|

ДОГ ЦIЕНА
АЛЛÁХIАНА
IАМАЛ
ЯР

БисмиллáхIир рахьмáнир рахьúм
АллáхIа – Сийлахь-Лекха ву И – аьлла: «Цаьрга омра дина дац, дог цIена
Цунна дин лелош, АллáхIана лолла (Iибадат) цара дан дезар бен а, харцонах
дIахаьдда, дуьззина цара ламаз дан дезар бен а, цара закат дала дезар бен а.
Иза нийса дин ду». Сурат «Аль-БаййинахI»
5 айат.
ХаттIабан
кIанта
Iумара
–
АллáхI
реза хуьлда цунна
–
аьлла:
Суна АллáхIан
элчано
–
АллáхIера
къинхетам а,
маршо а хуьлда цунна
–
олуш хезна:
«Массо
а Iамалш ниййаташца хила еза.
ХIоранна а ша ниййат диннарг хир ду. Цундела шен хIиджрат (кхелхина вахар)
АллáхIана а, Цуьнан элчанна а тIе хилларг – (Цуьнан шарийIатана тIе) цуьнан
хIиджрат АллáхIана а, Цуьнан элчанна а тIе хир ду. Шен хIиджрат шена
хиндолчу дуьненан дуьхьа я ялон йолчу зудчуьнан дуьхьа хилларг – цуьнан
хIиджрат иза тIевахханчунна тIе ду».
Бухарий, Муслим.
Абу ХIурайрата
–
АллáхI
реза хуьлда цунна
–
аьлла:
АллáхIан
элчано
–
АллáхIера
къинхетам а,
маршо а хуьлда цунна
–
элира аьлла:
«Бакъ
долуш,
АллáхI
шун догIмашка
а,
шун суьрташка а хьожуш вац шуна,
амма шун дегнашка а,
шун Iамалашка а хьожуш ву шуна».
Муслим.
Цундела,
дог цIена
хилар
(рияах-гайтамана
Iамал ярха)
биллам бу бух болуш,
дика йолу Iамалш къобал яран.
Цундела иза массо хIумнал хьалха даккха а, хила дезаш а дерг ду.
Яздинарг: Махьмуд бин Аль-Джамúл Абу IабдиллáхI
Гочдинарг: IабдуллáхIан воI ИбрахIим
|