Главная

Коьрта агIо
   Къуръан
   Видео
   Аудио
   Кинош
   Сайташ
   ДоIанаш
   Суьрташ
   Нашидаш
   Хьехамаш
   Жайнийн цIа
   Программаш
   Мультфильмаш
   Хьехаме дешнаш
   Динан программаш
 
сайтан хьесапаш

 

 
Тхан баннер


 

ГIУРБАНАН IИЙД.. ИРСАН АЬТТО БУ

Беркатечу гIурбана Iийдан денош ду хIорш. Уьш воккхаверан а, самукъенан а денош ду, хIора шарахь цкъа догIуш. ХIокху Iийдан денош дуьзна ду делан хьикматах ( дала шайгахь цхьа маьIна долуш дина уьш ). Вайна тIехь ду цуьнан маьIна хаар а, цунах лууш долчух кхетар а. ХIокху маьIнашха уггар къегина гуш дерг, ден-ненан омранна муьтIахь хилар ду. Ткъа хьан да а, нана а хьуначул дукха хууш бу дахаран белхаш. И шиъ хьоьл доккха хиларна а, хенехь а, зеделлачуьнгахь а, дуккха шераш уьш хьоьл хьалха хиларна а. Хьан дех-ненах цхьамма хьоьга цхьа хIума кхочуш дар лехча, я цхьа хIума дарха вухавала аьлча, цаьршима лоьхург  хьан масалахьат бен дац хьуна. Цундела дуьненахь цхьá вац хьуна хьан хьал гIуллакх шечул дика хила луур долуш, хьан да-нана доцург.

КIеззиг ойла е ахь цаьршинах муьлххачуьнан а, "ХIан-хIа.. ас дийр дац ахь соьгара лоьхург" алале. Ахь дагадаийта, диц ма де муьтIахь хиларан масал, АллáхIа -субхьáнахIý, ва таIáлá- вайна гайтина долу, вай эла ИсмаIúл шен дена вай эла волчу ИбрáхIимна муьтIахь хиларан дийцарехь, цо шена хаийтанчу хенахь АллáхIа дина омра хилар цунна урс хьакхарца. Вайн эла ИсмаIúлан жоп хIун хилла?!

Цунна муьтIахь хилла-кх и цо шега дечу дехарехь. ХIокху муьтIахь хиларан совгIат а, бекхам а хилла АллáхIа -субхьáнахIý, ва таIáлá- иза муьтIахь хилла сахьат а, хан а бусалбанийн деза де-Iúд дар, къемат де даллац цара даздийр долуш.

Ялсаманара дела омранца, цуьнан метта бен, сийлахь ка белла хьалхаваьккхира Цо иза. Ши пайхамар цхьана вехира.. да а, цуьнан кIант а, АллáхIан лейш нисба шаьш-шинна тIедиллина декхар дIакхайкхош а, кхочуш деш а.

Хьо ирсах а, беркатах а пайда оьцуш а, зовкх хьоьгуш а, самукъа долуш а ву, Iийда деношкахь. Диц ма делахь кхузахь хьан хенара бераш хилар. Цхьацца хьелаша новкъарло йина царна ахь санна жимма а ирсах а, воккхаверах а пайда эца. ХIун хета хьуна, АллáхIа хьуна делла долу самукъадалар ахь цаьрца декъча?! Уьш лаха. Карор бу хьуна уьш. Хьайн даарха цхьа дáкъа ло царна, хьо хьалхачул алсам вузуш санна хаалур ду хьуна. Хьайн керлачу бедарех цхьа дáкъа ло царна, ахь хьалхачул дукха а, хаза а бедарш тIеюьхина аьлла хетар ду хьуна Iийда деъа дена юкъахь. Ахь Iийдехь декъá а, далá а кечдинчу совгIатех цхьа дакъа ло царна, и совгIаташ алсам девлла, эша а ца эшна аьлла хетар ду хьуна. Ахь къечунна хаза хетийтар бахьана долуш дагчу деана ирс а, воккхавер а, церан марзо а, хазалла а хаалур дац хьуна оцу къечунна цхьа хIума еллачунна бен. Дала декъала войла хьо! Массо шаре дика а, комаьрша а волуш волийла хьо! ГIурбана Iийдан маьIнеха пайда эца, де-нанна мутIахь хиларехь. Iийдан хан пайдехь хьовза е, ирсах ваьлларг ирсе варан дуьхьа.

