|

БАКЪ ДОЛУ ТОБА ДАР, ЦУЬНАН
БИЛЛАМАШ КХОЧУШ ДЕШ

БисмиллáхIир рахьмáнир рахьи́м
Вайна
ма-хаъара, къинош ялсаманара араваларан бахьана хиларе терра, уьш иштта, юха
цу чу вахаран дуьхьалонаш а, новкъарлонаш а ю. Цундела делан лай хьашт ву
царах а, церан ларашха а цIанваларе,
нийса, бакъ долчу тобанца, вуха ялсамана ваха хьакъ а, охIлу
а хиларан дуьхьа.
Iеламнаха
аьлла: «Массо къинах дохко ваьлла, тоба дар вáджиб (декхар) ду». ТIаккха,
доьжна долу
Iеса
хIума
лайна а, АллáхIана
а – Лекха ву И – юкъара делахь, адаман хьокъах хотталуш доцуш, оцу къинна
кхоъ биллам бу:
Царах цхьаъ:
шегара
Iеса
(къа) хIума
дитар а, цунах дIахадар
а ду.
ШолгIаниг:
и дарна дохко валар ду.
КхоалгIниг:
чIогIа
ниййат а, ойла а хилар ду, цкъá а шегара и цадалийта.
Нагахь
санна, хIокху
кхааннах цхьаъ биллам тIеоьшуш
хилахь, цуьнан тоба нийса а, мегаш хир дац.
ТIкъа
доьжна
Iеса
хIума
адамах хотталуш делахь, тIаккха
цуьнан билламаш биъ бу:
ХIорш
кхоъ бу, цул совнаха, ша бохам бина стаг реза вар ду. Цу тIе
а доьгIна,
юкъахь лелларг даьхни делахь я и санна кхин хIума
хиллехь, иза цунна дIалур
ду. Вон цIетиллар
а, и саннарг а делахь цунна догIу
таIзар
дан цуьнан аьтту бийр бу я къинтIера
воккхур ву шена. Нагахь санна иза гIийбат
(дIахезча
новкъа догIун
долу хIума)
делахь цуьнга шена къинтIера
вала эр ду. Стага тоба дан цадезаш цхьа къа дац. Цхьадолчу къинойха тоба
дича, цуьнан тоба мегаш а, нийса а ду. Дисинчу къинойха тоба дан дезар ду
цуьнан. Тоба дан дезар хоуьйтуш вовшин маьIна
чIагIдеш
даьхкина хIара
баххаш а, билгалонаш а ю Къурáна а, сунната а, уммата барта а тIера:
АллáхIа
– Лекха ву И – аьлла: «Аш тоба а де, массара а, АллáхIе,
хIай
муъманаш, декъала хир ду шу».
Сурат
«Ан-Нур», 31 айат.
Абу ХIурайрата
– АллáхI
реза хуьлда цунна – аьлла: АллáхIан
элчано, АллáхIера
къинхетам а, маршо а хуьлда цунна, элира аьлла: «Малх бузехьара малх
схьакхетале тоба динчуьнан тоба АллáхIа
къобал дийр ду».
Муслим.
Абу СаIид
Аль-Худрийс (АллáхI
реза хуьлда цунна) аьлла, АллáхIан
пайхамара (АллáхIера
къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Шул хьалха хиллачу
нахана (умматана) юкъахь цхьа стаг хилла, везткъе ткъаесна (99) стаг
вийна. Цкъа цо хаьттина: «Кхузахь сов хууш верг мила ву?», – аьлла.
Цунна тIаккха
цхьа рáхIиб
(монах) вийцина. Цунна тIевахана
аьлла цо: «Ша везткъе ткъаесна стаг вийна, тоба дан йиш юй шен?». Вукхо: «Яц»,
–
аьлла, жоп делла. ТIаккха
иза а вийна бIе
(100)
вузийтина цо. Юха шолгIа
а хаьттина цо: «Дика хуушверг мила ву?»,
–
аьлла. ТIаккха
цунна цхьа
Iелам
стаг вийцина. Цуьнга аьлла цо: «Ша бIе
стаг вийна, тоба дан йиш юй шен?». Цо жоп делла: «Ю, дера, хьоьга тоба
цадайта мила хир вара? Иштта-иштта цIейолчу
меттиге гIо,
цигахь цхьа нах бу хьуна АллáхIана
Iибадат
деш, цаьрца цхьана
Iибадат
де ахь а. ХIокху
метте кхин схьа а ма вола, хIара
вон меттиг ю, хьоьгара вонаш дийлина». ТIаккха
иза цига ваха аравелира, амма некъа юккъе кхаьчначу хенахь вала вуьйжира иза.
Цуьнан са эца къовсаделира къинхетаман малийкаш а,
Iазапан
малийкаш а. Къинхетаман малийкаша элира: «Тоба дина, дохко ваьлла вогIуш
вара хIара,
шен дагца АллáхIана
–
Сийлахь-Лекха ву И – тIевирзина,
муьтIахь
хила».
Iазапан
малийкаша элира: «Цкъа диканиг ца дина цо». Адаман суьртахь малик деана
царна тIе,
тIаккха
цара иза шайна юкъахь кхел ян хIоттийра.
Цо элира: «Шина латтан
(меттиган)
юкъ юста, царшиннах юххе хиллачунна вуьтур вай иза». ТIаккха
цара юьстича, иза тIевоьдуш
хиллачу меттигана алсам юххехь карийра царна и, къинхетаман малийкаша
саийцира цуьнан».
Бухарий, Муслим.
ХузáIий
тайпана волчу
Iимрáна,
Хьусайнан кIанта, АллáхI
реза хуьлда цунна, аьлла: «ЖухIайнан
тайпана цхьа зуда еанера АллáхIан
элча (АллáхIера
къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) волче, зинаха доьзалхочух а йолуш. Цо
элира: «ХIай
АллáхIан
элча, таIзар
догIу
хIума
доьжна соьгара, иза кхочуш дехьа суна тIехь».
ТIаккха
АллáхIан
пайхамара (АллáхIера
къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) цуьнан велий (верас) схьакхайкхина элира:
«Дика дола а деш хьажа цуьнга, тIаккха
цо доьзалхо вича суна тIевола».
Цо и
дира. АллáхIан
пайхамара (АллáхIера
къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) омра дина иза кечйира, цуьнан бедарш
цунна тIехь
дика дIакъевлира,
цул тIаьхьа
цуьнан омранца цунна тIулгаш
туьйхира. Цул тIаьхьа
цо цунна тIехь
докъа ламаз дира. ТIаккха
Iумара
элира цуьнга: «ХIай
АллáхIан
элча, цо зина динишшехьа цунна тIехь
докъа ламаз до аьх?». Цо элира: «ЧIогIа
тоба динера цо, Мадийнатан къузткъай итт вахархочунна юкъахь декъчи а царна
тоьар долуш. Хьуна гIолийниг
хаьий АллáхIана
дуьхьа цо шен са цакхоош дIадаларал?».
Муслим.
Яздинарг: Махьмуд бин Аль-Джами́л
Абу IабдиллáхI
Гочдинарг: IабдуллáхIан воI ИбрахIим | |