|

НАХ ЯЛХ ТАЙПА БУ

БисмиллáхIир рахьмáнир рахьи́м
1 - Ша то а велла, кхинберш а тобеш верг:
- И тайпа верг - уггаре лакхара даржехь ву. Иза
пайхамарийн а, дикачу нехан а, Iеламнехан а, хIума тодечеран а (реформаторш)
дарж ду.
2 - Ша то а велла, кхинберш то цабеш верг:
- ХIара дарж, Iибадатех дIахаьдчеран а, дуьне
дитанчеран а, АллахIан дине кхайкхам (даIват) барех дIакъаьстинчеран а
сибаташкахь ду.
3 - Кхинберш то а беш, ша-шен то а ца веш верг:
- Иштта берш мунафикъийн даржехь хила а тарло. Кхайкхам
(даIват) бечеран а, Iилма Iамош (студенташ) болчеран даржехь хила а тарло.
ШайтIано Iехийначех бу уьш.
4 – Ша телхина а волуш, кхинверг талха ца веш верг:
- Масала, хьажа мегаш йоцу фильмаш а, кхин долу хьарам
дина белхашка хьажаран дуьхьа шависар дезаш верг санна ву.
5 – Ша телхина а волуш, кхинверг а талхош верг:
- Вон накъост санна ву иза.
6 – Кхинверг то а веш, ша талхош верг:
- Х1окху тайпана берш – шайн хьокъехь АллахIа аьлларш
бу: «Диканиг нахе де олу аш, шаьш Iаддá а дуьтуш». Аль-Бакъара. 44
аят.
Яздинарг: МуджахIидахI.
Гочдинарг: IабдуллахI. |