ХьаьжцIа вахар..

бусалба динан беркате дагалецамашца вахар вар ду

ХIора шеран Зуль-Хьижжата беттан ( шеран тIаьхьара бутт ) иссалгIачу дийнахь АллáхIан Хьарам ЦIентIе хьажж дан баьхкина хьажой Iарафат олучу меттахь дIахIуьтту, Iáламин да волчу АллáхIана хьасталуш, муьтIахь хуьлуш.. Цаьрца миллионаш бусалбанаш дIа хIуьтту, ислама Iáламан массо маьIIера. Церан дегнаш дуьзна хуьлу бакъдолчу ийманах а, кIоргера тешарх а, шегахь шеко йоцуш долчу дегатешамах а, Iáламан дела цхьаъ хиларх а, адамийн дела цхьаъ хиларх а. Цуьнан накъост вац. Иза лаьтта букъа тIехь хьалха доьгIначу цIийнан дела ву. Бусалбанаш оцу цIенна тIеборзу хьажж деш а, ламаз тIехь а, ялсамаенан шаьш юххе буьгур болчу а, жоьжахатенна шаьш гена бохур болчу массо Iамалехь а, балхехь а. ХIора шарахь хьажж перз кхочуш даран дуьхьа АллáхIа цIийнан хьажой Хьиджазан махка бахкар-иза коьрта рукна ( меже ) ю Ислам динан áрканех ( коьрта меженех ).

 Иза иштта беш некъ бу Ислам динан сийлахьчу дагалецамашца, Ар-Рахьмáн цIе йолуш волчу делан доттагIчуьна ИбрáхIúма – IалайхIис-салáм – заманахь дуьйна, халкъан эла волчу Мухьаммадехула – IалайхIис-салáм – Исламан нур схьа кхетталц. Дагалецамашха хьалхарниг АллáхIан Хьарам цIентIе ( БайтуллáхIил Хьарáм ) хьажж дан ваханчу хьаьжочуьна дагахь схьакхетта гучадолуш  долу, сийлахь-цIенчу меттигашка-шортенешка иза вуссучу хенахь а, цунна АллáхIан Хьарам ЦIа гучу хенахь а – иза хIара цIа догIаран а, доттаран а дийцар ду, АллáхIа пайхамаран ИбрáхIúман а, цуьнан кIентан ИсмáIúлан а – IалайхIимáс-салáм – карахула.. Сийлахь КаIбат догIаран дийцаро, АллáхIан лаьттаха хIокху цIенчу меттехь, суна дагатосу я дагабохкуьйту АллáхIа пайхамаран ИбрáхIúман а, цуьнан зудчуьна эла ХIáжаран а, цаьршинна декха хан чохь долчу беран ИсмáIúлан а гIулчаш – IалайхIис-салáм –.

