|

ШИНА БЕШАН ДА

БисмиллáхIир рахьмáнир рахьи́м
МухIаннад: Сан да, сихха дийцар дIадоладехьа, со
чIогIа шовкъийла ву..
Да: МухIаннад, сих ма лолахь!
Са́ра: Тахана тхуна хIун дуьйцур ду ахь, сан да?
Да: Ас шуна дуьйцур ду шина бешан ден дийцар.
Мухьаммад: Дийцахь тхуна сихонца!
Са́ра: ХIаъ, сихонца, сихонца.
Да: Цхьана дийнахь кхузахь цхьа хьал долуш стаг
хилла. Йоккха ши беш хилла цуьнан, дукха дитташ а, дийна ялташ а долуш.
Дохка, тайп-тайпана стоьмаш а хилара цунна оьцу бешара. ХIокху мах барха
дуккха а са́ йолуш даьхни хилара цунна, амма иза АллахI (Сийлахь-веза ву И)
цхьаъ веш а, Цунах тешаш а вацара.
Мухьаммад: Цул тIаьхьа хIун ду?
Да: Цхьана дийнахь, шина бешан дас элира цхьана
къечу, АллахI (СийлахI-веза ву И) цхаъ веш а, Цунах тешаш а волчу стаге.
Шина бешан да: Со чIогIа хьал долуш ву. Сан
дукха даьхни а, ба́хам а бу. Йоккха ши беш а ю. Сан куьйга кIел болх беш
йоккха тоба белхалой а, хьадалчаш а бу. Ткъа хьо къен стаг ву, сан долчуха
хIумма́ а до́лахь долуш вац хьо.
Са́ра: ЭхI, стеган сий дойу хIара къамел дина цо
цуьнга?! Баккъалла а, ма къиза стаг хилла-кх иза!
Да: Деккъа хIара хилла ца Iа иза. Муххале а,
бешахь ша хьожуш чекхволуш цо аьлла:
Шина бешан да: ХIара сан исбаьхьа беш ца хедаш,
даим заза доккхуш лаьттар йолуш ю. Цхьа́ а вац ницкъ кхочур болуш цунна
бохам а, зе а дан, мел ницкъ болуш и велахь а.
Мухьаммад: Сан Дела, хIара товш доцу дешнаш
аьлла цо?!
Нана: Сан жима кIант, цецма вала хьо! Иза Дела
цхьаъ веш а, Цунах тешаш а ма вац. Цундела цуьнгара муьлхха хIума а да́ларе
хьежа хьо.
МухIаннад: Хетарехь шовкъийла веш дийцар ду иза,
сан да, сихха дийцахь тхуна и.
Мухьаммад: Къечу стага жоп муха делла цунна,
дерриг хIара къамел шена хезначул тIаьхьа?
Да:
ГIиллакхехь, цунна хьехам бан хIоьттина иза, хIокху дешнашца:
Къен стаг: Сан ваша, хьайха тоаме ма хила. Диц
ма де, баккъалла а, хьо кхоьллинарг АллахI (Сийлахь-веза ву Иза) хилар.
Хьоьгахь долу ниIматаш дерриге а хьуна делларг И АллахI ма ву. Иза (Ницкъ
болуш а, Воккха а ву И) баккъалла а, хIара ши беш Цо хьуна яларха терра,
ницкъ болуш ма ву И, цаьршинан диканах хьо ваккха а (хадо), хьох къен стаг
ван а, цхьана а хIуманан да а воцуш. Цундела АллахIах кхера, юха хIара
санна долу къамел а ма де. Хьо хьайн беша ваьлча, цуьнан сурт хьуна хаза а
делча, АллахIана (Сийлахь-веза ву И) цIе яккха, «Ма́ша́ АллахI, ла́ къуввата
илла билла́хI» але.
«Ма хаза́ а, тайна а ю хьо (беш), АллахIана ма лаъара!
АллахIаниг бен ницкъ бац».
Да: Шина бешан дас цунна жоп луш, элира:
Шина бешан да: Докъазалла хьулда хьуна, хIай
стаг, хIун дуьйцу ахь?
Да: ТIаккха АллахI цхьаъ вечо а, Цунах тешачо а
элира:
Къен стаг: Хьуна хезнарг боху ас. Со хууш ву
АллахI (Сийлахь-веза ву Иза) ницкъ болуш хилар, стиглара цунна тIе Iазап а
даийтана и хIаллак ян я цунна гонахара хинан татолаш дакъадалийта. ТIаккха
цунна дилла хи мичара дохьур ду ахь?
Са́ра: Делахь а, цул тIаьхьа хилларг хIун ду?
Да: Муъма стаг кхоьруш хилларг доьжна-кх. Шина
бешан да самаваьлча, и шиъ юьззина хIаллак йина карийра цунна. АллахIа Шена
гергара хIаллак хилар (Iазап) хьажийнера оцу шина бешана тIе, таIзарна,
цаьршина да керстаналла деш а, дуьхьал а хиларна.
Шина бешан да: ХIара хIун ду? Сан шина бешана
хилларг хIун ду? Суна гуш дерг бакъ хеташ вац со. Къечу стеган къамеле ла́ а
доьгIна, Iа́ламийн да́ волчу АллахIе ийман диллина делира ас.
Мухьаммад: ХIара цавашаран а, дуьхьал ва́ларан а
бекхам бу.
МухIаннад: Ма вон бекхам бу иза!
Да а, доьзал а: Йа́ АллахI, Хьуна шукр динчех а,
Хьо хьехийначех а диелахь тхо.. Ами́н!
Гочдинарг: IабдуллахI |