Аллах1ан
авлийаэх а, Цунна безачех а хила, сан бусулба ваша, сан бусулба йиша! Ирс долуш
а, декъала хиларан а дуьхьа. Шеко йоцуш ирс долчех а, ирсе верг а, шен уггар
лекха 1алашо а, беза лаам а Аллах1 везар динарг ву хьуна. Ма хаза ду Цуьнан дош:
«Цунна уьш а беза, царна Иза а веза»
- бохуш дерг. Царех цхьамма аьлла: Тамашийна
дац «Царна
Иза а веза»
бохург. Амма тамашийна ду
«Цунна уьш а беза»
бохург . Х1унда аьлча, уьш кхоьллинарг И ву,
царна рицкъа делларг И ву, уьш 1алашбийриг И ву, царна лушверг И ву, т1аккха уьш
цул т1аьхьа беза а беза. Цунна:
«Мухьаммад», ахь ала, шу баккъалла а Аллах1 везаш
делахь, суна т1аьхьадуьйла, Аллах1ана дезар душу».
Абу-Т1алиба к1ентан 1алийн дикалле хьажал,
цуьна коьртахь таж ю и: «Аллах1 а, Цуьнан элча а везаш стаг ву и, Аллах1ана а,
Цуьнан элчанна а везаш а ву и».
Асхьабех цхьана
стагана
/قل
هو الله أحد /
аьлла долалуш долу сурат дезаш хилла,
«Ахь ала, (Мухьаммад)
Аллах1 Ша
саннарг кхин воцуш верг ву». /
الله الصمد
/ «Аллах1 даим хьашташкахь лоьхуш, оьшуш, воцуш
йиш йоцург ву». /لم
يلد ولم يولد / «Цуьнан
доьзалхо вац, цуьнца цуьна цхьатайпаналла ца хиларна, Иза дех-ненах вина вац,
схьавалар цуьнгахь доцун дела». /ولم
يكن له كفوا احد / «Цуьнга
нийса цхьа а вац».
Цундела массо
ракь1атехь доьшуш хилла цо и. И дагадеъча я и дешча кхетам чуьра вала герга
воьдуш хилла и. И дешарха 1ебаш ца хилла и. Цуьнца, и дешарца шен дог дашош
хилла цо. Цуьнца шен дог меттах доккхуш хилла цо. Пайхамара аьлла цуьнга -
1алайх1иссалам! «Хьуна и дезаро йалсамана вахийтина хьо!» Лайла езарна хьер
ваьлларг, зуда езаро вийна. Къарун бахамо, даьхнийно вийна. Пир1ун дарж,
куьгалла дезаро вийна. Элчана-1алайх1иссалам, шича Джа1фар, цуьнан де ваша
Хьамзат, цуьнан сахьабий (накъост) Хьанзала, Аллах1 а, Элча а везарна белла. Ма
йоккха юкъ ю оцу шина тобанна юкъахь!
Шун бусулба
ваша Ибрах1им.
Т1ехье хир ю,
Дала мукълахь!