Сийлахь каIбат догIоран дийцар

 Сийлахь КаIбат догIарха ( доттарха ) дерг хIокху сийлахь, цIенчу меттахь АллáхIа – таIáлá – Шен пайхамаре ИбрáхIúме – IалайхIис-салáм – омра дина хиларна тIехь догIуш ду цIа догIа ( дотта ) аьлла, лаьттан массо агIонашкара цунна тIе адамаш хьажж дан богIур болуш. АллáхIа – таIáлá – баккъалла а, ша беркате йина йолу меттиг хаьржина пайхамарийн да волчу ИбрáхIúман а – IалайхIис-салáм – цуьнан кIентан ИсмáIúлан а, цуьнан зуьдчуьна эла, йолчу ХIажаран а гIулчашца а, цара хьегчу къица а. цунах "ширачу цIийнан" меттиг хилийта. Иза тIаьхьа шех Сийлахь Макка аьлла меттиг ю. Халкъан эла, пайхамаршха а, элчанашха а тIаьхьара волу Мухьаммад – IалайхIис-салáм – варца иза сийлахь яр дуьхьа. Бусалба, АллáхIан Хьарам ЦIен тIе, хьажж дан ваханчу хенахь, цунна тIехь ду жимчу ИсмáIúла хьегна къа дагадаийтар, иза тIулгаш лахьош волуш а, шен дена иза гIодеш волчу а хенахь, сийлахь КаIбат доттарехь. Иштта цо дагадоуьйтур ду пайхамарийн дас ИбрáхIúма деш хилла доIа а, иза а, цуьнан кIант ИсмáIúл а – IалайхIимáс-салáм – аль-байтуль Хьарáм ( КаIбат ) дуттуш волчу юккъехь, шаьшшингара АллáхIа къобал яр доьхуш шаьшшина Iамал цIенна Шен – таIáлá – дуьхьа. Шаьшшина кIентех а, кIентин кIентех а бусалба а, дика а йолуш тIаьхье ( доьзалш ) бовлийтар доьхуш. АллáхIана лолла а деш, Цуьнца цхьа накъост а ца веш.

КIелхьара ваккхаран дийцар…

 Халийлур-Рахьмáн цIе йолчу, АллáхIан пайхамара ИбрáхIúма мисархо эла – ХIажар ялийна. Цунах цунна цуьнан кIант ИсмáIúл IалайхIис-салáм, хилла –.

Цхьана дийнахь, ИсмáIúл IалайхIис-салáм – декхаш бер а долуш, ИбрáхIúма – IалайхIис-салáм – омра дина шен зудчуьнга ХIáжаре кхелхана яха кечло аьлла.. Эла – ХIáажар билггал хууш ца хилла ша стенга гIур ю. Амма иза муьтIахь хилла шен майрчунна, АллáхIан пайхамарна – IалайхIис-салáм – шен декхаш долу бер кара эцна цо.

Цул тIаьхьа некъ болабелла

 ИбрáхIúм – IалайхIис-салáм – дIавахна шен зудчуьнца а, шаьшшина декхаш долчу бераца а.. Юьххьехь царна гонхара латта дитташ дийна дара, сеналлех дуьйхина дара.. Цул тIаьхьа дитташ довлýш гучура дийла дуьладелира. Сеналла ца хеддаш жимяла йолаелира. Цул тIаьхьа лаьмнаш гучадовла дуьйлира. Лаьмнаш долу меттигаш хIорш хадийна бевлча Iаьрбийн гIайрена гIум-аренга бевлира уьш.

 ГIум-аренгахула ца хеддаш дIаихира уьш заманаха цхьана юкъана, АллáхIана – таIáлá – бен мел ю ца хууш йолчу.

 ТIаьххьара а, ИбрáхIúма – IалайхIис-салáм – оцу гIум-аренгахь цхьа боьра хаьржира, дахаран суьртех дуьззина цхьа сурт доцуш болу. ИбрáхIúма хаьржинчу хIокху боьрахь хиш я, дитташ я, стоьмаш дацара. Цундела меттиг иштта яьсса ( еса ) яра адамех, олхазарех, хьайбанех. ХIара ерриге дийнаташ шайн дахарехь хина тIетевжина хиларна. ИбрáхIúм – IалайхIис-салáм – хIокху акхачу боьрахь сецира, шен тIехуучу хьайбанна тIера охьавоьссира и. Цул тIаьхьа шен зуда ХIáжар а, цуьнан жима, декхаш долу бер а охьадоссийра цо. И шиъ хIокху боьрахь шаьшша дитира цо. Цаьршшинца кIеззиг юу хIума а, чохь кIеззиг хи долу жима кит а ( бурдюк ) дитира цо. Цул тIаьхьа ИбрáхIúм – IалайхIис-салáм – шен тIехуучу хIуманна тIе а хиъна ша схьавеанче боьду некъ юьхьарлецира, и шиъ шаьшшиъ дитина гIум-арена юкъахь, АллáхI воцург цаьршина накъост воцуш. Эла-ХIáжар цецелира. Цул совнаха ИбрáхIúма – IалайхIис-салáм – лелочуха дагчохь кхерам боьссира цуьнга. Цундела цунна тIахьахьада  сихъелира и, цуьнга элира цо: "ХIай АллáхIан пайхамар, хIара хIун ду?! Тхойшиъ тхаьшша муха дуьта ахь хIокху гIум-аренгахь ялта я хи доцуш йолчу?!

