Хьайн дена цуьнан балха тIехь гIо-накъосталла дан хье ма ло.

12- Доккхачу гIуллакхана делахь а, цаьршина пурба доцуш цхьанхьа а ваха гена новкъа мавáла. Хьо ца вахча ца волуш хьал делахь, цаьршинна бехказа вáла. Хьайн зIе а ма хадае цаьршиннах.

13- Цаьршина пурба доцуш и шиъ долче чу ма гIо, къасттина и шиъ набарна тийначу а, цаьршима садоIчу а хенахь.

14- Хьо кIур ца баьккхича ца мегаш, ца Iалуш велахь, цаьршинна хьалха ма оза и.

15- Цаьршинал хьалха юучу хIуманна тIе ма кховда. Юучу а, молучу а хIумангахь сий а, ларам а бе цаьршина (тоьлашха ерг цаьршинна хьалха йилларца).

16- Цаьршинна тIехь эладита ма кхалла. Цаьршинна аьшпаш ма ботта. Хьуна хаза ца хеташ долу хIума цаьршима дича, цаьршинна бехк ма билла.

17- Хьайн зуда а, доьзалхо а цаьршиннал ма харжа. Массо а хIуманал хьалха и шиъ реза хилар лаха. АллáхI реза хилар и шиъ реза хиларха доьзна а, Иза огIаз вахар и шиъ огIаздахарха доьзна а хиларна.

18- Хьайн дена-нанна зиярат де кест-кеста, совгIаташ де царна. Хьо кхиаварна баркалла ала цаьршинна, хьо бахьана долуш цаьршима кIадлуш къахьегарна. Хьайн берашца а, ахь цаьрца хьоьгуш долчуьнца а тергам лаца.

19- Лерам а, сий а дан нахаха уггар хьакъ верг хьан нана ю, цуьл тIаьхьа хьан да ву. Хаалахь, сан бусалба ваша, сан бусалба йиша, ялсамане нанойн когаш кIел хилар.

20- Да-нана оьгIаз дахарха а, цаьр шина вон хиларха ларлолахь. Иштта хьо ца хилахь, дуьненахь а, эхартахь а дакъазвалар хир ду хьуна. Хьан доьзал а хир бу хьуна хьоьца, хьо хьайн деца-ненаца хиларе терра.

21- Хьайн де-ненера хьо цхьахIума йоьхуш велахь, цаьршинца гIиллакхе кIеда-мерза хилалахь. Цаьршима хьуна лахь, цаьршинна баркалла алалахь, цаьршима хьуна ахь йоьхург ца лахь, и шиъ бехказа диталахь. Хьайн ехарш цаьршинга дукха ма хилийта, цаьршинан сацагатдаран дуьхьа.

22- Рицкъа лаха гIор долуш хьо дIахIоттича, хьайн дена-нанна, болх беш, гIодан хьажа.

23- Хьайн дена-нанна хьуна тIехь хьакъ ду хьуна. Хьан зудчунна хьуна тIехь хьакъ ду хьуна. Цундела, хIора хьакъ дена цуьнан хьакъ дIалолахь. Цаьршинан къовсам хилча бартбан гIорталахь цаьршина юкъахь. Шина а агIонна вовшашна ца хоуьйтуш совгIат де.

24- Хьан ден-ненан, хьан зудчуьнца довдаьлча хьекъал, кхетам болуш хилалахь. Хьайн зуда кхетае хьо цуьнгахьа хиларха, и бакълуьйш елахь, хьо и шиъ реза ца дича цаволуш хиларха а.

25- Хьан деца-ненаца хьан ойла цхьана ца еъча зуда ялоран я йитаран хьокъехь, и гIуллакх къастадар шарIе дилла, иза шуна дика гIо ду шуна.

26- Дас-нанас диканца а, вонца а дина доIанна жоп луш ду шуна. Цундела, вочуьнца цаьршима хьайна доIа дарха ларлолахь.

27- Адамашца девнаш цадохуш гIиллакхе хилалахь. Нахана лийначунна, уьш а луьйр бу хьуна цунна. Пайхамара – IалайхIис-салáм, аьлла: «Даккхийчу къинойха ду стаг шен дена-нанна лер: стеган дена луьйр ву и, тIаккха иза цуьнан дена луьйр ву. Цуьнан нанна луьйр ву и, тIаккха иза хIоккхуьнан нанна луьйр ву». Бухарий, Муслим.

28- Хьайн дена-нанна зиярате гIо и шиъ дина долуш а, и шиъ деллачул тIаьхьа а. Цаьршинна тIера сагIа а ло. Цаьршинна дукха хIокху дешнашца доIа де: «Сан дела, суна а, сан дена-нанна а гечде ахь». «Сан дела, цаьршиннах къинхетам бе ахь, цаьршима со жима волуш (къа а хеташ) кхиаварах терра».

Кечдинарг: Саййид Iабдур-Рахьмáн Ас-СубайхIий

Гочдинарг: ИбрахIим

Оршот, 3 Овхаран бутт «Август» 2009 шо.

 

| More
E-mail: islamanserlo@gmail.com
ХIокху сайтан ерриге бакъонаш ларйина ю © 2008  www.islamanserlo.net