Главная

Коьрта агIо
   Къуръан
   Видео
   Аудио
   Кинош
   Сайташ
   ДоIанаш
   Суьрташ
   Нашидаш
   Хьехамаш
   Жайнийн цIа
   Программаш
   Мультфильмаш
   Хьехаме дешнаш
   Динан программаш
 
жима-ЧАТ
 


 


скачать

ХЬАЙН ДОЗАЛЛА МЕЛ ДУ ХАЬИЙ ХЬУНА?

БисмиллáхIир рахьмáнир рахьúм

Ассалáму Iалайкум, ва рахьматуллáхIи, ва баракáтухI

Хьан дозалла мел ду?? 50кг, 90кг.

ХIан-хIа, хIан-хIа, хIан-хIа

ХIара дозалла дац сунна лууш дерг…

Бакъалла а, суна лууш дерг бакъдолу дозалла ду.

АллáхIа – ТаIáлá, Шен дашехь хьахийна долу дозалла ду:

«Iедале долу (нийсо еш долу) όзар оцу дийнахь хир ду. ТIаккха, шен терзанан кад (дикачу Iамалашца) базбелларш декъал хилларш бу. Шен терзанан кад (вонашца) байбелларш, уьш шаьш-шайна эшам бинарш бу, Тхан айаташна я билгалонашна уьш дуьхьал хилар бахьана долуш» Ал-АIрáф: 8-9.

Суна хIун лаьа хиин хьуна??? Хьан бакъ долу дозалла ду-кх… Нийсонан терзан тIехь хьан хиндолу дозалла ду-дкх… Терзанаш дIахIитточу дийнахь хьан хиндолу дозалла ду-кх… Ахьа динчу диканаша даздийрдолчу терзанан дозалла ду-кх… Терза дайдийра долчу вонийн дозалла ду-кх…

Хазачу гIиллакхан дáкъа мел ду хьоьгахь?...

Пайхамара – IалайхIис-салáм, шен хьокъехь аьллачу хазачу гIиллакхан дáкъа: «Къематан дийнахь муьъма стеган терзан тIехь цхьá хIума хир дац, хазачу гIиллакхал деза. АллáхIана, баккъалла а, ца веза кIоршамениг а, маьттазниг а» Тирмизий…

Синна а, дегIана а атта йолуш ма-дика Iамал ю иза, АллáхIа шена атта йинчунна…!

Дикачунна тIекхайкхаран а, цу тIе нисваран а мел дáкъа ду хьан?...

Юх-юха дукха карла ца даьхна вай пайхамаран – IалайхIис-салáм, дош: «Дикачу хIуманна тIенисвинарг, ткъа цунна и диканиг динчунна сана ял ю» Муслим.

Пайхамара – IалайхIис-салáм, дашо самукъа ца даьккхина вай лергийн?: «Нийса некъ (хьоьхуш) цуьнга кхайкхам бинарг, и некъ лелийначарна йолу ял санна ял хир ю цунна, церан йолах хIумма а эша ца еш. Тиллачу новкъа кхайкхам бинарг, и некъ лелийначарна долу къа санна къа хир ду цунна, церан къиношха оцо эшош хIумма а доцуш» Муслим.

Къурáн дешаран мел дáкъа ду хьан?...

Ша дешначарна а, ша ма-бохху леллачарна а шапáIат дендолу Къурáн ду иза… (Царех Къурáнан дай а, охIлу а олу).

Вайна ца хезна пайхамаран – IалайхIис-салáм, дош?: «АллáхIан жайнеха (Къурáнаха) цхьа хьаьрп дешнарг, ткъа цунна цхьа дика ду. Цхьа дика ша санна долчу итт дикане нисдеш ду. Аса ца боху шуна (алиф, лáм, мúм) цхьа хьаьрп ду. Муххале а, алиф-шá хьаьрп ду, лáм-шá хьаьрп ду, мúм-ша хьаьрп ду» Тирмизий.

ХIора хьаьрпана дуьхьал итт дика ду… АллáхIа Шена луъчунна цул сов а доккху!

АллáхI хьехорха мел дáкъа ду хьан???

«СубхьáналлáхI, ва би хьамдихI, СубхьáналлáхIил Iазúм» бохучуха мел дáкъа ду хьан???

«СубхьáналлáхI, вал хьамду лиЛЛáхI, ва лá илáхIа иллаЛЛáхI, ваЛЛáхIу акбар, ва лá хьавла, ва лá къуввата иллá биЛЛáхI» бохучуха мел дáкъа ду хьан???

Дукхха совйохуш йолчу йолийн мел дáкъа ду хьан???

АллáхIе гечдар дехаран мел дáкъа ду хьан???

Муьъма нáхана а, зударшна а гечдар дехаран мел дáкъа ду хьан???

ХIора муьъма стагана а, зудчунна а дуьхьал вайна луш цхьа дика дац, царна АллáхIе вай гечдар дехча???