 Амма ИбрáхIúм – IалайхIис-салáм – цуьнгá хьаьжна, цуьнан хаттарна жоп ца делира. Муххале а, шен новкъа дIавахар ца хадийра цо.

 Эла-ХIáжар ша цуьнга хьалха аьлларг юх-юха хетта елира. ИбрáхIúм – IалайхIис-салáм – вист ца хуьлуш Iешвара. ТIаккха эла-ХIáжар кхийтира, иза пайхамар хиларе терра, АллáхIера – таIáлá – вахьйунца цо ша дийриг деш хиларха. Цундела цо цуьнга хаьттира, "АллáхIа омра диний хьоьга хIара де аьлла? ТIаккха цунна ИбрáхIúма – IалайхIис-салáм – жоп делира: "ХIаъ" аьлла. ТIаккха ХIáжара элира, доккхачу ийманах шен дог дуьзна а долуш: "Оцуьнца АллáхIа хьоьга омра динехь, тIаккха АллáхIа тхо зе дойур дац цкъá.. АллáхIан дуьхьа дIагIо, хIай АллáхIан пайхамар, АллáхIан беш болу хьайн кхайкхам цахадош дIабахьаран  дуьхьа. Тхуна АллáхI ву ( Цо тхуна гIодийр ду )".

 Жимма, ИбрáхIúм – IалайхIис-салáм – цаьршинна гена ваьллачул тIаьхьа, АллáхIе доIа деш хIара аьлла шен ши куьг хьалаайира цо: "Тхан дела, сайн цхьаболу доьзал ялта доцучу боьрахь боссий ас ( дIатарби ), Хьан Хьарам ЦIийна юххехь ( КаIбийна юххехь ), тхан дела, цаьрга дуьззина ламаз дайтархьама. Цундела цхьаболчу нехан дегнаш шовкъийла  де ахь цаьрга. Цхьадолу стоьмаш ло ахь царна, шукру деш уьш хилийтар хьама". сурат «ИбрáхIúм» 37 аят.

 АллáхIан пайхамара ИбрáхIúма – IалайхIис-салáм – хаьржина йолу хIара меттиг шен зуда ХIáжар а, шен векхаш волу кIант ИсмáIúл а вáхийта, цIена меттиг яра Сийлахьчу Маккийн, лаьтта тIехь. Цу хенахь АллáхIан хьáрам ЦIа ( КаIбат ) олуш дерг доттаза дара. Сийлахь КаIбат дан а дацара. ИбрáхIúма – IалайхIис-салáм – хIара меттиг хаьржинера АллáхIана таIáлá – хууш долчу цхьана лакхарчу хьикматана а ( маьIнийна ), Цуьнгара – СубхьáнахIу – вахьйунца а. Ткъа хIара декхаш долу бер, ИсмáIúл, Iаьрбийн да хилла дIа хIуттун верг ву, шен дена накъосталла а, гIо а деш, тIаьхьа, сийлахь КаIбат дуттуш.. Оцу маьIнано лоьхуш дара ( тIедожош дара ) цIенчу лаьттаха хIокху сийлахчу, цIеначу метте дахар а, цивилизаци а кхачар. КIеззиг шераш даьлча АллáхIан Хьарам ЦIа ( КаIбат ) дIахIоттор долуш, бусалбанаш шена тIебоьрзун болу а, лаьттан массо меттехь, шайн ламазашкахь, хIора шарахь цунна тIе цара хьажж дендолу а.

