|
Марха дастаран
Iийдан
цхьадолу хьукманаш
(сацамаш,
хьехамаш,
весеташ)
Хьалха:
Iийдан
ламазана кечвалар ду цIан
валарца,
еха елахь маIарш
хедийна,
лийчина,
пхьаьрсан кIело
еха елахь,
бухаяьккхина,
лазавахь,
яьшна.
Уггар хаза бедар юхар ду.
Iумаран
кIант
–
АллáхI
реза хуьлда цаьршинна,
марха достучу дийнахь луьйчуш гIиллакх
(Iáдат)
долуш хилла,
Iийдан
ламаз дан кечйинчу метте ваха Iуьйранна ша
аравалале.
(Бусалба
наха шина Iийдан ламаз йоккхачу майданахь дар
суннат ду,
маьждигехь а ца деш,
шийла я догIа
догIуш
хилча бен).
Иштта шина
Iийдехь
уггар шен хаза бедар юхуш а хилла цо. Мáлика шен Аль-МуваттIаъ
цIе
йолчу жайнахь дийцина и, Аль-БайхIакъий.
ШозлагIа:
Марха дастаран
Iийда
ламазе ваха ара валале суннат ду
шалза (нечётый) масех хурма яар: кхоъ я пхиъ
я цул сов, шалза йолчунна тIехь
чекх а волуш. Анаса – АллáхI
реза хуьлда цунна, аьлла: «Пайхамаран –
IалайхIис-салáм,
гIиллакх дара марха достучу дийнахь
Iуьйранна
(Iийда
ламаз дан) ара цавалара и масехь хурма яъалц, уьш шалза а яара цо».
Аль-Бухарий.
КхоазлагIа:
Хозуьйтуш такбийр дар суннат ду
Iийдан
дийнахь, зударша шайна хезча тоуьйтуш дийр ду и, шен цIачуьра
ара ваьлчахьана, ламазана кечйинчу метте кхаччалц.
Iумаран
кIанта
IабдуллáхIан
хьадийсан дуьхьа – АллáхIреза
хуьлда цаьршинна, «АллáхIан
элча –
IалайхIис-салáм,
гIиллакх (Iадат)
долуш вара аьлла, шина
Iийдехь
араволуш, тахIлийл
а[1],
такбийр а[2]
хезаш деш».
НáфиIа
аьлла:
Iумаран
кIант
вара гIиллакх
долуш, ша
Iуьйранна
араваьлча, марха дастаран а, гIурбанан
а шина дийнахь, такбийр хезаш деш, ша ламаз дече кхаччалц, цул тIаьхьа
имам схьаваллац а такбийр дора цо, тIаккха
и (имам) такбийр деш мел ву такбийр дора цо. Ад-ДáракъутIний.
Такбийран суьртех ду, ибн МасIýда,
гIурбанан
дийнал тIаьхьа
догIучу
кха дийнахь, деш хилла долу хIара
такбийр: «АллáхIу
акбар, АллáхIу
акбар, Лá илáхIа
иллаллáхI.
ВаллáхIу акбар, АллáхIу
акбар, ва лиллáхIил хьамд».
Ибн Аби ШайбахI.
Билгаладаккхар:
Массара а цхьана óзаца такбийр дар пайхамара а –
IалайхIис-салáм,
цуьнан асхьабаша а дина аьлла сецна дац. Цундела хIораммо
а ша-ша дича дика а, нийса а ду и такбийр!
ДоьазлагIа:
Ламазе гIаш
вахар суннат ду.
Iалийн
– АллáхI
реза хуьлда цунна, хьадийсан дуьхьа. Цо аьлла: «Суннатаха ду
Iийде
гIаш
вахар».
Ат-Тирмизий.
ПхоьазлагIа:
Суннат ду, ламазе цхьана новкъа ваханехь, кхечу некъахула вухавáр, Джáбиран
– АллáхI реза хьулда цунна, хьадийсан дуьхьа. Цо аьлла: «АллáхIан элчанан
–
IалайхIис-салáм,
гIиллакх
дара,
Iийдан
де хилча, некъ хуьйцуш».