Вайна массарна а дагахь хууш дац пайхамаран – IалайхIис-салáм, хIара дош?: «Маттана дай а долуш, терзанахь дези а долуш, Ар-Рахьмáн Шен цIе йолчу далла дукха дезаш а долуш шиъ дош ду: СубхьáналлáхI, ва би хьамдихI, СубхьáналлáхIил Iазúм» Бухари, Муслим.

Вай пайхамарера – IалайхIис-салáм, цуьнан дош ца деана вайга?: «Шуха хIоранна когийн а, куьйгин а даьIахкаш тIехь сагIа далар ду: ТIаккха массо тасбúхь (СубхьáналлáхI) сагIа ду. Массо тахьмúд (АлхьамдулиЛЛахI) сагIа ду. Массо такбúр (АллáхIу акбар) сагIа ду. Диканиг де алар сагIа ду. Вониг дехкар (ма де алар) сагIа ду. Оцунна кхачо еш (цуьнан метта хIуттуш) цо духьá хенахь (малх айабеллачул тIаьхьа) дина шиъ ракьIат ламаз ду» Муслим.

Болх дукха боккха а, паргIат а бу…

Цуьнгахь кхин цхьá хIума ца хилчи а тоьаш пайхамаран – IалайхIис-салáм, дош ду: «Муфридýнаша кадаьккхи, уьш хьалха бевли» Цара аьлла: хIай АллáхIан элча, муфридýнаш муьлш бу?.. Цо аьлла: «АллáхI дуккха а хьехош болу божарий а, зударий а бу» Муслим.

Амма иза иштта делахь а:

Вай лардала деза вешан диканаш дууш долчу хIуманех: зулмах, гIело ярха, хьогIах, гIийбатах (дIахезча новкъдогIун дерг дийцар), барт бохор болу къамел дIасакхехьарха, къийсаваларха, дов дарха, кхин а дуккха долчуха а…

Вайн пайхамара – IалайхIис-салáм, ца аьлла?: «Сан умматаха муфлис (банкрот) къематан дийнахь веънарг ву ламаз динá а волуш, марха кхьбнá а волуш, закат даьккхинá а (делла) волуш, амма иза веана хIокхунна дов дина, хIара сийсазваьккхина, хIокхунна вон цIетиллина, хIокхуьнан даьхни диъна, хIокхуьнан цIий Iанийна, хIоккхунна йиттина. ТIаккха хIокхунна а цуьнан диканех дIалур ду, хIокхунна а цуьнан диканех дIалур ду. ТIаккха цуьнан диканаш кхачийчи, цунна тIехь долчу декхарел хьалха, церан къиношха схьаэцна хIокхунна тIедохкур ду, цул тIаьхьа жоьжахата чу кхуссур ву иза» Муслим.

Цундела, айхьа дина диканаш дIаса ма кхийса, дайá ма дайа. Хьайгара дийлинчу вонашна а, диканаш дитарна а АллáхIе гечдар деха…

ТIаккха вай и деш ца хилахь, вай шега хьоьжург а, вайна тIедогIун дерг а хIун ду хаьий вайна?????

Пайхамара – IалайхIис-салáм, аьлла: «Дика Iамалаш ян сихло вархI хIуманал хьалха: АллáхI хьахор дицдеш къелла тIеяре хьежар бен дуй шьогахь? Я галвоккхуш хьал тодаларе хьежар бен дуй шьогахь? Я адаман дахар дохош йолу цамгаре хьежар бен дуй шоьгахь? Я хьекъалха вохош долу къанваларе хьежар бен дуй шоьгахь? Я сиха валаре хьежар бен дуй шоьгахь? Я дажал вáре (вáларе) хьежар бен дуй шоьгахь? Иза уггар шега вáре хьоьжачех вониг ву шуна! Я къематан де дáре хьежар бен дуй шоьгахь? Ткъа и къематан де уггар халаниг а, къаьхьаниг а ду шуна» Тирмизий.

Лакхахь, оцу вай дийциначуха схьадолуш дерг, адам хIокху вархIаннах дIадéриг ца хилар ду. ХIара вархI, хIора а, Iамална новкъарло еш ду стагана. Цундела цунна тIехь ду сихвалар, кадалийта хьажар, могашалла а, ницкъ а, жималла а, паргIат хилар а, кхерамазалла а шегахь мел ю. Иза дерриге а шен карара далале. ТIаккха дохко вер ву иза, дохко вáларо пайда цабечу хенахь.

Схьадуьйла, жамаIелуш, вешан терза дазде вай Iамалашха дикачаьрца.

Динчу диканаша вай дина вонаш дIадохуш хиларна.

АллáхIе вай доьху къобал дар а, Цунна вай догцIена хилар а олучу дашехь а, ечу Iамалехь а.

Шун бусулба ваша ИбрахIим

E-mail: islamanserlo@gmail.com
ХIокху сайтан ерриге бакъонаш ларйина ю © 2008  www.islamanserlo.net