| Тхан баннер |
|
|
 |
|
 | |
 |
|

ХЬАДИСАШ

|
АллахIан элчано – АллахIера къинхетам
а, маршо а хуьлда цунна, аьлла:
«АллахIах а, къемат-дийнах а тешаш волчо,
шен хьаша лерийла. АллахIах а, къемат-дийнах
а тешаш волчо, шен гергарчу нахаца гергарло (ца хадош)
леладойла. АллахIах а, къемат-динах а тешаш
волчо, диканиг олийла я (шена диканиг ца хаахь, я и ала цалахь)
вист ца хьулуш IадIайла и». (Аль-Бухарий, Муслим). |
|
АллахIан элчано – АллахIера къинхетам
а, маршо а хуьлда цунна, аьлла:
«Рамадан
баттахь а, шаввал беттан ялх дийнахь а марха кхаьбначо цхьана шарахь
марха кхаьбна». (Ибн
Хьиббан). |
|
АллахIан элчано – АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда
цунна, аьлла:
«Рамадан баттахь а, шаввал беттан
ялх дийнахь а марха кхаьбначо цхьана шарахь марха кхаьбна. Цхьа дика
хIума динчунна иза совдоккхур ду итт дика дича санна».
(Ибн Ма́джахI). |
|
АллахIан элчано – АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда
цунна, аьлла:
«Баккъала а, ялсаманенан неI ю Ар-Раййáн цIе йолуш, къемат-дийнахь,
марханаш кхаьбнарш гIур бу цигахула чу. Уьш бен цхьа гIур вац
цигахула чу. Марханаш кхаьбнарш мичахь бу эр ду? ТIаккха уьш
хьалагIовттур бу, уьш бен цхьа гIур вац оцу неIрехула чу. Уьш
чубахана бевлча и неI дIачIогIур ю, тIаккха цигахула чу цхьа гIур
вац».
(Аль-Бухарий, Муслим). |
|
АллахIан элчано – АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда
цунна, аьлла:
«АллахIах тешаш а волуш, Цуьнгара ял а езаш
Рамадана марха кхаьбначунна, дIадаханчу къиношна гечдийр ду.
Рамадана баттахь тарáвúхь ламазаш динарг, АллахIах
тешаш а волуш, Цуьнгара ял а езаш, цуьнан къиношха дIадаханчу къинна
гечдийр ду цунна. «Лайлатул къадр» цIе йолчу буса гIаьттина
(муьлхха а цхьа) Iибáдат динарг, АллахIах
тешаш а волуш, Цуьнгара ял а езаш, цуьнан къиношха дIадаханчу къинна
гечдийр ду цунна».
(Аль-Бухарий, Муслим). |
|
АллахIан элчано – АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда
цунна, аьлла:
«Рамадан
баттахь, иза бакъ хиларх а, парз хиларх а теша а тешаш, шена мел
хиларга дог а дохуш марханаш кхаьбначунна гечдийр ду цуьнан
дIадаханчу къиношна».
(Аль-Бухарий, Муслим). |
|
АллахIан элчано – АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда
цунна, аьлла:
«АллахIа къинхетам
бойла малхбуза ламазал хьалха диъ ракаIат ламаз динчу стагах».
(Ахьмад, Абу Давуд,
Тирмизий, Ибн Хьиббан, Ибн ХузаймахI. «Сохьихьут-ТаргIиби
ват-ТархIиб», Ал-Мунзирий – Ал-Албаний.). |
|
АллахIан элчано – АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда
цунна, аьлла:
«Делкъа ламазал хьалха
диъ ракаIат лардинарг а, цул тIаьхьа диъ ракаIат лардинарг а АллахIа
хьарам вийр ву жоьжахатин цIарна».
