|
БАКЪ БЕЗАМ

АллахIан
авлийаэх а, Цунна безачех а хила, сан бусулба ваша, сан бусулба йиша! Ирс долуш
а, декъала хиларан а дуьхьа. Шеко йоцуш ирс долчех а, ирсе верг а, шен уггар
лекха Iалашо а, беза лаам а АллахI
везар динарг ву хьуна. Ма хаза ду Цуьнан дош:
«Цунна уьш а беза, царна Иза а веза»
- бохуш дерг. Царех цхьамма аьлла: Тамашийна
дац «Царна
Иза а веза»
бохург. Амма тамашийна ду
«Цунна уьш а беза»
бохург . ХIунда
аьлча, уьш кхоьллинарг И ву, царна рицкъа делларг И ву, уьш Iалашбийриг
И ву, царна лушверг И ву, тIаккха уьш цул тIаьхьа
беза а беза. Цунна:
«Мухьаммад», ахь ала, шу баккъалла а АллахI
везаш делахь, суна тIаьхьадуьйла, АллахIана
дезар душу».
Абу-ТIалиба кIентан
Iалийн дикалле хьажал, цуьна коьртахь таж ю и: «АллахI
а, Цуьнан элча а везаш стаг ву и, АллахIана а, Цуьнан
элчанна а везаш а ву и».
Асхьабех цхьана
стагана
/قل
هو الله أحد /
аьлла долалуш долу сурат дезаш хилла,
«Ахь ала, (Мухьаммад)
АллахI
Ша саннарг кхин воцуш верг ву». /
الله الصمد
/ «АллахI даим
хьашташкахь лоьхуш, оьшуш, воцуш йиш йоцург ву». /لم
يلد ولم يولد / «Цуьнан
доьзалхо вац, цуьнца цуьна цхьатайпаналла ца хиларна, Иза дех-ненах вина вац,
схьавалар цуьнгахь доцун дела». /ولم
يكن له كفوا احد / «Цуьнга
нийса цхьа а вац».
Цундела массо
ракьIатехь доьшуш хилла цо и. И дагадеъча я и дешча
кхетам чуьра вала герга воьдуш хилла и. И дешарха Iебаш
ца хилла и. Цуьнца, и дешарца шен дог дашош хилла цо. Цуьнца шен дог меттах
доккхуш хилла цо. Пайхамара аьлла цуьнга -
IалайхIис-салам!
«Хьуна и дезаро йалсамана вахийтина хьо!» Лайла езарна хьер ваьлларг, зуда езаро
вийна. Къарун бахамо, даьхнийно вийна. ПирIун дарж,
куьгалла дезаро вийна. Элчана-IалайхIис-салам,
шича ДжаIфар, цуьнан де ваша Хьамзат, цуьнан сахьабий
(накъост) Хьанзала, АллахI а, Элча а везарна белла. Ма
йоккха юкъ ю оцу шина тобанна юкъахь!
Шун бусулба
ваша ИбрахIим
| |