|
ШАЙТIАНАН
КУЬЦАШ

Хастам бу АллахIана!
АллахIера
къинхетам а, маршо а хуьлда элчанна а, цуьнан доьзална а, цуьнан асхьабашна
а!
Цул тIаьхьа…
Вай лахахь хьахон долу шайтIанан
а, цунна тIаьхьабаьзначийн
а куьцаш - КъурIанера
а, Суннатера а схьаэцна ду.
Дуккха а дукха вон куьцаш ду шайтIанан.
Вай хьахор ду царех цхьадерш:
ЦIе:
Иблис.
Мохк:
АллахIаца
бала боцу дегнаш.
Тайпа-тукхам:
тIагIуташ.
Даима йолу меттиг:
жоьжагIати.
Дин:
хьалхарчу тIегIанехь
керста.
Нана-гIала:
АллахI
ца хьехош йолу меттигаш.
Лела некъ:
галморзахниг.
Хьал-бахам:
сатийсамаш.
Кхеташо:
базарш.
Некъан мостагIий:
бусалба нах.
Буьйцу некъ:
йилбаз-гIала.
Къинхьегаман байракх:
мунепикъалла.
Белхан духар:
бос хуьйцучу моьлкъанан санна, дерриге а беснаш.
Дуьненан зударий:
коьртаIуьйра,
берзина леларш.
Цунна безаш берш:
АллахI
хьехорца бала боцурш.
Иза гIайгIане
дийриг:
Деле гечдар дехар.
Цуьнан йоза:
дегIан
чкъураца диллина сурт (татуировка).
ХIусам:
хьаштагIа,
бани.
Ойланаш:
пайдане хьаьжжина керчаш, хийцалуш ю.
Иза гучудаьлла юьхьиг:
Адамна сужд дарна дуьхьал даьлла долу де.
ДоттагIий:
мунепикъаш.
Рицкъа:
хьарама даьхний.
Иза кхерста меттигаш:
нажжаз-хIусамаш,
къинош летон меттигаш.
Омранаш:
телхина мел дерш.
Дарж:
Дела оьгIазваханачеран,
тиллачеран коьрта хьаькам.
ГIуллакх
ден хан:
къематде даллалц ерг.
Юьхьара лаьцна некъ:
жоьжагIате
боьдург.
Махлелоран санаш:
яржийна чан.
Дукха беза болх:
тилор, къинойх хьегор.
Некъан накъост:
бакъдерг дIа
ца олуш верг.
Лаам:
берриге наха керстаналла дар.
Иза тIехуу
дийнат:
аьшпаш.
Цуьнан чаккхе:
къематде.
Хин йолу ял:
къа – цунна а, цунна тIаьхьабозучарна
а.
Цунна гергахь уггаре диках долу гIуллакх:
божарша вовшашца гIуллакх
дар, зударша вовшашца гIуллакх
дар.
Нахаца йолу тIекере:
гIийбат,
моттбеттар, къайлах таллар.
Билламан дош (пароль):
АС, СО - кураллин дош.
Дукха деза даар:
беллачийн жижиг.
Иза кхоьруш верг:
Делах кхоьру бусалба стаг.
ВаIданаш:
къоьллица кхерамаш тийсар.
Цунна цабезарш:
дуккха а АллахI
хьехош болу божарий, зударий.
Иза делхориг:
дуккха а сужданаш дар.
Цуьнах лардалар:
Далла муьт1ахь хиларехь ду.
Турпалан кIант
Фарукъ |