Главная

Коьрта агIо
   Къуръан
   Видео
   Аудио
   Кинош
   Сайташ
   ДоIанаш
   Суьрташ
   Нашидаш
   Хьехамаш
   Жайнийн цIа
   Программаш
   Мультфильмаш
   Хьехаме дешнаш
   Динан программаш
 
сайтан хьесапаш

 

 
Тхан баннер


ЖИМЧУ СТАГЕ КХАЙКХАМ

БисмиллáхIир рахьмáнир рахьи́м

Ас хьажош кехат ду хIара, вайца воцуш дукха хан яьллачуьнга, цунах къастаран лазарна дог доьлхуш волчуьнга.

Хьан духьа къолам а, шекъадуттург а кара ийци ас, царшинца хьуна, я хьан дуьхьа, хIара дешнаш язди ас.

Хьо везаш доьлхуш долчу деган хиш Iаьвдина даьхна долу, уьш бахьана долуш АллахIа хьан даг чохь лар а, Iаткъам а дитаре дог дохуш а, и лууш а со муха ца хуьлу, диканиг дезарах дуьзна долчу хьан даге со хьан хьокъехь къамел деш хилча? Юха а, и лууш со муха ца хуьлу, суна хууш хилча, кхечу дегнех цхьаннах тера доцуш хьан дог хилар?

Со чIогIа тешна ву, АллахIал – ТаIала – тIаьхьа хIокху элпаша а, дешнаша а хьан дахаран некъ хуьйцург хиларех а, оцу хазчу, буьзна кхеттачу беттан гонахара мархаш дIасаяьржарг хиларех а, юха а вайна къегина серло луш и схьакхетийтаран дуьхьа, дог сакъералуш делийтаран дуьхьа, хьан умматан малх сирла лепийтаран дуьхьа, юха а хьо цунна тIе схьаварца.

Сан хьоме ваша! ХIара денош сиха а, чехка а дIаоьхуш ду, шераш а тIаьхьа-хьалха чекхдуьйлуш ду, агIонаш дIахьарчош ю вайна хаа ца луш, я вайна хаа ца хууш, керла шо долалучу хенахь бен, я сийлахь бутт (Рамадан) тIебогIучу хенахь бен, я жиргIанаш етташ хезчу хенахь бен, цуьнца Iийдан де тIедар кхайкхош. Амма, сан ваша, эхьа хьайга хаттар диний ахь: хIокху дIадаханчу деношкахь хIун дина ас я хIун данделла соьга?

Цул а коьрта долу хаттар диний ахь хьайга: хIун кечдина-те ас тIаьххьарчу некъана? ХIун дика дина-те ас сайна, АллахIана гергахь суна и карор долуш, дика ме́л а, дика догдохийла а хилла? Сан Iамалийн тептар тIе хIун яздина-те? И схьаэцар муьлхачу куьйга хир ду-те? Со шена чу вуьллур волчу ýрана (кошана) хIун кечдина-те ас?

Хьан делан (цIарца) доьху ас хьоьга: хаттахь хьайга, хьайгара жоп хилийта а хьажахь! ТIаккха кхетар ву хьо болх чIогIа боккха а, кхераме а хилар, дуккха а вай цунна гергахь сецна Iар хьакъ хилар, ехха цуьнан хьокъехь ойла ян езаш хилар.

Тамашена хIума ду, сан ваша! Кхáча кIеззиг болуш ма-го суна хьо, некъ гена а, беха а боллушехь! Хьуна зе а, бохам а бен болчу хIуманна тIевирзина ма-го суна хьо, хьуна пайда бен берг Iадда а дитина! Мел Iан ойла йолуш ву хьо хан эрна а, зе йойъуш а дIаяхийта?! И хан хьуна дуьхьал тоха лоруш а, луш а ю, ахь дийриг яздина шайгахь дIадуьллуш, даим хьоьца долчу шина малийкехула! Маццалц къиношца лата а, тIом бан а дуьхьал хIитта воллу Къинхетамен а, Сийлахь а волчунна?! Хьайн далла маццалц Iеса хила ойла ю хьан, Цо хьо Iалаш веш волуш, Иза ахь лелочуьнан теш волуш?!