 АллáхIан пайхамар ИбрáхIúм   IалайхIис-салáм – вуха вирзира ( уьш цигахь битина ), шен къийсам цахадош дIабахьа а, лаьттахь АллáхIан дин дарржоран а Iалашонца.

 Эла – ХIáжар юхайирзира шен дáхар хIокху дийнат а, дахар а доцучу, есачу меттахь дIахIоттор дуьхьа.

 Жимниг мац моссуз вели вакхавора цо. Ши де ца делира дIа, ИбрáхIúма цунна дитина хи чохь долу кит чекхделира. Маьлхан йовхо вагош къиза яра. Цундела ХIáжарна хьагалла хааелира. Хьагаллин чIагалла цуьнан шура а якъаелира. Иштта цуьнан жимачу берана а хааелира хьогалла. Хан дIаяхарца, чIогIа хьагдаларна бер делха доладелира. ХIун дан деза ца хууш ХIáжар хьере йолуш сецира. Цул тIаьхьа ша долчехь бер дитина, хи лаха яхара иза. Чехкачу боларца лома тIе яхара и шех "Сафа лам " олуш болчу. Цунна тIе хьалаелир и. Цул тIаьхьа шена гонаха йолчу меттигехь гIу, я адам, я цунна тIоьхула къепал леха хIоьттира иза. Цул тIаьхьа ерриг меттиг толлуш леха хIоттира иза, амма цунна хIумма ца карийра. Цундела оцу лома тIера охьайоьссира и. КIаделла адам дадар сана йада йолаелира иза. Шен бер долчу боьрана тIекхаччалц. Цул тIаьхьа цунна тIехъялла, "Марва" цIе йолчу ломана тIеяхара и. Амма цунна цигахь а хина лар цакарийра. Я цхьа цакарийра. Цул тIаьхьа шен берана тIе еъча, чIогIачу хьагаллийна иза доьлхуш карийра цунна. ТIакка "Марва" олуш лома тIе эхар а, идар а дIадаьхьира цо.. иштта. Сафана тIера Марвáна тIе йодуш, Марвана тIера Сафáна тIе йодуш, ворхIазза дIа-схьа яхара и. ХIара ю и къайле а, бахьана а АллáхIан Хьарам ЦIен тIе ( КаIбат ) бахана хьажой дIа-схьа леларан Срфáна, Марвана юкъахь ворхIазза).

 Коьртаниг, эла-ХIáжар ворхIазлагI йогIуш, шен берана тIееанчу хенахь, кIадъялар цуьнга чIогIа кхаьчна хилар ду. ХIокху сохьтехь АллáхIан къинхетам кхиира цунах. Хьагаллин чIагIалла жима ИсмáIúл воьлхуш волчу хенахь, шен ши ког лаьттах бетташ, цуьнан коган кIелхьара хи кIеж йохуш бухдийла доладелира, "Замзам гIу" аьлла гIаръялла, евзаш йолчу гIуха. ТIаккха ХIáжар йолаелира хи схьаэца. Шен берана а малийра цо и, ша а мелира, АллáхIана шукру деш йолуш, хIокху екъачу гIамар-арахь Цо шаьшшиъ зе ца дайарна.

Шераш дIадахара жимчу ИсмáIúлан IалайхIис-салáм – когашна бухара хи кIеж йохуш духдийла доладелчахьана дуьйна. Оцу юкъахь ИсмáIúл воккха хилира.. ХIокху шераш юкъахь Хьарам лаьттаха йолу хIара цIена меттиг адамех юьзна дIахIоьттира. "Замзам гIуно" дукха, дукха оцу меттехь севцца къепалш тIеозийнера.