Аль-Бухарий.
ЙолхазлагIа:
Iийдан
ламаз малх схьакхеттачул тIаьхьа
айабелча дан догIуш
ду, азáн а (молла кхайкхар), къáмат а ца деш. Ши ракьIат
бен дац и. Дихкинчул тIаьхьа,
хьалхарчу ракьIатехь,
ворхIазза
такбийр дийр ду, ШозлугIачуьнгахь,
пхиъ такбийр дийр ду. Хьалхарчу ракьIатехь,
Фáтихьатал тIаьхьа,
цигахь, хезаш имамо суратул (Аль-АIлá)
дешар суннат ду,шозлугIачуьнгахь
(Аль-ГIáшийахI)
дешар суннат ду. Я хьалхарчуьнгахь (Къáф), шозлагIчуьнгахь
(Аль-Къамар) дешар. ХутIба
ламазал тIаьхьа
хуьлуш ду.
Iийдан
ламазе зударий бахкар а чIогIа
ду. Церан баххех ду:
1.
Iáишатан
– АллáхI
реза хуьлда цунна, хьадийс: «АллáхIан
элча –
IалайхIис-салáм,
марханан а, гIурбанан
а
Iийдехь
(ламазехь), хьалхарчу ракьIатехь
ворхIазза,
шолагIчуьнгахь
пхоьазза, такбийр деш вара».
Абу Давýд.
2. Ан-НуIмáн
ибн Башийра – АллáхI
реза хуьлда цунна, аьлла: «АллáхIан
элчанан –
IалайхIис-салáм,
гIиллакх
дара рузбанехь а, шина
Iийдехь
а «Аль-АIлá»
цIе
йолу сурат а, «Аль-ГIáшийахI»
цIе
йолу сурат а доьшуш».
Муслим.
3.
Iумара
ибн Аль-ХаттIáб
– АллáхI
реза хуьлда цунна, хаьттина Абу Вáкъид Аллайсий бохучуьнга: АллáхIан
элча –
IалайхIис-салáм,
хIун
доьшуш гIиллакх
долуш вара марха дастаран а, гIурбанан
а шина
Iийдан
ламазехь? ТIаккха
цо жоп луш аьлла: «Цуьнан –
IалайхIис-салáм,
«Къáф» а, «Аль-Къамар» а цIе
йолу ши сурат доьшуш
Iадат
дара».
Муслим.
4. Умму
IатIиййахI
– АллáхI
реза хьулда цунна, аьлла: «Тхоьга омра динера
Iийдан
ламазе дахка арадовла аьлла. ТIаккха
оха цига бига арабахара ламаз доьхна болу зударий а, кхиъна богIу
йоIарий
а, маре бахаза болу зударий а. Амма ламаз доьхна зударий бусалбанийн доIийна
юкъа богIура,
церан жамаIат
гора царна, церан ламаз дечу меттигаха дIакъастара
уьш».
Аль-Бухарий, Муслим.
5. Ибн
Iаббаса
– АллáхI
реза хуьлда цаьршинна, аьлла: «Марха дастаран
Iийда
ламаз деш хилла со АллáхIан
элчанца а, Абу Бакарца а,
Iумараца
а,
Iусманаца
а. Цара массара а хутIбанал
хьалха дора ламаз».
Муслим.
6. Джáбир – АллáхI
реза хуьлда цунна аьлла: «АллáхIан
элчанца –
IалайхIис-салáм,
цкъа а, шозза а дина ца
Iеш
шина
Iийдан
ламаз дина ас, азáн а, къáмат а доцуш.
Муслим.
