Главная

Коьрта агIо
   Къуръан
   Видео
   Аудио
   Кинош
   Сайташ
   ДоIанаш
   Суьрташ
   Нашидаш
   Хьехамаш
   Жайнийн цIа
   Программаш
   Мультфильмаш
   Хьехаме дешнаш
   Динан программаш
 
жима-ЧАТ
 


 


скачать

ЛАРЛОЛАХЬ!!

Кхечарна новкъарло а, халахетар а, цатам а беш долу цхьадолу хIумнаш Исламо вайна дихкина. Вайга царах ларлолаш аьлла тIедиллина юккъаралин уьйр-гергало Iалаш яр дуьхьа.  Оцу хIумнашха ду:

-Цхьаьнга ахь «ХIай керста» алар: Цунаха чIогIа лардалар тIедиллина вайна Исламо. Пайхамара-IалайхIис-салам-аьлла: «Муьлххачу цхьана къонахчо шен вешега «йа кафир-хIай керста» алахь, цаьршиннах цхьаъ керста хила везаш хуьлу, цо ма-бохху и велахь. Вацахь (цунна и аьлла волу) хIара хуьлу. (Цуьнгахь долучу Исламах хIокхо керстналла аларна).» (Муслим).

-Iехор (къаьсттина меха тIехь): Пайхамар-IалайхIис-салам-нах лебеш, Iехош волчуха цIанвелла дIаваьлла, иза бусулбанашха ца лерина цо. Цо-IалайхIис-салам-аьлла:

«(Нах) Iехош верг вайха вац». (Муслим).

-Бусулбанашна дуьхьал ваьлла тIом бар: Пайхамара-IалайхIис-салам-вайна лардалар тIедиллина бусулбанашца (царна дуьхьал) тIом барха. И билгалдоккхуш чIагI а дина. Пайхамара-IалайхIис-салам-боху: «Вайна дуьхьал герз даьккхинарг вайха вац (шуна)».  ( Муслим).

-Юккъе мотт лелор: Пайхамара-IалайхIис-салам-аьлла: «Юкъа мотт лебеш верг - наммам ялсмане гIур вац». (Муслим).

Ан-намима-юкъа мотт лебар а, лелор а-иза нахана юккъахь церан къамел дIа-схьакхехьар ду, цара барт бохабар а, царна бохам бар а Iалашонца.

-Куралла: Пайхамара-IалайхIис-салам-аьлла:

«Ялсамана гIур вац шен дагчохь мискъала зарратал (мел жима, кIеззиг) куралла ерг». (Муслим).

-Шога хилар: Иза шайтIанан гIирс бу адамаш къахко а, вовшех баха а. Цундела АллахIа-беркате ву И-аьлла:

«Хьо кIоршаме, дог шога долуш (къинхетам боцуш) хиллехьара хьуна гонахара дIабевр бара уьш (хьо вуьссар вара хьо)». (Алу Iимран:159).

-Цавашар а, кхардар а: Вай дала-цIена ву И- дихкина вайна и вон гIиллакх, Цо аьлла:

«ХIай ийман диллинарш, цхьа нах вукха нахах ма кхардалаш, уьш шул дика хила герга ду (шуна)». (Аль-хьужурат:11).

-Новкъа йогIун (цатовн) цIераш тахкар: Цуьнгахь кхечера дегнашна човйар а, цера хьурмат (ларам) цадар а хиларна. Дала-сийлахь ву И-аьлла:

«Вовшийн цадашарна цIераш ма тахка. Цо шена а, кхечарна а деш дерг зулам ма ду». (Аль-хьужурат:11)

-Нахана тIаьхьа ваьлла сакхаташ лехьадар: Адамо дина диканаш хIаллак деш а, уьш лаьтта охьатуьйсуш а хIума ду и. ТIаккха бусулбано йина дика Iамалш эрна, зен йов. Цхьана назманчо аьлла: Царна диканиг хаахь и хьулдо цара, вониг хаахь кхайкха до цара, цахаахь пуьташ (харц дерг) кхуллу цара.

-Нахана дуьхьал шина юьхьанца хIиттар: иза нахалахь уггар вониг ву, пайхамара-IалайхIис-салам-цунах лаьцна ма-аллара:

«Нахалахь уггар вониг ши юьхь ерг карор ву шуна, хIокхарна цхьана юьхьца дуьхьал хIуттуш, вукхарна кхечу юьхьца». (Бухари, Муслим).

-Стагах ца тешар (тешам бар, вониг моттар): Оцу гIиллакхо адамашна юккъа цабезамаш а бохьу, царна юккъара безам талха а бо. АллахIа- цIена ву И-аьлла:

«ХIай ийман диллинарш, дукхах долчу моттарха ларлолаш, цхьадолу моттар къа ду (шуна)». (Аль-хьужурат: 12).

-Къайле йийцар (ларцаяр, кхайкхор): ЧIогIа вон гIиллакхех ду иза, и бахьана долуш девнаш, цабезамаш хуьлу дела. Къонахчо шен къайле ларъян еза. Ша и лар цайина кхечо кхайкхича цхьа бехке ван цавеза. Iаса кIанта Iамрас-АллахI реза хилда цунна- аьлла:

«Къайле йийцина цхьа а бехке ца вина аса, цо и кхайкхорна. Аса и бехке муха вийр ву, суна и оьшуш хилла цахилча».

-Юкъахь дов латтор: Пайхамара-IалайхIис-салам-боху: «Вовшен цадезаш а, хьаьгIнаш еш а, баккъаш бетташ а, хедаш а ма хила. АллахIан лайш, вежарий хила». (Бухари, Муслим).

-Ша дина дика, сагIа, гIодар тIехдеттар а, уьш хьехор а: Сий доцуш волчу стеган гIиллакх ду и. Дика динарг ша цхьа хIума еллачуьнгара хIуммане хьожуш хила цавеза. АллахIера мел бу цо лаха безаш берг. АллахIа сакхате лерина хIара гIиллакх, Цо-беркате ву И-аьлла:

«ХIай ийман диллинарш, шайн сагIанаш дохамаде тIехдеттарца а (уьш хьехош), цатам барца а». (Аль-бакъара:264).

-Делла дош ларцадар: Иза мунепикъийн билгало ю. Пайхамара-IалайхIис-салам-гуттар чIогIа лардалар тIедиллина вайна цунах. Цо-IалайхIис-салам-аьлла: «Мунепикъа кхоъ билгало ю: къамел деш пуьташ (аьшпаш) боттар, шех тешча ямартло яр, ша дош делча ларцадар». (Бухари, Муслим).

Уьш доцурш кхи а ду вон гIиллакхаш а, амалш а, масала: ца хууш стаг галваьлча я цуьнгара ца хууш гIалат даьлча и бехкевар, цуьнгара жоп дехар. Бехказло къобал цаяр. Сонтачу нахах тера лелар (соперничать). Дукха забарш яр. Тайпанах даззалаш дар. Дена-нанна муьтIахь воцуш дуьхьал валар, вон хилар. Шен зудчуьнца гIиллакхе цахилар, цуьнан хьакъош ларцадар. Адамаш гулделлачу меттигийн, къамелан гIиллакхаш тидаме ца ларар, уьш тергон цадар. Белхалошца уьйр цахилар, уьш сийдоцуш лахара хетар, иштта кхи дIа а.

Ирезин Халид

E-mail: islamanserlo@gmail.com
ХIокху сайтан ерриге бакъонаш ларйина ю © 2008  www.islamanserlo.net