 Ша воккха волуш шена хилла волу шен кIант ИсмáIúл чIогIа везавеллера ИбрáхIúман дагна. И виц а ца лора цунна. Муьлххачу дена шен доьзал везарал совхила мегаш бара хIокхуьна цуьнга болу безам а, везар а.. ХIара чIогIа везар а, хIара безам а бахьана дара АллáхIа – ТаIáлá  – шен пайхамар ИбрáхIúм – IалайхIис-салáм – зеран. Цхьана буьйсанна АллáхIан пайхамарна ИбрáхIúмна чIогIа наб кхеттера. ТIаккха цунна гIан го, ша шен цхьаъ бен воцчу кIантана ИсмáIúлна – IалайхIис-салáм  – урс хьокхуш.. Пайхамарийн гIан бакъ ду, харц хила йиш яц, иза АллáхIан вахьйу хиларна.. Цундела, тIаккха йиш яц ИбрáхIúма – IалайхIис-салáм  – шен гIан кхочуш ца дичи а, чекх ца даькхичи а. Цундела ИбрáхIúм – IалайхIис-салáм  – муьтIахь хилира АллáхIан кхелана а, Цуьнан йозанна а. Шен доьзалхочунна тIевахара и цунна тIехь АллáхIан омра кхочуш даран дуьхьа. Ша и дале цо сацам бира ма-дарра дерг шен доьзалхочуьнга юьхьдуьххьал дIаала. Цундела, ИбрáхIúма – IалайхIис-салáм  – шен кIанте элира: "Сан жима кIант,.. баккъалла а, гIенаха айса хьуна урс хьокхуш ги суна, хьуна хIун хета хьажахь". ИсмáIúла шен дена делла жоп чIогIа муьтахь хуьлуш а, АллáхIан омранна чIогIа муьтIахь хуьлуш а, Цуьнан кхелана а, йозанна а муьтIахь хуьлуш а дара, хазачу собарха вуьйхана а волуш. Цундела, ИсмáIúла шен дена жоп делира хIокху шен дашца: "Сан да, хьайга омра дийриг де ахь, АллáхIана лаахь, со собар динчеха карор ву хьуна". ИсмáIúла шен юхь лаьтта охьайиллира, шен дена ша ца гайта, ша хIокху чIогIачу киртигехь волуш, урс хьокхучу киртигехь. ИбрáхIúма а шен болх АллáхIана муьтIахь хуьлуш Цуьнга дIабелира. Цундела цо урс лаккха хьалаайира. Амма цо иза шен доьзалхочуьна вортий тIе охьадале, урс хьакхаран дуьхьа, АллáхIан омра деара цунна.. Дела – СубхьáнахIý, ва ТаIáлá – оцу сохьтехь шен пайхамаре ИбрáхIúме кхайкхира шен дашца: "ХIай ИбрáхIúм, аьлла Тхо кхайкхира цуьнга. ( тоьар ду хьуна ), гIан бакъди ахь ( кхочуш ди ахь ). Оха, шеко йоцуш, хIума нийса а, дика а кхочуш динчарна иштта бекхам бо хьуна. ХIара, баккъалла а, билггал зер дара хьуна. ( Ялсаманара ) сийлахь ка баийтина Оха хьалха ( кIелхьара ) ваьккхи хьуна и". сурат «ас-Сáффáт» 07 аят.

 АллáхIа – ТаIáлá – шен пайхамар ИбрáхIúм а, цуьнан кIант ИсмáIúл а – IалаIхIимус-салáм – зер чекхделира.. Сийлахьчу каца АллáхIа ИсмáIúл хьалха ваьккхира. ИбрáхIúма цунна урс хьаькхира шен кIант кIелхьара воккхуш ( цуьнан метта ).

 Цундела хIара де.. воккха хьалхаваккхаран де а, Мухьаммада – IалайхIс-салáм – умматаха бусалбанашна Iийд де а хилла дIахIоьттина. Цу хенахь уьш бина а, я дуьненчу бевлла а ца хилла. ИбрáхIúмал тIаьхьа бIаьаннашкахь шераш дIадаханчул тIаьхьа а баьхкина уьш. ИбрáхIúм – IалайхIис-салáм – бусалба ма хилла, иштта хилла ца Iеш бусалбанашха хьалхарниг ма хилла и. Цундела, гIурбанан Iийдано, я вайн доккачу Iийдано, ша моссуз деа, вайна дагадоуьйту хIара даим лаьттан долу, сийлахь – доккха дийцар.. урс хьакхаран а, кIелхьара ваккхаран а дийцар. АллáхIа даим декъала дойла шу а, тхо а!

