Исламан серло www.islamanserlo.net



 
 
Меню сайта
 


ХЬЕХАМАШ

Бусалба нахана АллахIа шайн мостаг1ашна тIехь толам луш долу бахьанаш

 
Бусалба нахана АллахIа
шайн мостаг1ашна тIехь толам луш долу бахьанаш
 
 
Сийлахь волчу  АллахIа аьлла  шен сийлахьчу Къуранчохь:

{ يَا أَيُّهَا النَّاسُ أَنْتُمُ الْفُقَرَاءُ إِلَى اللهِ وَاللهُ هُوَ الْغَنِيُّ الْحَمِيدُ إِنْ يَشَأْ يُذْهِبْكُمْ وَيَأْتِ بِخَلْقٍ جَدِيدٍ وَمَا ذَلِكَ عَلَى اللهِ بِعَزِيزٍ } سورة فاطر: 15-17.   

«Х1ай нах! Аллах1е хьашт ду шу, ткъа Аллах1 – цхьаьнгге а хьашт вац, хастаме ву. Нагахь Цунна лаахь, шу х1аллак а дина, керла халкъ кхуллур ду Цо. Хала а дац и Аллах1ана» («Фат1ир сурат», 15-17 аяташ).

Ша берриге нах а, жинаш а, адамаш а, паччахьаш а шайн Деле хьаште бу. Аллах1ан къоьллин ялхой бу уьш, шаьш къен болун дела. Аллах1 ву – Хьал долуш, Хастаме. Цунна г1одар бохург - Цуьнан Шар1ана г1одар ду, Цуьнан динна г1одар ду, Цо Шен элчане даийтиначунна г1одар ду, Цо Шен сий долчу жайнахь Къур1ан чохь доссийначунна г1одар ду. И ду и Цунна г1одар бохург.

 

Кхин д1а а еша

 
 

АллахIа адам зер

АллахIа адам зер

 Сийлахь волчу  АллахIа аьлла  шен сийлахьчу Къуранчохь: «Алиф, лам, мийм, Нахана моьтту оха шаьш Iад дуьтур ду зер а доцуш? шаьш ийман дуьллу аьлчхьана, царел хьалхарниш а зийна оха ( дикнашца а, баланашца а ) АллахIана хаархьамма ( ша гучадаккхархьамма ) бакълуьриш берш муьлхарш бу ( шайн ийманехь )  хаархьамма ( ша гучадаккхархьамма ) харц луьриш берш а муьлхарш бу ( шаьш ийман диллин бохуш )». Сурат «Iанкабут» 1-3 айат. Кхин д1а а еша

 

Бакъ безам

Бакъ безам

 Аллах1ан авлийаэх а, Цунна безачех а хила, сан бусулба ваша, сан бусулба йиша! Ирс долуш а, декъала хиларан а дуьхьа. Шеко йоцуш ирс долчех а, ирсе верг а, шен уггар лекха 1алашо а, беза лаам а Аллах1 везар динарг ву хьуна. Ма хаза ду Цуьнан дош: «Цунна уьш а беза, царна Иза а веза» - бохуш дерг. Царех цхьамма аьлла: Тамашийна дац «Царна Иза а веза» бохург. Амма тамашийна ду «Цунна уьш а беза» бохург . Х1унда аьлча, уьш кхоьллинарг И ву, царна рицкъа делларг И ву, уьш 1алашбийриг И ву, царна лушверг И ву, т1аккха уьш цул т1аьхьа беза а беза. Цунна: «Мухьаммад», ахь ала, шу баккъалла а Аллах1 везаш делахь, суна т1аьхьадуьйла, Аллах1ана дезар душу». Абу-Т1алиба к1ентан 1алийн дикалле хьажал, цуьна коьртахь таж ю и: «Аллах1 а, Цуьнан элча а везаш стаг ву и, Аллах1ана а, Цуьнан элчанна а везаш а ву и». 

 Кхин д1а а еша

 

ГIазоте шовкъ

 
ГIазоте шовкъ
 

  Хастам бу АллахIана, Иза хеставо вай, Цуьнгара гIо доьху вай, Цуьнга гечдар доьху вай.

 Ваьш лардар а доьху вай АллахIе-вайгахь долчу вочу хIуманех а, вайца долчу вочу г1уллакхех а.

 АллахIа нисвинарг цхьаьнгге галваккхалур вац, Цо галваьккхинарг цхьаьнгге нислур а вац.

 Аса тоьшалла до: АллахI воцург кхин дела вац, Ша цхьаъ волуш, Шеца накъост а воцуш.

 Аса юха а тоьшалла до: Мухьаммад (Аллах1ера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) Цуьнан лай а, элча а хиларца.

 Цул тIаьхьа

АллахIа, Лекха ву Иза, аьлла:

 ( يَـآ اَيُّهَا الَّذِينَ اَمَنُوا مَالَكُمْ إِذَاقِيلَ لَكُمُ انْفِرُوافِي سَبِيلِ اللهِ اثَّاقَلْتُمْ إِلَى الأَرْضِ. أَرَضِيتُمْ بِالْحَيَوةِ الدُّنْيَا مِنَ اْلأَخِرَةِ. فَمَا مَتَاعُ الْحَيَوةِ الدُنْيَا فِى الاَخِرَةِ إِلأَّ قَلِيلٌ. إِلاَّ تَنْفِرُوا يُعَذِِّبْكُمْ عَذَابًا أَلِيمًا وَيَسْتَبْدِلْ قَوْمًا غَيرَكُمْ وَلاَتَضُرُّوهُ شَيْئًا وَالَّلهُ عَلَى كُلِّ شَيْءٍ قَدِيرٌ). التوبة: 38-39

«ХIай иман диллинарш! ХIун хилла шуна? Шуьга аьлча: АллахIан новкъахь (джихIаде) арадовла, латтане дирзи шу, шу реза хили дуьненан дахарна, эхартана доцуш (эхартан дахарна реза доцуш). Дуьненан дахарх пайда ма бац эхартана (пайдане дилча) кIеззиг бен. Шу ара ца довлахь (джихIаде), Цо шуна лур ма ду лазош долу Iазап, шух хийцина кхин къам а кхуллур ма ду, аша Цунна цхьа а зен дийр ма дац. АллахI доллучу хIуманна ницкъ кхочуш ву» («Товбат»: 38-39).

  Кхин д1а а еша
 
 
 
 
 
 
 





Copyright MyCorp © 2008 www.islamanserlo.net