ВорхIазлагIа:
Iийдан
де пIераскана
дийнаца цхьаьна нисделча,
Iийдан
ламаз динчунна тIехь
дац рузбана ламаз дар. Ибн
Iаббáсан
– АллáхI
реза хуьлда цаьршинна, хьадийсан дуьхьа, АллáхIан
элчано –
IалайхIис-салáм,
элира аьлла: «Шун хIокху
дийнахь шиъ
Iийд
цхьаьна деана, луучунна и (Iийдан
ламаз) рузбанна кхачам беш ду шуна. Оха-м, иншá АллахI,
рузба дийра ду».
Ибн МáджахI.
БорхIазлагIа:
Делкъал тIаьхьа
бен нахана
Iийдан
де дуйла ца хиънехь, массара а кхана дийр ду цара и (ламаз); Абу
Iумайр
ибн Анас – АллáхIа
къинхетам бойла цунах, хьадийсан дуьхьа, пайхамаран – IалайхIис-салáм,
асхьабаш болчу шен девежарша дийцира аьлла: «Пайхамара –
IалахIис-салáм,
волче цхьа тоба еара, селхана шайна цIинбелла
бутт гина бохуш тоьшалла деш. ТIаккха
пайхамара –
IалайхIис-салáм,
цаьрга омра дира марха даста
(дохаде) аьлла а, юха
Iуьйренга
девлча, шайн ламаз дечу метте гIо
аьлла а».
Асхьáбус-Сунан.
УьссазлагIа:
ХIумма
а дац
Iийдаца
вовшин декъал барх а, наха (вовшашка) аларах а: «АллáхIа
къобал дойла тхьоьгара а, шоьгара а».
Мухьаммад ибн Зияд аьлла: Со хилла Абу УмамахI
Аль-БáхIилийца
а, пайхамаран –
IалайхIис-салáм,
кхечу (и воцчу) асхьабашца а, тIаккха
шаьш бухабаьхкича вовшашка алара цара: «АллáхIа
тхоьгара а, шоьгара къобал дойла».
Имам Ахьмад.
УьттазлагIа:
Iийдан
де самукъенан а, шортонан а де ду. Анас – АллáхI реза хуьлда цунна, аьлла:
«АллáхIан
элча –
IалайхIис-салáм,
Мадийната веара, уьш ловзуш, самукъадоккхуш церан ши де а долуш. ТIаккха цо
элира: «ХIара шиъ хIун ши де ду?» Цара жоп делира: «ДжáхIилиййатехь (тхо
бусалба доцчу хенахь) оцу шина дийнахь ловзуш, самукъа доккхуш Iедал дара
тхан».
ТIаккха АллáхIан элчано – IалайхIис-салáм, элира: «Баккъалла а, АллáхIа
цаьршина метта цаьршиннал а дика ши де делла шуна: гIурбанан де а, марха
дастаран де а».
Имам Ахьмад.
ЦхьайттазлагIа:
Сан бусалба ваша, ларлолахь, цхьаболчу наха деш долчу шарIан талхорашха
(нарушения): хьарам долу кечвалар хилла и: хьорканел лаха бедар ялийтар
санна долу, маж яшар хилла и, хьарам даздар хилла и: эшаре ладогIар, хьарам
хьажар, зударий берзана бовлар я чIогIа кечбалар, божарашна юкъахь ийна уьш
хилар санна долчу.
Доьзалан чIогIа дола деш волу, да! Варийлахь ларлолахь, хьайн доьзал эцна
зударий, божарий ийна болчу, самукъа доккхучу меттигашка вахарха. АллáхI
реза воцу мункараташ (мерзости) гучадохучу хIурдан йистошка а, садаIаран
бошмашка а вахарха.
Вал хьамду лиллахIи раббил Iаламийн, вас-салáту, вас-салáму Iалá расýлиллáхI!
Яздинарг:
Док. Юсуф ибн
IабдуллáхI
Аль-Ахьмад
Гочдинарг: ИбрахIим
Лá илáхIа
иллаллáхI.
АллáхIу
акбар. | |