Юьхиг:

 БисмиллáхIиррахьманиррахьийм: АллáхIа – ТаIáлá, аьлла:

"Хьажин цIа догIа меттиг Оха ИбрáхIúмана билгалйинера ( хьуна Мухьаммад ), Соьца цхьа хIума накъост а ма велахь, Сан ЦIа цIена а латтаделахь ( цунех ), цунна гонаха тIавáф дечарна а ( хьийзачарна ), цигахь бехачарна а, рукýIаш, сужýдаш дечарна а ( ламаз дечарна ) аьлла. Нахана хьажж царна тIехь перз хилар дIакхайкхаде. Хьуна тIебогIур бу хьуна уьш гIаш а, гIийлачу эмкалшна тIехь а, массо генарчу некъара йогIун йолу. Шайна болу пайданаш гар а, схьаэцаран а дуьхьа а, билгалчу деношкахь ( зуль-Хьижжат 10 де ), АллáхIан цIе яхар духьа а, Цо шайна ( гIурбана денахь а, кхечу деношкахь а урс хьакха мегаш, йиш йолуш ) хьайбанаш даларна ( эмкалш, бежнаш, жа ). ТIаккха царах даá а даа, чIогIа къечунна ло. Цул тIаьхьа ( хьажж даьстича ) шайн модаш дIаяхийла цара ( чо ларгар, мIар хадор ), шайн нузараш ( нигаташ, тIелацамаш ) кхочуш дойла цара, Ширчу ЦIенна ( КаIбат ) гоьнаш дахийла цара". сурат «аьл-Хьажж» 26-29 аяташ.

 Хьаьж цIахь боцуш, цIахь болчарна чIогIа суннат ду Iарафат дийнахь ( Зул-Хьижжат 9-гIа де ) марха кхабар, хIокху хьадийсаца: "Iарафат дийнан мархано шина шеран къинош дIадоху: дIадаханчуьна, тIедогIучуьна. Iáшурáъ ( Мухьаррам беттан 10-гIа де ) дийнан мархано дIадаханчу шеран къинош дIадоху".

ГIурба

 Зуль-Хьижжатан  10-гIачу дийнахь, Iийдан ламазера нах бевллачул тIаьхьа, аьтто болчунна чIогIа суннат ду гIурба дер: уьстагI я газа, я бежана а, эмкала а 7-чу декъана декъа хIоттар. Цу хьокъехь вайн элчано IалайхIис-салáм – аьлла: "ХIара вайн ( Iийд ) ламаз динчо а, вайн гIурба дийначо а гIурба дийна. Ламазал хьалха гIурба дийначо жижгана уьстагI бина". АллáхIан дош ду цу хьокъехь: "Цундела хьайн далла ( Iийдан ) ламаз де, урс хьакха". сурат «аль-Кавсар» 2 аят.

 И суннат хиларан бух элчанан дош ду: "Итт де тIедеъчи ( Зуль-Хьижжатаха доладелчи ), шух цхьанна гIурба ден лиъчи, шен дегIах а, месех а цхьа хIума дIамаяккхийла цо".

 Цхьана мискачунна ( уггар лахара ) тIеда долуш цунах делча, диснарг цо а, цуьнан доьзало а даа мегар ду. Цхьанне ца луш гIаддайначереха, шена даа мегар дац. Иза къечу бусалбанийн дог оьцу а, цера самукъа доккху а, царна шорто йо а де ду. Бусалбанаша вовшийн декъал бийр бу оцу деношкахь, марха достучу Iийдехь санна.

Шун бусалба ваша ИбрахIим
E-mail: islamanserlo@gmail.com
ХIокху сайтан ерриге бакъонаш ларйина ю © 2008  www.islamanserlo.net