Тоба до хан тIе ца кхаьчна хьан, юха керла агIо йоло?!

Сан хьоме ваша! Тоба де АллахIе, нийсачу новккъа хIоттаран а, тобанан а чам баккха, бIаьрхина марзонан чам баккха!

Хьайн дог (йиттина бедар санна) Iовда (къовла), лазар хаадалийта, Iосаллин цIе дIайойъуш, хьайн бесни тIехула бIаьрхин тIадам охьахьадийтаран дуьхьа! Хьо-хьо цхьаъ висахь, хьайн къинна мукIар хилахь, хьайн деле доIа дехьа!

Ахь алахь: Йа, АллахI, Хьо сан дела ву, Со Хьан лай ву. Со сайн ницкъ ма-кхоччу Хьан омранна тIехь ву, Хьо цхьаъ ве аьлла Ахь дина долчу, Хьан ваIданна (обещание) тIехь а ву, оцунна (дуьхьала) Ахь суна ялсамане лур ю аьлла йолчу. Ас динчу хIуманан вонах со ларве Ахь! Ахь суна динчу диканна (Ахь и суна диний хууш) со къера ву! Ас динчу (соьгара даьллачу) къинна а со мукIар ву! Цундела суна гечдехьа! Бакъ а долуш, къиношна гечдеш Хьо бен вац.

Хьайгара къа даларна а, дожарна а велха. Буьйсанна гIаттий, делаца къамел даран марзо а, самукъа а зе (чам баккха). АллахIана хьо муьтIахь хила везарна къера хила. Бакъдолу тоба де АллахIе. Паччахьийн паччахьера йолчу паргIатоне а, синтеме а ладогIахь, сан ваша, Цо – ТаIáлá – бохучу хенахь: «Ахь ала, (Мухьаммад), Ас боху алий, шаьш-шайна исрáф дина, хIай Сан леш (Iосаллашца шайна бохамаш бина), АллахIан къинхетамах дог ма дилла. АллахI, боккъалла а, массо къиношна гечдеш ву». Аз-Зумар: 53.

АллахIа – СубхьáнахI – Шен къудсий хьадийсехь боху: «ХIай, Адаман кIант, ахь Соьга доIа а дийр дац, Соьга доьхур а дац, Ас хьуна гечдина бен, хьоьгара даьллачунна, къинойн дуккхалле ца хьоьжуш.

ХIай, Адаман кIант, хьан къинош стиглана лакхенга кхочуш хилчи а, цул тIаьхьа ахь Соьга гечдар дехча, Ас гечдийр ду хьуна, къинойн дукхалле ца хьоьжуш.

ХIай, Адаман кIант, хьо суна тIевеъча, латта дуза гаттдина къинош дохьуш, цул тIаьхьа хьо Суна дуьхьал хIоьттича, цхьá хIума Соьца накъост ца хIоттош, Со хьуна тIевогIур ма-ву и дуза гаттдина гечдар дохьуш». Ат-Тирмизий.

Ахь вон хIуманаш дина алий, сан ваша, АллахIан къинхетамах дог ма дилла. ХIокху деношкахь жоьжахатех хьалхабитина хьо саннарш мел бу (хаий хьуна)?

Хьайн делаца йолу хьайн моттар а, ойла а тае, Цуьнга тоба а де.

АллахIана гергахь хIаллак хуьлуш вац хьуна (ша) хIаллак хилларг бен. Илланчо (поэт) боху: «Къиноша хьо лазийча, царна дарба леладе: буса куьг хьалаайъарца, буьйсанан бода чIагIбеллачу хенахь, АллахIан къинхетамах дог а ма дилла, Ахь Цунах дог диллар, хьан къиношха уггар доккханиг ду хьуна!

Хьо мила ву, хьо? ХIаъ, сан ваша, хьо мила ву, хьо, чохь садолчу хIуманийн (создание, тварь) дала хьоьга къамел дан?