(Ахьмад, Абу Давуд,
Насаий, Тирмизий). |
|
АллахIан элчано – АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда
цунна, аьлла: «Iуьйра ламазал хьалхара ши ракаIат
(суннат ламаз) дика ду дуьненал а, цу чохь долчу (массо)
хIуманал а». (Муслим, Тирмизий). |
|
АллахIан элчано – АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда
цунна, аьлла: «АллáхIе – ТаIáлá, баккъалла а, даггара а шахIид
волуш валар дехнарг, АллáхIа иза шахIийдин даржашка кхачор ву, иза
шен меттахь лахь а». (Муслим). |
|
АллахIан элчано – АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда
цунна, аьлла:
«Цхьана нахах тарвала гIиртинарг - иза царех ву».
(Ахьмад, Абу Давуд). |
|
АллахIан
элчано – АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна, аьлла:
«ХIай адамаш, АллахIе
(шаьш динчу вонех дохко довлуш) тоба а де, Цуьнга гечдар а деха. Аса
дийнахь-буса бIоьзза тоба до (шуна)».
(Муслим). |
|
«Элчане –
IалайхIис
–
салату, вассалам, хьаьттина:
Iамалашха
муьлха
Iамал
ю уггар тоьлашха
(еза)
ерг?»
Цо аьлла:
«АллахIе
а, Цуьнан элчане ийман диллар ду».
ТIаккха
хьаьттина: «Цул тIаьхьа
хIун
ду?» цо аьлла: «АллахIан
новкъахь джихIад
дар ду».
ТIаккха
хьаттина:
«Цул тIаьхьа
хIун
ду?».
Цо аьлла: «къобал дина хьадж ду»
(Аль-Бухарий,
Муслим). |
|
АллахIан
элчано – АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна,
аьлла:
«АллхIан
некъахь гIазоте
ваха стаг кечвинчо - гIазот
дина. ГIазоте
ваханчу стеган доьзална оьшачуьнга хьаьжначо - гIазот
дина».
(Аль-Бухарий, Муслим). |
|
АллахIан
элчано – АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна,
аьлла: «Рамадана
марха кхаьбна, цул тIаьхьа Шаввала беттан
ялх марха кхаьбнарг, хIора дийнахь марха
кхаьбнарг санна ву».
(Муслим). |
|
АллахIан
элчано – АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна,
аьлла: «Мархин
бутт тIебеача
ялсаманин
неIарш дIайоьллу,
жоьжахатин
неIарш дIакъовлу,
буржалш тухуш
шайтIанаш
дIадоьхку».
(Аль-Бухарий, Муслим). |
|
АллахIан
элчано – АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна,
аьлла: «Марха
кхобучунна ши
хазахетар хуьлу
марха достуш
а, къемат
дийнахь Далла
хьалха хIоьттича
а».
(Аль-Бухарий, Муслим). |
|
АллахIан
элчано – АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна, аьлла:
«Малх
бузехьара Малх схьакхетале тоба динчуьна тоба АллахIа
къобал дийр ду».
(Муслим). |
|
АллахIан
элчано – АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна, аьлла:
«Бакъ
долуш, АллахI
шун догIмашка а, шун суьрташка а хьожуш вац шуна,
амма шун дегнашка а, шун
Iамалашка а
хьожуш ву шуна».
(Муслим). |
|
АллахIан элчано – АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна,
аьлла:
«Бусулба
стаг бусулбана ваша ву. Цо цунна зулам дийр дац, цунна кхераме дерг
хуьлуьйтур дац. Шен вешин хьаште хьожуш волчуьна хьаште хьожуш
АллахI ву. Бусулба неха цхьа гIайгIа (сингаттам) дIабаьккхинчунна, къемата дийнан гIайгIанашха цхьа гIайгIа АллахIа цуьнах дIайоккхур ю.
Бусулба хьулвинарг (цуьнан сакхат кхайкха цадеш), къемата дийнахь
АллахIа иза хьулвийр ву».
(Аль-Бухарий, Муслим). |
| |
 | |
 |
|
|
Календарь |
|
|
 |
| сайтан хьесапаш |
|
 |
|