Йийца бехказло хIун ю хьан, хIара кхайкхамаш хьуна хезаш а болуш лаьттан а, стигланийн а Делера? Сан ваша, хьуна хаалахь, дуьненахь уггар ирсе хан хьо дIахIоьттина хан ю хьуна хьаствелла, муьтIахь хилла, кхоьруш, воьлхуш, гечдар доьхуш, тоба дина волуш! Тоба динчера дешнаш цIена а, даггара а долу дела, церан бIаьрхиш довха а хиларна, церан ойланаш а, лаамаш а лакхара а, чIогIа а хиларна.

ХIунда ду хаий хьуна?

Дера ду цара ийманан марзонан чам Iаьвшина дела, цунах дIахадаран къахьо́нал тIаьхьа. Царна билггал хааран а, чIогIа тешаран а хIо кхетта дела, вохаран цIарал тIаьхьа. Уьш кхерамазаллехь а (маьршонехь), низаме деанчу хьолехь а баьхна хиларна, сагатдаран а, синтем бáран а боламал тIаьхьа.

АллахIан дуьхьа ала, сан ваша, хIокху дерриг ирсах, марзонах, зовкхах хьо хадаваран хIун бахьана ду хьан?

ТIаккха ахь къа далийтанехь, тоба дехьа! Ахь цхьанна цатам, я бохам бинехь, гечдар дехахь! Галдаьлла ахь цхьа хIума динехь, я хьоьгара гIалат даьллехь, нисдехьа и! Ткъа къинхетам шорта а, боккха а бу хьуна, неI йиллина ю хьуна. Амма тобанца и (къа) дIанисде, цо тем байъале, тIаьхьа теттар а, дукхавахаре сатийсар а тIе ма дита. Могшаллех Iехавалар а, тергамза хилар а дита.

Илланчин даше ладогIа: «Маса могушниг ву, цамгар йоцуш дIакхелхина? Маса цамгушниг ву, дуккха а заманахь ваьхна?

ХIай, сан хьоме ваша! ХIокху дешнашка ладогIахь, даим цаьрца хайн дагна хьехам бе!

Ас АллахIах дуй буу хьуна, - ма даккхийн дешнаш ду моьтта хьуна уьш! Абу ТIáлибан кIанта Iалийс, АллахI реза хуьлда цунна, боху: «Боккъалла а, эхарт дIадахна тIедирзина долуш, дуьне а дIадахна букъ тоьхна долуш. Цундела эхартан кIентий хилалаш, дуьненан кIентий ма хилалаш. Тахана Iамал ю шуна, хьесап доцуш, кхана хьесап ду шуна, Iамал йоцуш».

Цуьнан маьIна: адаман декхар ду бохург ду, чIогIа кечам бар, шен хьал тодар, шен тоба карла даккхар, ша юкъаметтиг лелош хилар хаар Комаьршачу, Нуьцкъалчу, Сийлахь-Воккхачу, Къинхетамечу делаца, Шеца там боцчу хIуманах цIена а ву Иза, Сийлахь-Воккха а ву Иза.

Ма Сийлахь-Воккха ву Иза, ма къинхетаме ву Иза!

Чекхдолуш:

АллахIе доьху ас вайн массера а тоба къобал дар, вайн дерриг къиношна гечдар, даггара лелачех, дикачех, хIума тодечех вай дар! Йа, АллахI, даггара, цIена долу тхан тоба къобал де Ахь! Йа, АллахI, тхан дайшна, наношна гечде Ахь, царна дика хилар ло Ахь тхуна! Йа, АллахI, уьш Iалаш бе Ахь, царна беллачарна, дийна болчарна къинтIера вáла Хьо, могашалийца царна дика а де Ахь! Иза, боккъалла а, и карахь долуш Ву, цу тIехь ницкъ кхочуш Ву.

Вас-салáму Iалайкум, ва рахьматуллáхIи, ва баракáтухI!

Хьан ваша - ИбрахIим Мухьаммад Аль-МаIший.

Гочдинарг: IабдуллахI.

E-mail: islamanserlo@gmail.com
ХIокху сайтан ерриге бакъонаш ларйина ю © 2008  www.islamanserlo.net